Россин Федерацин суьдан пурстоьпийн Нохчийн Республикехула йолчу Урхаллас эцна «Некъан пурстоп» олуш йолу пхиъ аппаратно-программни комплекс. Цунах лаьцна дийцира пурстоьпийн Урхаллин куьйгалхочун декхарш кхочушдеш волчу Алаутдинов Iабдулас.
– ХIинццалц тхан иштта комплекс цхьаъ бен яцара. ХIинца республикин пурстоьпийн кхин а пхиъ «керла гIоьнча» ву. ХIинца «Некъан пурстоьпах» уьдуш лела хала хир ду, – боху Алаутдинов Iабдулас.
ХIора дийнахь «Некъан пурстоп» олучу комплексо эзарнаш йолчу машенашна юкъара къастайо гIуданаш тоьхнаерш, тIехь декхарш долуш ерш.
– Оха болх ГИБДД-н белхахошца цхьаьна беш бу. Цара гIуда такха декхарийлахь волчу стеган машен сацайо, ткъа пурстоьпаша цуьнгара декхар схьаоьцу я цуьнан метта бахамна гIуда туху, –буьйцу I.Алаутдиновс пурстоьпаша беш болу болх.
I.Алаутдиновс билгалдаккхарехь, дукхах болу водительш, шайна тIехь декхар дуй хиъча, керла гIуда ца тохийтархьама, декхар охьадилла сихло. ГИБДД-н белхахоша тоьхна гIуданаш дIатакхийтарна тIехь болх барца пурстоьпийн Урхалло карарчу шарахь пхи миллион сом сов ахча охьадиллина республикин бюджете.
Ведомствос баржийначу хаамца билгалдолу республикин некъашкахула лелачу 70 сов эзар машенийн водительшна тIехь тайп-тайпана декхарш хилар.
–Наха шайн лаамца декхар такхаро бен уьш кIелхьара бохур бац некъаца тхох ца кхетарх, – билгалдаьккхира республикин коьртачу пурстоьпо.
И.ХАСАХАНОВ
Суьрта тIехь: пурстоьпийн «керла гIоьнчаш»
№16, шот, чиллин (февраль) беттан 13-гIа де, 2016 шо