Капитальни ремонт ярехь нислучу халонех…

   Дукха хан йоццуш, Соьлжа-ГIаларчу «ИПК» Грозненский рабочий» АО-н издательствон актови залехь коммерцин йоцчу «Нохчийн Республикин тIекалдинчу цIенойн капитальни ремонт яран региональни фонд» организацис пресс-конференци дIаяьхьира.IMG_7908

   Цигахь дакъалецира Нохчийн Республикин капитальни ремонт яран региональни фондан коьртачу директоран заместитела Исмаилов Ахьмада, фондан автоматизацин отделан хьаькама Ибрагимов Заура, бакъонна кхачояран отделан хьаькама Сербиев Зелимхас, капитальни ремонт яран отделан хьаькама Каимов Iалус, ахчанаш схьагулдаран организацин отделан хьаькама Батаев Зелимхас,  фондан департаментан директора Дараев Iийсас, иштта республикин ерриге а районашкарчу шуьйрачу хаамийн гIирсийн векалша.

Цхьаьнакхетар дIадолош А.Исмаиловс довзийтира дийцаре дан лерина гIуллакхаш а, гулдаларан коьрта бахьана а.

– «Нохчийн Республикерчу тIекIалдинчу цIеношна капитальни ремонт яран региональни фонд» организаци йиллина шолгIа шо ду. ДIадаханчу 2015-чу шарахь капитальни ремонтана ахчанаш схьагулдар 13,1 процент бен ца хилла. Цундела Россин Федерацин хIусамийн кодекс а, Нохчийн Республикин тIекIалдинчу цIенойн юкъарчу бахамна капитальни ремонт яран система а кIорггера йовзийтарна лерина дIахьош белхаш бу оха. ХIокху шина шарахь республикерчу шуьйрачу хаамийн берриге а гIирсашкахула и закон нахана дIадовзийтаран Iалашонца дуккха а белхаш дIа а баьхьна, дIахьош а бу тхан белхахоша», – дийцира А.Исмаиловс.

«Нохчийн Республикин тIекIалдинчу цIеношна  капитальни ремонт яран региональни фонд» организацис Нохчийн Республикерчу тIекалдинчу цIеношна берриге а юкъарчу бахамна капитальни ремонташ йо. ДIадаханчу, 2015-чу шарахь Веданан, Шелковск районашкахь белхаш бина. ТIекалдинчу исс цIенна капитальни ремонт йина (6 Веданан, 3 Шелковск районашкахь).

«Капитальни ремонт ярна леринчу республикин программина» юкъадогIуш вайн республикера  тIекалдина 573 цIа ду. Программина юкъахь йоцуш 70 процент шира хIусамаш ю республикехь (уьш программина юкъа ца йоьлху, иштта кхааннал кIеззиг  хIусам чохь йолу тIекIалдина цIенош а ца доьлху (уьш юкъахь доцуш а программина кхочуш дерг 573 цIа ду). Уьш деригге а капитальни ремонтан программица 30 шарахь кхузза тодина хила дезаш ду (I0 шарахь цкъа). 2016-чу шарахь Шуьйтан районехь тодан лерина 6 цIа ду, Аргунехь, Гуьмсехь, Курчалойхь, Шелахь – 13 ду.

Грозненски районехь 1300 тIекIалдина цIа ду, церан шайн регионан оператор ву (хIора а цIа муьлхачу шарахь тодийр ду къастийна ду кехаташ тIехь).

Вайн республикера бахаман фонд 2.3 приватизаци йина ю, 1.3 муниципальни долаллехь ю (муниципальни – шаьш ахча дIатакха дезаш). 2015-чу шарахь декхарш 13 процентана бен схьа ца гулдина. Iаламат лахарчу тIегIанехь ду республикехула  капитальни ремонтах ахчанаш схьагулдар (хIусаман цхьана квадратах долучу ахчанан барам 6 сом 72 кепек бу).

–  Дуккха а нах хаало капитальни ремонтах луш долу ахча цхьаьннан кисана кхочу бохуш, къамелаш деш, уьш харц къамелаш ду. Оцу нехан ахчанаш капитальни ремонт ярна тIехьажина хуьлу. Организаци кхолларан коьрта бахьана ду бахархошна капитальни ремонт ярехь хаа мел дезарг довзийтар. Наггахь нисло капитальни ремонтах ахча дала деза я ца деза, цу хьокъехь шаьш барт бина я ца бина ца хууш меттигаш а. Цундела, тIевеанчунна тхайн ницкъ кхочучу барамехь гIо-накъосталла дан хьовсу тхо, – бохура А.Исмаиловс.

«Нохчийн Республикин тIекалдинчу цIеношна капитальни ремонт яран региональни фонд» организацис кхочушйинчу а, ян леринчу а капитальни ремонтах лаьцна а, иштта шайн хьалха лаьтташ долчу декхарех лаьцна а дийцира Сербиев Зелимхас.

–  2015-чу шеран июль баттахь дуьйна хIокху шеран январь беттан хьалхарчу дийне кхаччалц капитальни ремонтах декхарш дIатокхуш цахиларна 543 долахо суьде велла (1 млн 245 эзар сом декхар ду вайн тIехь) царах 432 сацам кхочушбина суьдо (царах ахча дала деза я ца деза ца хуурш алссам бара, лур дац аьлла дуьхьалбевлачарел а). 338 материал нуьцкъаха кхочушъяйта тIедиллина суьдо. ХIинцале а 972 эзар сом дIатекхна, 41 долахочо хIора баттахь дIадала долийна ахча. Иштта, 7 администраци а елла суьде, капитальни ремонтах ахча схьа цагулдар бахьана долуш.

Декхарш дIатекхна, Невран районо (дерриге а декхарш дIатекхна), Аргун гIалано (ах дIатекхна), ткъа уггаре а тоьлларг Шелан район ю (и цхьаъ бен яц ахчанаш шен-шен хенахь дIатокхуш).

Тхан организацис болх жигара дIахьош бу, республикерчу ерриге а районашкахь кхеташонаш  ю хIора кIирнах дIахьош.

Республикерчу районашкахь капитальни ремонт ярехь бинчу балхах лаьцна дийцира Батаев Зелимхас:

–  2015-чу шеран апрель баттахь тхан организацин берриге а белхахой, департаментан директорашна а, отделан хьаькамашна тIера, могIарерчу белхахошна тIекхаччалц, дерриге а цхьаьний ара а девлла, капитальни ремонтах лаьцна кхеторан белхаш дIабаьхьира республикерчу ерриге а хIусамашкахь (республикехь 573 цIа ду, цхьана районехь юккъерчу барамехь 12 188 долахо нисло). Цаьрга массаьрга а квитанци деаний, ахча дIаделлий, ца деллехь, и муха дIадала деза дуьйцуш, хIора долахочунна хаа луучух жоьпаш луш, боккха болх дIабаьхьира. ХIора долахочуьнгара телефонан номерш схьа а ийцира. (дIадаханчу шарахь 3 эзар сов зIе тоьхна долахошка). Квитанцеш долахошка дIакхочуш цахилар «Россиин Почта» ледара болх беш хилар ду.

Бакъду, «Вайнах Телекомца» бина барт бу тхан организацин, хIинца терминалаш чухула дIадала йиш ю и ахчанаш (шен координаташ чу язйичхьана долахочун квитанци схьахIутту экрана тIехь). Иштта, герггарчу хенахь Нохчийн Республикерчу тIекIалдинчу цIеношна капитальни ремонт яран регионан фондан сайта тIехь (fkchr.ru) банкин карточкица ахча дIадала аьтто хир бу.

Пресс-конференцехь гулбелчара динчу хаттаршна кхачам боллуш жоьпаш делира капитальни ремонт яран фондан векалша.

Хь.БАХТАЕВА

Авторан суьрта тIехь: Нохчийн Республикин капитальни ремонт

яран региональни фондан векалш

№16, шот, чиллин (февраль) беттан 13-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: