«Спорт – зенечу марзваларх ларваларан некъ»

     ХIокху деношкахь Соьлжа-Г1аларчу С.В.Михалковн цIарахчу Берийн республикин библиотекин белхахоша Могашаллин абат программин гурашкахь рогIера цхьаьнакхетар дIадаьхьира. Библиотекин белхахой цхьаьнакхийтира Соьлжа-ГIалин №20 йолчу школин 4-чу классан дешархошца. «Спорт – зенечу марзваларх ларваларан некъ» аьллачу темина лерина хаарийн дарс делира дешархошна ловзаран кепехь.img_0717

    Библиотекехь йолчу ешархойн хьашташ кхочушдаран отделан коьртачу библиотекара З.Мусаитовас дешархошна дийцира могаш Iер-дахарх лаьцна. ХIораммо а шен могашалла ларъян езарх а, зенечу марздаларх Iехавала цавезарх а дийцира цо.

Цул тIаьхьа бераша вовшашца йийцаре йира билгалъяьккхина тема.

Дешархошна дийцинарг тIечIагIдеш, З.Мусаитова Зулейхана цаьрца конкурс йира. «Спортах лаьцна шуна хIун хаьа?», «Чекхдаккха хIара кица…», «Могашалла чIагIъяран викторина» ишттачу тIедахкарех лаьтташ яра и конкурс. Дешархой «Витаминка» а, «Спортсменаш» а тобанашка дIасабекънера.

Конкурсехь дакъалацарца дешархоша гайтира шаьш тидам а, фантази а йолуш хилар. Шина а тобано жигара дакъа а лецира. Делахь а, муьлххачу а конкурсехь а  санна, толамхо цхьаъ бен хуьлийла дацара. Иштта, цу конкурсехь толам баьккхира «Спортсменаш» тобано.

Толамхошна книгашца совгIаташ дира, «Витаминка» тобанан декъашхошна конкурсехь жигара дакъалацарна совгIатна берийн «Истоки»  журналаш делира.

 

З.ЛОРСАНОВА

Суьрта тIехь: дарсан дакъалацархой

 

№16, шот, чиллин (февраль) беттан 13-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: