Кху деношкахь Аргунехь даздаран хьолехь схьайиллира «Ахмат-клуб» спорткомплекс. Цигахь хилира Нохчийн Республикин Куьйгалхо Кадыров Рамзан, Нохчийн Республикин Парламентан Председатель Даудов Мохьмад, Нохчийн Республикин Правительствон Председатель Эдельгериев Абубакар, Нохчийн Республикин Куьйгалхочун а, Правительствон а Администрацин куьйгалхо Кадыров Ислам, Нохчийн Республикин физически культурин а, спортан а министр Хизриев Хасмохьмад, дуккха а кхиберш.
Р. Кадыровс шен къамелехь билгалдаьккхира «Ахмат-клуб» спорткомплекс дика йина а, шена чохь спортсменашна мел оьшуш болу гIирсаш болуш а хилар.
– ХIокху заманан лехамашна жоп луш, спортсменашна тренировкаш еш мел оьшуш болу гIирсаш бу кхузахь. Аргунера кегийрхой хIинццалц а спортехь дика къахьоьгуш хилла, бIаьрла кхиамаш бохуш. ХIара гIала дукха хенахь дуьйна а шена чохь дика спортсменаш кхуьуш хилла ю. Цундела, тахана хIара спорткомплекс схьайоьллуш вай тешна ду кхузарчу кегийрхоша иштта дика кхиамаш кхидIа а бохург хиларх, – бохура цо.
Регионан Куьйгалхочо, иштта, билгалдаьккхира хIокху тайпана спорткомплексаш республикин кхечу районашкахь а еш хилар.
– Вайна дагайогIу спортсменийн сбораш дIаяхьа йиш йоцуш хилла хенаш. Ткъа хIинца хIора а районехь, юьртахь бохург санна, еш ю я йина спортан керла объекташ. Вайн «Ахмат» бойцовски клуб дуьненан массо а маьIIехь евзаш ю. ГIарабевллачу спортсменашна а лаьа вайчаьрца цхьаьна тренировкаш ян, цаьрца цхьаьна хила. Иза вайн белхан кхиам бу, – элира Нохчийчоьнан Куьйгалхочо. Малхбузено йинчу санкцешка а, махкарчу экономикин чолхечу хьоле а хьаьжна доцуш Р. Кадыровн тIедилларца республика денна а кхиош ю.
«Ахмат-клуб» спорткомплекс схьайоьллуш цIен аса хадон бакъо елира Аргун гIалин мэран кIантана Темирбаев ИсмаьIална.
Аргун гIалин мэра Темирбаев ИбраьхIима билгалдаьккхира оцу гIалахь хьалха спортзал ца хилар-м стенна дуьйцура, кегийрхошна тренировкаш ян штанга, груша я кхиболу гIирс а хилла ца хилар.
– Штангин меттана зIенаш йолчу тракторан чкъургаш лелайора спортсменаша, ткъа груша чу жир а, гIум а юхкий галех бора.
Ала деза «Ахмат-клуб» спорткомплекс 1 510 кв. м. дIалоцуш йина хилар. 681, 29 кв. м. йоккха спортзал а, 80, 36 кв. м. шена чохь тренировкаш ен зал а, хьешашна итт чоь а, кхачанан сурсатийн блок а, иштта, дуккха а аьттонаш бу цигахь.
Цигахь бокс, грепплинг, ММА,(корматаллин а, езархойн а) Iамош къахьоьгур ду кегийрхоша.
И. МАТАГОВ
Авторан сурт
№15, еара, чиллин (февраль) беттан 11-гIа де, 2016 шо