Нохчийн Республикин дешаран а, Iилманан а министерствехь 5–11-чуй классашна лерина нохчийн меттан дешаран-методикин авторски комплекташ вовшахтохаран хьокъехь кхеташо хилира.
Цигахь дакъалецира Нохчийн Республикин дешаран а, Iилманан а министерствон Дешар кхиоран институтан белхахоша а, карарчу хенахь республикин школашкахь нохчийн мотт а, литература а хьехарехь доккха зеделларг долчу хьехархоша а. Кхеташо 5–11-чуй классийн дешархойн нохчийн меттан учебникаш ФГОС-н лехамашца йогIуш вовшахтохарна лерина яра.
Дешаран а, Iилманан а министран гIоьнчас Серганова Зинас хаам барехь Россин Федерацин дешаран министерствон Iилманан-методикин Советан сацамца (2016-чу шеран 26-чу январан №38 йолу омра) Россин Федерацин дешаран а, Iилманан а министерствос шайх пайдаэца магийначарна юкъаяхана вайн республикин 1–4-чуй классийн цхьамогIа учебникаш. Учебникийн а, дешаран-методикин пособийн а авторш болх беш бу ФГОС-н лехамашца йогIуш, 1–11-чуй классийн дешархошна нохчийн меттан а, литературин а учебникаш кечъяран гIуллакха тIехь.
З.ЭЛЬДЕРХАНОВА
Авторан суьрта тIехь: Кхеташонан дакъалацархой
№16, шот, чиллин (февраль) беттан 13-гIа де, 2016 шо