Синтеме дац тахана Шемахь. 1едалан а, оппозицин а векалшна юкъахь Женевехь дийцарш дар д1адолийнехь а, х1окху деношкахь цигара кхочуш болу хаамаш т1еман аренашкарчу сводкех тера хета.
Амма машаре боьдучу новкъахь йохуш йолу хьалхара г1улчаш 1аламат хала елахь а, цара гойту лаам хилча, т1ом сацо а, вовшашна юкъахь барт бан а ницкъ кхочург хилар. Цунна къеггина тоьшалла хилира дукха хан йоццуш Дамаскана уллерчу Бабилла олучу меттехь т1емалошний, оппозицехь хиллачарний юккъехь хилла барт.
Шеман шуьйрачу хаамийн г1ирсашкахь зорбатоьхначу суьрташна т1ехь шина аг1онан командираша вовшашка кхийдош долчу куьйгаша кхин цкъа а гайтира барт хиларан юьхь д1айолаелла хилар. Оппозицин кхо б1е сов т1емалочо сацам бинера машаран новкъа х1итта. Х1инца, коьртачу шахьаран йистошкахь йолчу Кудсае, Барзе, Муадами районашкахь а санна, цара эскаран дакъошца цхьаьний кхачойийр ю шайн цигарчу кхерамзаллина – цхьаьний дуьхьало йийр ю экстремисташна. Х1инцца, дукха хан йоццуш, дуьхь-дуьхьал лаьттинчу шина аг1онна юккъехь иштта барташ хилар бахьанехь шайн х1усамашка юхадерза дуьйладелла т1амах девдда дахана хилла адамаш.
Амма берриге а махкахь машаре кхача х1инца а яккхий дуьхьалонаш лаьтта. Цунна коьртачу декъана бехке ю экстремистски амал йолу оппозицин тобанаш а, и машар ца хилийта г1ерташ берш а. Иза кхин цкъа т1еч1аг1дира, цигахь дакъалоцуш Са1удан Аравин чоьхьарчу г1уллакхийн министр Мухаммад Бен Наиф а волуш, малбузен а, 1аьрбийн мехкийн а леррина йолчу службаша дукха хан йоццуш Вашингтонехь (США) д1аяьхьначу шина дийнан кхеташоно. США-н президентан къоман кхерамзаллин г1уллакхашкахула йолчу советника Райс Сьюзана министраца йийцаре йира Шемахь долчу хьолан керла стратеги. Хонкаран, Катаран, Иорданин, террористашна г1о дар шайна т1елаьцначу кхечу мехкийн леррина йолчу службийн векалийн барт хилира шаьш деш долу г1о «ойла керчаш йолчу т1емалойн» кара кхачийтарна т1ехьажийна цхьаьний г1уллакхаш дан.
Цхьаьнакхетарехь шуьйра дийцаре дира Са1удан арсеналашкара кхузаманан ракеташ цига кхачоран г1уллакх. Цу т1ехь а чекх ца долу оцу мехкаша оппозицина деш долу г1о. Иштта, дика хууш ду Иорданехь ЦРУ-с т1емалой кечбаран леррина йолу база кхоьллина хилар. Аьлча а, мостаг1аша шайга далуш дерг дерриге а до халкъана юкъахь машар цахилийтарна т1ехьажийна, шаьш деш долу зуламаш коча туьйсу правительствон эскаршна.
Иза ч1аг1деш долу бакъдерш дукха ду тахана махкахь. Дамаскана уллехь террориста-снайпера вийна стаг, цхьанна чевнаш а йина. Идлеб г1алахь минометан кхоъ х1оъ иккхина. Йийна цхьа зуда. Даккхий зенаш дина. Идлеб провинцин Аль-Фуа поселкехь ворх1 х1оъ эккхар бахьанехь стаг а. зуда а дийна. Аль-Мастума юьртахь кхаа стагана чевнаш йина. Хама провинцехь террористийн ракето ши стаг вийна, ялханна чевнаш йина.
Мехкан къилбехь зуламаш деш болчу оппозицин декъашхоша билгалдо б1аьстенан юьххьехь правительствон эскаршна дуьхьал долу т1еман г1уллакхаш жигарадаха. Деръа провинцехь йолчу дуьхьало яран тобанан цхьана командира Абдалла аль-Каразис ч1аг1дарехь, церан г1о лоцуш долчу мехкаша герзаца кхачоян сацам бина. Цо дийцарехь, операцехь дакъалоцуш хир ву цхьана шарахь Иорданехь США-н а, малхбузерчу кхечу мехкийн а инструкторша кечвина волу цхьа эзар б1аьхо.
Делахь а, махкахь т1етт1а алсам гучуюьйлуш ю машаре кхийдаш йолу з1ийдигаш. Россин куьйгалло т1аьхьало йоллуш йолу политика д1акхехьаран т1аьхье а ю иза коьртачу декъана. Цунна кхин цхьа тоьшалла хилира дукха йоццуш Россин арахьарчу г1уллакхийн министран Лавров Сергейн США-н пачхьалкхан секретараца Керри Джонца телефонехула хилла къамел. Женевехь оцу г1уллакхехула д1ахьош долу дийцарш жигарадахаран некъаш лехира цушиммо. Цул совнаха, Шемахь долчу гуманитарни хьолах лаьцна йолу ООН-н Кхерамзаллин Кхеташонан Советан резолюци кечъяран хьокъехь долу г1уллакх а хьахийра.
Цо гойту Шемахь тахана долуш долу хьал т1еман г1ирсашца къастийна цхьалхадаккхалург цахиларх малхбузерчу мехкийн политикаш кхетта бог1уш хилар. Политикин некъаца бен иза къасталург цахилар д1ахаийтира Дж.Керрис дукха хан йоццуш ша д1аяьхьначу пресс-конференцехь. Женевехь д1ахьош долчу дийцарех лаьцна цо билгалдаьккхира: шина-кхаа к1ирнах къасталур дац уьш, цунна хеташ долчунна массо а реза а ву, машаре боьду некъ политикин буха т1ехь бен хуьлийла дац.
Герз охьа а дуьллуш, тахана оппозицин декъашхой машаран новкъа х1итта буьйлабаларо а, Россин куьйгалло оцу г1уллакха т1ехь сацам боллуш халкъан г1о лоцуш хиларо а тешам ло герггарчу хенахь Шеман лаьтта т1е маьрша дахар кхочург хиларна. Вай даггара сатуьйсу цуьнга.
А.АБУБАКАРОВ