Маса неIармача ер яра?

БаIисан доттагI хилла базара етт бохка веана. Цхьамма а «почем» ца олуш, де делкъене даьлла, базар а дIайоха герга яхана. Оццу хенахь цунна тIевеана БаIис

– Къуддуз, етт бухкуш буй хьан?

– Дера бу

– ХIун аьлла ахь?

– Ткъа бIе…

– Дика ду. Дика ду, – бохуш аттана гонаха хьаьвзина, – цхьаъ, шиъ, кхоъ… шенашца коьрта тIера дуьйна етт буста волавелла БаIис.

Цо лелочух цецваьллачу Къуддуза хаьттина:

– Ахь хIун леладо? ХIара стенна бустуш бу ахь?

– Деллахьа, сан хьаша, хьуна ма-гарра, дилханах цхьа а хьаса бац кху хьан аьтта тIехь. Кхуьнан неIарх маса неIармача ер ю хьожуш вара со-м, – кхетийна БаIиса.

 

ДIаяздинарг – С.ХАСАНОВ

 

№16, шот, чиллин (февраль) беттан 13-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: