(Борхаджиев Хожбаудин – 60 шо)
Хазачу гIиллакхийн хьоста
Кху шеран февраль беттан 15-чу дийнахь поэтан, публицистан, прозаикан, гочдархочун Борхаджиев Хожбаудин 60 шо кхочу. Караганда гIалахь дуьнен чу ваьлла иза. 1963– 1973-чуй шерашкахь Гуьмсера №2 йолчу школехь дешна, 1974–76-чуй шерашкахь эскарехь гIуллакх дина. 1990-гIa шо тIедаллалц «Гумс» газетан штатехь воцу корреспондент а хуьлий, ткъа рицкъа авто-слесарь, «Грознефтехь» бурильщикан гIоьнча, «Октябрьнефть» НГДУ-хь мехкадаьтта а, газ а йоккхучохь оператор волуш, доккхуш схьавеана иза.
Поэзехь, публицистикехь, прозехь Борхаджиев эвсараллица къахьоьгуш схьавог Iу дуккха а шераш ду. Масех гуларан автор ву иза.
Говза гочдархо ву ала а мегар ду иза. Цо нохчийн матте гочйина М.Лермонтовн, К.Симоновн, К.Хетагуровн, К.Кулиевн, Р.Гамзатовн, Б.Окуджаван стихаш. Оьрсийн матте гочйина М-С.Гадаевн, М.Сулаевн, А.Айдамировн, М.Дикаевн, Ш.Арсанукаевн, Ш.Рашидовн, М.Кибиевн, Л.Абдулаевн, М.Ахмадовн, Хь.Сайдуллаевн, А.Эдельхановн, I.Саиевн, А.Ахматукаевн,I- I.Асхабовн, и.дI.кх. стихаш. Кхоллараллин конкурсашкахь маситтазза толамхо а, совгIатхо а хилла Хожбауди.
Хожбаудин-журналистан дош дара, тахана а ду шена гуонах дехачу адамийн – къанойн, белхахойн, кхоллараллин нехан, спортсменийн – дахар говза довзуьйтуш, кхетош-кхиош, хьакъволчун мах дика хадош, вайга ойла йойтуш, дикачу гIуллакхашка кхойкхуш. Журналиста мел яздечунна ешархо резахуьлуш а хир вац, амма цуьнан статьяша Iамаво ойла ян, массо хIума а ойла ярца тIелаца.
Борхаджиев Хожбаудин Iамаркерчу Гугаев Салавдих, Мелчухерчу Вайсерт Мохьмад-Хьаьжех, Советин Союзан Турпалхочух Дачиев Хансолтех, поэтах Эдельханов Абух, ишшта кхечарех йолу статьяш дика тIеIаткъам беш, еххачу ханна дагахьлаьтташ ю. Уьш юкъаяхана авторан «Заманан ноьгнаш тIехь» («На виражах времени») цIе йолчу, кхо шо хьалха Махачкалахь араяьллачу стихийн, забарийн, дийцаран, газетийн публикацийн гуларна.
Борхаджиевн байташ ю Даймахках, машарх, ненах, безамах, дахаран хазаллех, жималлех… Иза лирик ву.
Еша атта а, исбаьхьаллин цхьаалла йолуш а, хилла евлла а хаало цуьнан байташ. Уьш мукъаме, вайн заманан xIo, Iаь хаалуш, вайн лазамех юьзна ю. Байташ ю оьздангаллица а, догц Iеначу кураллица а язйина.
Шен «Толаман байташкахь» поэта сийлахь хилар гойту Даймахкахь машар, гIийлачух вашар, мотт бийцар мерза, «диццадар аганан илли», «латтанаш ялташна ахар, вайн Деле беркат а дехар…, ткъа байтийн чаккхенехь:
«Сан толам – кешнаш а, чарташ диццадар, т Iевоьдуш хийла.
Сан толам – толаман байташ Дахаран Iалашо хилар».
«Нене» цIе йолчу байтехь (хьалха оьрсийн маттахь, ненан сурт говза х Iоттош «Портрет матери» цо язйинехь) поэт шен уггаре а гергарчу адамна хьалха долу жоьпалла, декхар бахьанехь гIайгIане ву. Цо ойла йо: девллий-те гIалаташ, йиний-те к Iеззиг терго, кех ваьллий-те цкъа а пурба ца доккхуш… бохучу хаттарийн хьокъехь:
«Ахь тоьхна доза ас доггаха лардина,
Ца хууш цу зилал со ваьллехь тIех,
Со вала кийча ву ненан дош айдина…
Ма билла, ма билла, ма билла бехк».
Шен ирсе хиллачу жималлех дош алаза поэт велахь а, кIеззиг хир ву. Борхаджиевна а дагаоьху, гIан санна йолу, «исбаьхьа бос болу», «геналлехь, туьйранехь йисина» жималла. Усманов Iимрана, «ас санна сий ца деш… кхечо-м хьо йойур ю, кхоам бу хьан», – аьллехь, Хожбауди ойла еш ву кхин а жоьпаллечун – вайх хIораммо дала дезачу жоьпан.
Борхаджиев Хожбаудин поэзин xIopa могIа даггара язбина хилар гуш ду. Цо ойла-гIайгIайо техникин заманахь совдаьллачу оьздачу хьайбанан-говран, xIopa стеган хила езачу дахаран Iалашонан, Дала адаман дуьхьа кхоьллинчу, амма тIаьхьарчо къиза, т IейогIучу тIаьхьенийн ойла а ца еш, хIаллакдечу Iаламан, Сибbрехь вайнаха, цхьа а бехк боцуш, лайначун, нохчийн зударшна кху т Iаьхьарчу шерашкахь дазделлачу дукъан.
Кху тайпанчу ойланашка воху поэт кешнийн керто:
Ойлано селхане дIавуьгу гена,
Иэсанна гIоли еш дог Iанаш Iена.
Со гуоравахана тахана дена:
Дагахь ду и кхалхар, елхар а ненан…
Хала ду карадан дог тедо дешнаш –
Гуьйренан гIайгIано т Iадош ду кешнаш…
Лаамийн, хиламийн совъевлча ченаш,
ДогIанийн делхаро Iийжайо чевнаш.
Стигалахь беллачийн гулделла синош…
Лаамза ду цаьрца дахаран къинош.
Стигал а Iаржйина, яьржина мархаш,
ДогIанца хетало цу синойн бIаьрхиш…
Шен «синан г Iовла» йолчу ненан маттах лаьцна поэта яздина могIанаш мехала ду, меттан хьашташна вай орцахдовларе кхойкхуш а ду:
Сан ненан маттахь ду аз а,
Ненан мотт бу даим сица…
Ас ненан маттахь йо ойла,
Цуьнца сан доьзна ду лелар.
Ю иза сан синан гIовла,
Сан ненан маттахь ду велар.
Ша безча, цо воккху т Iома,
Халонехь хуьлу накъост а,
Ю иза башхалла къоман,
Хазачу гIиллакхийн хьоста.
Поэта хаддаза ойла йо жималлин, шерийн йозаллин, диканиг совдаккхаран.
Геналлехь йисинчу хенан
Хетало исбаьхьа бос.
Ткъа дахар Iехалац
гIенех –
Сихделла, шех хилла хIоз.
Мел чIогIа со леларх ведда,
ЙогIур яц дIаяхна хан…
Iожална кийча ду верта,
Iуьллуш ду, тIеюьллуш чан.
Шелоне йоьрзур ю йовхо,
ДIаяйча сан деган пеш.
Со кхоьру, таIор — те охьа
Къиноша сан аьрру белш?..
Борхаджиев Хожбаудин коллараллех лаьцна яздинарш дукха бу. Цуьнан хьокъехь шен дош аьллачу журналиста Барзанукаева Айзас билгалдоккху:
«Оригиналан ритмика ларъеш гочйина цо бевзаш болчу оьрсийн поэтийн стихаш. Ткъа цуьнан шен стихаша ешархо бендоцуш ца вуьту. Дахаран философи хаало цуьнан дешнашкахь. Халкъан лазам шен лазам лору цо…» Яздархочун Iаламат лакхара мах хадор ду иза.
Тидам бер вай гочдархочун цхьаболчу белхийн:
Саади
ТIулгех, гIамарх, Iаьмнех лаций хатта
Ваьлла лелачуьнга, хьоьшуш латта.
* * *
Къизачу паччахьан зама яц еха,
Халкъалахь дисна иэс мелла а деха.
* * *
Низами
Дехко мел тийсарх жижигна гуо,
Я гуро лоцу и, я цициго.
* * *
Iилманаш Iамийра, ас жайнаш дийшира,
Iожална хьалха уьш эша-м ца ийшира.
Фирдоуси
Пачхьалкхехь ша паччахь
КIоршаме велахь,
Нах хуьлу я говрахь,
Я нуьйран кIелахь.
Со къайле д Iайоьллуш вац: Борхаджиев Хожбаудина къаьсттина муьтIахь ду оьрсийн маттахь долу йозанан дош. Цундела мехала ду тахана цо вайн бевзаш болчу поэтийн байташ оьрсийн матте йохуш хилар, историн-краеведенин аг Iор цо дуккха а къахьоьгуш хилар. Масех де хьалха соьца хиллачу къамелехь цо билгал а даьккхира, ша архивашца болх беш хилар. Суна иза тайра, дуьсу долчех, тIаьхьало йолчех иза хиларна а, оцу декъехь вай дан дезарг сов дукха хиларна а.
ГIеметтахIоьттина волу кхоллараллин белхахо дикачу гIуллакхийн чотъетташ хилар, ша динарг кIезиг хеташ хилар дика масал ду тIекхуьучу чкъурана а, вайна массарна а.
Дикачу гIуллаккхийн ас гIийла чотъетта.
Урх йоцуш, сихделла, дог кийрахь деттало.
Лаамийн лораца ас дийнахь йортъетта,
Ас лехнарг буьйсанна ма к Iеззиг хетало…
А. ГАЙТУКАЕВ
Уггаре а хьалха суна билгалдаккха лаьа, Борхаджиев Хожбауди бусалба дин даггара лелочу доьзалехь кхиъна хилар. Цуьнан да вевзаш волу Iеламстаг вара, районехь а, цул арахьа а нахана везаш, цара лоруш а волуш. ЦIена нохчийн доьзалан масал ду ала мегар дара церан доьзал. Бусалба дин, нохчийн гIиллакх, оьздангалла – и дерриге а церан хIусамехь дара. Ткъа ишттачу доьзалехь хьалакхиъна волу Хожбауди гIиллакхе, оьзда ца хуьлийла а дацара.
Хожбауди къона волуш «Гумс» газетан редакцехь вевзина суна. ХIетахь къоначу яздархойн «Шовда» цхьаьнакхетаралла яра редакцехь вовшахкхета. Сих-сиха цигахь гуш волчу тхойшиннан дика доттагIалла тасаделира. Поэзига безам хиларал сов, вайн республикина чолхе даьхкинчу 90-чу шераша а, хIетахь дуьйна дуьнене болу хьежамаш гергара а, ойла цхьаьна йогIуш хиларо а тхойшиннан доттагIалла чIагIдира.
Билгалдаккха деза, Хожбауди похIме, майра журналист хилар. Даймахкана луьра даьхкинчу шерашкахь, халонех ца къехкаш, белхаш бина цо. Иза иштта хилар бахьана долуш, тIеман уггаре а халачу хенахь «Гумс» газето дешархошна бакъдерг довзуьйтура. И газет дика девзара республикин бахархошна.
Дуккха а шерашкахь шен журналистикин хатI лардеш схьавогIуш ву Хожбауди. Цул сов, иза похIме поэт ву. Наггахь а хир вац нохчийн маттахь а, оьрсийн маттахь а цхьатерра дика байташ язъеш, иштта оьрсийн маттера нохчийн матте уьш гочъян хууш волу поэт. Шен байташкахь сих-сиха поэта нене, Даймахке болу безам буьйцу. Иштта безаман тематика а юьстах ца юьту цо. Безамна лерина а дуккха а байташ ю цуьнан, поэзин масех гулар а араяьлла. Цуьнан дешнаш тIехь даьхна иллеш а ду. Борхаджиев Хожбауди даима а къахьоьгуш хиларан билгало ю иза.
Вай тешна ду, поэтан керлачу говзарийн теш хIуьттург хиларх. Дала аьтто бойла цуьнан!
ЮСУПОВ Руслан,
Россин яздархойн союзан декъашхо,
Нохчийн Республикин журналистийн союзан сий-лараме председатель
Нохчийн поэташ хьахочохь шен цIе йоккхуш ву Борхаджиев Хожбауди. Цуьнан поэзис дахаре болу безам чIагIбо, керлачу анайистошка кховда дог-ойла гIаттайо, цкъа а, цхьана а хIуманах хийца аьтто боцу мехаллаш дуьнен чохь хилар карладоккху. Уьш «Нана», «Даймохк», «Нохчалла» ю. Цуьнан лирически турпалхо дика кхета инзаре халачу зерех нохчийн къам яхь дIа ца луш, доьналлица чекхдаьлла хиларх. ХIинца вай еш йолу гIишлош, дохкуш долу некъаш, еш йолу школаш, больницаш, берийн бошмаш, къоман кханенан ойла еш деш хиларх а дика кхета иза. Вайн заманхо ву дукха хьолахь Борхаджиев Хожбаудин лирически турпалхо. Цундела вайна хьоме а, уллера а ву иза. Гуш ду поэтан кхолларалла иза цIархазмана хьоькхуш къоламаш цахилар. Иза цуьнан экамечу деган зевне аз ду поэтически могIанашка дирзина вайга массаьрга дикане, адамалле, къинхетаме, иймане кхойкхуш. Цхьана а кепара шеко хуьлийла доцуш, цу беркатечу кхетамех юьйцина ю поэтан шен амал а. ПохIме поэт хиларал совнаха, Къилбаседа Кавказехь а, ерриге Россехь а вевзаш журналист ву Борхаджиев Хожбауди. Иза «Гумс» газетан коьрта редактор ву. Уггаре а халачу хенахь Нохчийн Республикин журналистийн союзана коьртехь лаьттина. Цул сов, журналистийн гимнан автор ву. Нохчийн маттахь а, оьрсийн маттахь а цхьабосса кхиамца яздо цо. Авторна ира хьекъал, кIорггера хаарш хастам хиларо АллахI-Дала ца кхоош делла. Къегина похIма хаало Борхаджиев Хожбаудис язбинчу хIора а могIанехь. Дукха иллеш ду цуьнан дешнаш тIехь даьхна, вайн махкарчу гIарабевллачу иллиалархоша дIаолуш. Уьш маьIне а, хьеннан а самалхадаккха ницкъ кхочуш ду. Царах дукхахдерш вайнехан эстрадин классика хилла дIахIиттина. Кхоллараллехь гIеметтахIоттарца шен 60 шарна тIекхаьчна Борхаджиев Хожбауди. Цуьнгахь син ондалла ю керла ирхенаш яха. Теша лаьа, халкъана, махкана уьш беркате хирг хиларх, даима санна, дахаран зевнечу аьзнех юьзна цуьнан исбаьхьа поэзи хирг хиларх. Цунна мел оьшург поэтехь долуш ду: похIма, хьуьнар, дешан говзалла. Ткъа къахьоьгучуьра иза цкъа а сецна вац. ХХ–ХХI-гIий бIешераш хотталучу муьрехь а Борхаджиев Хожбауди, цуьнан тешаме накъостий бахьанехь зорбане дуьйлуш дара «Гумс» газета, бакъоне, нийсоне, машаре кхайкхаран сирла аз хилла. Поэтан нуьцкъала аз даима декар ду нохчийн къоман кхиамаш, цуьнан хьуьнаре адамаш хестош.
ГАЗИЕВА Аза,
Нохчийн Республикин хьакъйолу журналист
Борхаджиев хожбауди
Шайхаша ма-баххара…
Январан шийла мох урамехь цIийза,
Боданехь летта го цхьа гIийла чиркх.
Лулахо гIаддайна баланехь хьийза,
Делахь а ца хеза цо боккхуш «чIикъ».
Европе дIабахна, кIентий бу лелаш,
Схьагарехь, цIахь боцу иттех шо ду.
Даймахке болу некъ царна бицбелла,
Таронца шаьш леларх дуьне ма-дду.
Ткъа хIинца кхелхинарг ю церан нана…
ДIахеди цамгарца цо лайна мур…
Сагатдар сов дара даим Германе,
Ша шега хоттура, буй теша гур?
ГIелонаш цо лайнехь, кIентий бу пекъарш,
Да-нана дицдинарш, уьш белча къан.
Шайхаша аьлла ду: хедар ду некъаш…
Шай ненан тезетахь хир вац ши кIант…
Лулахой бевлира бохамна орцах
Деэшначу стагна дайдира Iа.
Йиллинчохь неI юьтуш, буьрсачу дорцах
Кхелхинарг кешнашка йигира дIа.
Сан парзаш
Со веха, диканна гIаьттина,
Ас нехан питанах мутт дина,
МоттаргIа ас хьешна, гIант дина,
ДоттагIех со хьегна, сурт дина.
ГIуллакхехь — лакхенга кхийдина,
ГIиллакхехь – гIийлачун гIо дина,
ГIелонехь – ас синтарш кхиийна,
Шелонехь – ас дитташ лардина.
Де-ненан сий лардеш со лелла,
Дедайн ас дийцарех барз бина,
Хьарамчу лехамех ларвелла,
Хьаналчу бахамех парз дина.
Боьху ас Делера къинхетам,
Лору ас устазийн зераташ…
Дан дезарг – мисканиг со хета,
Ткъа динарг – мискъала зарратал.
Оьший-те…
ЦIеначу безамна оьший-те дуй?
Догучу дегнашна оьший-те суй?
Безамо вохвинехь, оьший-те малх?
Хьо соьца лаьттачохь оьший-те нах?
Буьйсана хьо гича, оьший-те де?
Iаьрчашкахь седарчий я оьший-те?
Довха дош аларца хьан хезча аз,
– Оьший-те зарзарш а? – хаттар до ас.
БIаьргашна чухьаьжча, хета ши хIорд,
Байт язъян хIоьттича, къен хуьлу мотт.
Ойлаярх бусталац хьан болу мах,
Бу иза, хетарехь, дуьненан ах.
Ахь, нагахь, дIатасахь безаман мохк,
Дисначу дуьненах тарлур ю дохк…
Кхин ца гуш дIабузахь шолгIаниг малх,
Оьший-те дахаран ас текхо чалх? ***
Вайшиннан кхолламан
декъазчу орамо
БIаьстенца ца дити
сендала дитт.
Тахана серло лац
безаман чIурамо,
Ойланаш гIел а еш,
дIаяйна милт.
Iаьржачу стигалахь
ас серло лехира,
Цхьа седа шатайпа
хьоьжура схьа…
Бос-цIена лепарца
жима дог Iехийра,
Соьга бIаьрг таIийна,
и байра дIа.
Доккхачу дуьненахь
суо сайца висира,
Ца тоьуш беттан са,
ца къегаш малх.
Дахкарлахь гIийла ас
хьоьга сатийсира,
Белшашна тIейоьжна
дахаран чалх.
Хьо цхьаъ ю ницкъ болуш
сан дахар къагадан,
Буьйсанах де а деш,
дIайоккхуш къахь,
ПIераскан суьйренца
мукъане, сагIа дай,
Довха дош алахьа,
хьомениг, ахь.
ГОЧДАРШ
Омар Хаям
***
Бакъдолчу дуьнене вигале хьо Дала,
Ойла е хьайн синан, хила цуьнан бала.
Эхарта хьо кхачахь, дийца дика доцуш,
Цигахь хьо кхуьур вац диснарг меттадало.
***
Вай довр ду, лар йоцуш, дIабер бу тешам,
Дуьнено хуьйцур яц бIешерийн йиш:
Хьалха вай дацара, хир ма дац кхана –
ДIагIур ду, ца буьтуш пайда я эшам.
***
Бевза суна цхьа нах, аьлча а сонта варраш,
Вота санна, баьсса, вуно даккхий хабарш.
Лайн амал ю церан. Хьан цIе елахь йоккха,
Кийча бу уьш кего хьуна хьалха гIамарш.
***
Рим, Китай, Египет когаш кIелахь латтош,
Хилча кху дуьненан хьо цхьа воккха баьчча,
Вайшинна цхьатерра бахам хир бу кхана:
Кхузза хьарчо марчо, цхьа-ши метар латта.
***
Дахаран цу новкъахь лела вай тилделла:
Кара оьцу Къуръан, волуш къаьркъа мелла.
Иштта хене довлу, стигал кIелахь деха,
Ах – бусалба, я ах – тилларш Везчу Делах.
Константин СИМОНОВ
Хьежа соьга
Хьежа соьга варе цIа,
Амма хьежа чIогIа,
Хьежа, гIийла гатдеш са,
Делхарх можа догIа.
Хьежа дорцах, дилларх ло,
Йовхонехь а хьежа.
Хьежа, кхиберш, биц а лой,
Селхханехь цатешарх.
Хьежа, нагахь генара
Кехаташ ца дарах.
Хьежа, йоьхча собарах,
Таръелла массарах.
Хьежа соьга варе цIа,
Диканиг ма хьеха
Цхьаболчарна: со вицван
Кийча уьш хиллера.
Тешарх нана я сан кIант
Со цахиларх дийна.
ДоттагIий сан баларх кIад,
ЦIарна уллохь тийна,
ЧагIар молуш, айарх кад
Сан цIе дагалоцуш,
Хьежа соьга. Iелахь Iад,
Малар а дIатоттуш.
Хьежа, юхавогIур ву,
Къуьйсуш Iожаллица.
Цахьежначар эра ду:
«Доьзна ду и ирсца…»
Царна кхета хала ду
ЦIергахь со цавагар,
Хьан хьежарца доьзна дуй
КIелхьара со валар.
Вовшех хьоьгуш лехна зовкх
Ду со дийна висар.
Вуьшта, массарал а сов
Хилла хьан сатийсар.
АгIо кечйинарг – З.САГАЕВА
№16, шот, чиллин (февраль) беттан 13-гIа де, 2016 шо

