Соьлжа-ГIаларчу «Тереко» шайн шолгIачу сборийн тIаьххьара матч дIаяьхьира Мальтерчу Та-Кали гIалахь «Моста» командица. Хьалхарчу матчехь «Тереко» толам баьккхира «Виктория Пльзень» командина тIехь, 0:3 жамI а долуш.
Ткъа хIокху цхьаьнакхетарехь «Терекехь» ловзуш вара Годзюр (Городов, 60), Уиликшир (Кузяев, 60), Семенов, Шахтиев, Плиев, Кацаев, Педро Кен, Кану, (Иванов, 68, Митришев, 75), Айссати (Грозав, 46), Лебеденко, Мбенг.
Ала деза, хьалхарчу сборийн матчашкахь ловзуш ца хилла 7 футболист вара хIокху цхьаьнакхетарехь ловзуш. Делахь а, шайн толаман зIе ца хадош толам баккха аьтто белира «Терекан». Иштта, Мальтехь хиллачу сборийн доттагIаллин матчашкахь 6 толам баьккхира вайн командо. Ялхе а матчехь «Тереко» шаьш дикачу агIор гайтира. ХIокху цхьаьнакхетарехь а вайн команда гIолий ловзура, гол тоха аьтто а бара, делахь а ницкъ ца тоьара гол тоха. Цхьана а командо кевнаш чу буьрка ца тухуш садаIа бахара футболисташ.
Иванов Олег дIаваккхар бахьана долуш вайнаш кIезиг бара. Матч дIаяла дукха хан йисале хийцамаш хилира футболисташна юкъахь. Хьалхарчу цхьаьнакхетаршкахь буьрка кевнаш чу тохарца а, кхечаьрга гол тохуьйтуш а, ша дикачу агIор гайтина а волу Митришев Мохьмад юкъавелира матч дIаяла герга яхча.
Иштта, и бахьана долуш Г.Грозаван аьтто белира матч дIаяла масех минот йисинчу хенахь гол тоха. Мальтехь хиллачу доттагIаллин цхьаьнакхетаршкахь 4 гол тоьхна Г.Грозавас.
Дагадаийта лаьа, 4 дийнахь са а даьIана, Соьлжа-ГIалара «Терек» Итали гIур ю, шайн тIаьххьарчу сборийн цхьаьнакхетарш дIадахьа.
М.КАНТАЕВ
№16, шот, чиллин (февраль) беттан 13-гIа де, 2016 шо