2016-чу шеран 10-чу февралехь премьера хилира Соьлжа-ГIалахь. «Iаьржа кIант» ю керлачу спектаклан цIе. Спектаклан йохалла хьовсархойн белар соцуш дацара театрехь. Баккъал а самукъане комеди хIоттийна М.Ю. Лермонтовн цIарах йолчу Нохчийн Республикин оьрсийн драмин театро. Комедин автор искусствоведин Iилманийн кандидат, Нохчийн Республикин искусствон хьакъволу гIуллакххо Аюбов Муса ву.
Комеди хIоттийна режиссера Хамзатов Ахьмада. Спектаклан художникаш бу Мишаев Рудольф, Закаев ИсмаьIал. Комедин коьрта турпалхо Африкера дуьйна Нохчийчу шен да лаха веана Iаьржа Iаьрби Чунга ву. Хала а, гена а некъ бина цо дена тIекхача гIерташ.Цкъа мацах командировке Африке ваханчохь нускал далийна хилла Чунгин дас-Лукъмана. Африкехь кIай меда зударий наггахь нислуш бац, цундела цигахь ерг схьаялийна-кх цо, тIаьхьалонан ойла ца еш. Вайнехан халкъалахь цхьа кицаду:«Кепах террах уьлу кибарчик», олуш. Иштта шен ненах терра, Iаьржачу аматехь дуьненчу ваьлла Лукъманан кIант а. Бакъду командировкин хан дIаяьлча нана а, кIант а дитина Лукъман Нохчийчу цIавирзина. Делахь а шен сина пхенашкахь кхехкаш дерг нохчийн цIий хиларе терра, кхиъна ваьлча кIант шен да лаха араваьлла. Нанас дIайийцина цунна денл ар. Делан къинхетам хьалха а болий, цхьана ломарчу юьртахь вехачу дена тIекхочу Чунга, амма кхин нускал далийна, керла доьзал болийна ваха хиъначу Лукъманна кIант тIелаца ца лаьа… Церан сина кIезгалла, ойланийн беркъалла Iорайоккху говза хIоттийначу комедехь.«Вада-а-дай! Хьома да адаме!» –аьлла дуьнене орца доккхуш мохь тоххал осала гойту ша юьхьанца спектаклехь Лукъмана. ТIаьхьо-м, лулахой орцахбовлий, цхьана машаречу хорша доьрзу и беламе сурт. Пьесин автора Аюбов Мусас забарийн басаршца кхоош цIеначу нохчийн маттахь язйина шен говзар. Соьлжа-ГIаларчу оьрсийн драмин театран тоьлла актераш бу керлачу спектаклехь дакъалоцурш.
А.ДАЧАЕВА
№16, шот, чиллин (февраль) беттан 13-гIа де, 2016 шо