8-чу февралехь Соьлжа-ГIалахь схьайиллира Россин пачхьалкхан тайп-тайпанчу сеташна юкъахь яккхийчарех цхьаъ йолу «Лента» гипермаркет.
Гипермаркет схьайоьллучохь дакъалоцуш бара: Нохчийн Республикин Куьйгалхо Кадыров Рамзан, Нохчийн Республикин Куьйгалхочун а, Правительствон а Администрацин куьйгалхо Кадыров Ислам, Соьлжа-ГIалин мэр Хучиев Муслим, «Лента» компанин генеральни директор Ян Дюнинг, «Лента» гипермаркетан генеральни директор Филиппов Евгений, иштта кхиберш.
Кадыров Рамзана шен къамел дIадолош билгалдаьккхира экономика вайн республикин кхиаран некъашна юкъахь коьрта цхьа некъ хилар, иза Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин некъ хилар. Цо схьабеана и некъ бахьана долуш, тIамо йохийна хилла йолу Нохчийн Республика йоццачу хенахь социальни-экономически кхиийна, маьрша йина дIахIоттийна.
– Вайн регион бегIийла ю инвесторшна, «Лента» гипермаркет схьаелларо а гойту иза иштта хилар. Вай тешна ду махлелоран «Лента» гипермаркет вайн республикехь тоьллачарех цхьаъ хирг хиларх, – элира республикин Куьйгалхочо. Цо даггара баркалла элира гипермаркет еш цу тIехь кхахьегначарна массарна а.
Цул тIаьхьа, къамел дира «Лента» компанин генеральни директора Я.Дюнинга. Цо билгалдаьккхира, Соьлжа-ГIала шайн компаница зIенаш тесна 70-гIа гIала хилар, ткъа ша и гипермаркет Россехь 141-гIаниг хилар. Соьлжа-ГIалахь хIара гипермаркет схьаеллар бахьана долуш 300 сов белхан меттиг хилла. «Лента» еш 800 миллион соьмана харж йина, цо дIалоцу 7 081 кв/м меттиг.
– Нохчийн Республикехь хIара дуьххьарлера гипермаркет ю. Тхан компанина а, иштта республикерчу сурсатийн рынкашна а коьрта хилам бу хIара. Вай тешна ду, республикерчу бахархоша гипермаркетан дика мах хадорг хиларх. Иштта «Лента» компани кийча ю бахархошна оьшург латто а, республикехь экономика кхион а, – элира Я.Дюнинга.
Е.Филипповс дийцира шаьш «Лента» компаница къахьоьгу дуккха а хан хиларх, Россин дуккха а регионашкахь шаьш белхаш беш хиларх, хIара регион санна аьхна нисъелла цхьа а регион шайн хилла цахиларх лаьцна. Цо даггара баркалла элира республикин Куьйгалхочунна кху тайпа хаза, маьрша хIара республика дIахIотторна.
Дагадаийта лаьа, «Лента» гипермаркет дIадаханчу шеран август баттахь ян йолийна хилар. ХIетахь Соьлжа-ГIалин мэр хилла Кадыров Ислам а, «Новолекс» компанин холдинган генеральни директор Филиппов Евгений а цхьаьнакхетар а, вайн республикин пачхьенехь «Лента» гипермаркет ян барт хилар а бахьана долуш даьлла беркат ду иза.
М.КАНТАЕВ
№15, еара, чиллин (февраль) беттан 11-гIа де, 2016 шо