Пенсеш 4 процентана лакхадевлла

   Кху шеран 1-чу февралехь дуьйна 4 процентана лакхадевлла болх беш боцчу пенсионерийн страхови пенсеш. Страхови пенсица цхьаьна 4 процентана индексаци йина цуьнца луш долчу ахчанан барамна а (хьалхо чIагIбина хиллачу базови бараман аналог).pensiya

   Индексаци яр бахьана долуш страхови пенсин (къаналлина луш долчу) барам юккъерчу барамехь 13,1 эзар сом хир бу.

Дагадоуьйту 2015-чу шарахь дуьйна страхови пенсешна индексаци яр дIахьо пенсионни баллан механа индексаци ярца. 2016-чу шеран 1-чу февралехь дуьйна цуьнан мах 4 процентана алсам баьлла: 71 сом 41 кепекана тIера 74 сом 27 кепекана тIекхаччалц.

Хьалхарчу февралехь дуьйна 7 процентана индексаци йина хIора беттан ахчанаш даларна (выплаташна) федеральни льготникашна (ветеранаш, заьIапхой, радиаци хилла гражданаш, Советийн Союзан а, Россин а Турпалхой, Социалистически Къинхьегаман Турпалхой, кхиберш). Нохчийн Республикерчу федеральни 245 эзар льготникех хьакхало цу тайпана индексаци яр.

Страхови пенсешна оцу тайпана индексаци яран башхалла йоллу иза болх беш боцчу пенсионерийн страхови пенсешна бен еш цахиларехь. Болх беш воцуш лоруш ву 2015-чу шеран 30-чу сентябрана тIекхочуш болх беш хилла воцу пенсионер.

Нагахь санна пенсионер шайн болх беш болчу нахах лоруш велахь вуьшта аьлча, пенсионни фондехь индивидуальни предприниматель, нотариус, адвокат, и дI.кх. санна хьесапе эцна велахь, и пенсионер болх беш лоруш ву, 2015-чу шеран 31-чу декабрехь иза иштта хьесапе эцна хиллехь.

Нагахь санна пенсионер 2015-чу шеран 30-чу сентябрал тIаьхьа балхара дIаваьллехь, ткъа ма-дарра аьлча, 2015-чу шеран 1-чу октябрера 2016-чу шеран 31-гIа март кхаччалц болчу муьрехь дIаваьллехь, цуьнан аьтто бу цу хьокъехь Пенсионни фонде хаам бан. И дархьама пенсионера ПФР-е заявлени яздан деза, ша балхара дIаваьлла хилар тIечIагIдеш долу документаш (дукха хьолахь иза къинхьегаман книжкин копи хуьлу) чу а луш. Заявленига хьаьвсинчул тIаьхьарчу баттахь дуьйна пенсионерана пенси лур ду индексаци хьесапе а оьцуш.

2015-чу шеран 1-чу октябрера 2016-чу шеран 31-чу марте кхаччалц болчу муьрехь болх бар сацийна хилар тIечIагIдан а, хьокъала доллучу документашца ПФР-с заявлени чудала а бакъо ю 2016-чу шеран 31-гIа май тIекхаччалц. Цул тIаьхьа иза дан оьшур дац. ХIунда аьлча 2016-чу шеран шолгIачу кварталехь дуьйна болх луш болчарна юкъадалор ду хIора баттахь аттачу яьккхина отчет яр. ТIаккха стаг болх беш велахь а, вацахь а Пенсионни фондана гуш хир ду болх луш болчара хIора баттахь дIалуш йолчу отчеташкара.

Заявленеш дIаоьцу Нохчийн Республикехь йолчу ерриге а пенсионни отделаша. Цара иштта схьаоьцу пенсеш хIитторан а, цIа дIадахьаран а хьокъехь долу заявленеш. Заявлени ша чудала мегаш а ду, шен векале чудалийта мегаш а ду, ткъа иштта почтехула дIатаса мегаш а ду. 2016-чу шеран 1-чу апрелехь дуьйна 4 процентана индексаци йийр ю пачхьалкхан пенсионни кхачоярехула, цу юкъахь социальни а долуш. Болх беш болчарна а, болх беш боцчарна а тIекхетар долуш ду иза.

2015-чу шарахь болх беш хиллачу пенсионерашна 2016-чу шеран августехь тIетухур ду страхови пенсеш, 2015-чу шарахь тIеяьхначу пенсионни баллашка хьаьжжина, амма ахчане диллича пенсионни кхаа баллел алсам доцуш.

I.ХАСАНОВ

 

№16, шот, чиллин (февраль) беттан 13-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: