Олуш ду-кх, «похIме стаг массо а хIуманна тIехь хуьлу похIме». Ишттачарах ву ала мегар ду М.Ю.Лермонтовн цIарахчу оьрсийн пачхьалкхан драматически театран къона актер Исламгириев Апти. Иза дуьнен чу ваьлла 1986-чу шеран 31-чу майхь Аргунехь. Цигарчу №4 йолчу школехь доьшуш волуш дуьйна а сурт диллар хазахеташ волу Апти, Аргунерчу искусствон школе деша вохуьйту.
2005-чу шарахь Нохчийн пачхьалкхан университетан филологин факультетан «актеран искусство» говзалла караерзайо цо. Цул тIаьхьа вайн махкахь а, цул арахьа а дика вевзаш волчу режиссера Солцаева Мималта кхайкхарца, 2007-чу шарахь вай лакхахь хьахийначу оьрсийн драматически театре балха хIутту иза. Актеран говзалла караерзош цунна гIодинарг Нохчийн Республикин халкъан, артист Марисултанов Iела ву.
Тахана Апти шайн балхаца дика ларош схьабогIучу актерийн могIарехь ву.
Къоначу актера ролаш ловзийна «Ревизор» (Хлестаков), «Шейх поневоле» (Хушпарав), «Хьоме нус» (Мохьмад), «Али-Баба и золото разбойников» (Али-Баба), иштта кхечу а спектаклашкахь. Оцу ролех хIора а шатайпа гергара а ю цунна.
Шен корматалла дукхаезаш ву Апти. Делахь а, цунах тоам бина Iаш вац. Шена дукхаеза суртдилларан, шаржаш яхкаран говзаллина дIало цо шен мукъа хан. Шен цхьадолу суьрташ «Орга», «СтелаIад» журналашкахь гайтина Аптис. Ткъа шаржаш йовзийтира 2015-чу шарахь Россин Турпалхочун, Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарахчу галерейхь а, Айдамиров Абузаран цIарахчу къоман библиотекехь а хиллачу гайтамашкахь. Цуьнан шаржаш, дукха хьолахь, нохчийн гIиллакх, бахархойн социальни проблемаш юьйцуш ю. Царах цхьаерш шун кхиэле йохку оха.
З.САГАЕВА
№16, шот, чиллин (февраль) беттан 13-гIа де, 2016 шо