Сурсатийн барам алсамбаьлла
МАЙКОП. Чекхдаьллачу шарахь 2,6 эзар гектар майданашкара 16,6 эзар тонна стоьмийн-хасстоьмийн сурсаташ гулдира Адыгейхь, хаамбира регионан куьйгалхочо Тхакушинов Аслана журналисташца хиллачу цхьаьнакхетарехь. Цул хьалха дIадаханчу шарца дуьстича церан барам алсамбаьлла 1,6-ззий. Иза доза а ца лору республикехь. Динчу хьесапаша гайтина оцу сурсаташца шайна юьззина кхачоян кхузахь ерриге а таронаш хилар.
Амма, цуьнга хьаьжна доцуш, хIора шарахь тIеттIа шорлуш ю хасбошмийн майданаш. Кху шарахь, масала, билгалдина сиха кхуьуш долчу сортийн Iежийн синтарш 440 гектарал сов йолчу майданахь дIадогIа. Иштта еш ю стоьмаш Iалашбарна лерина йолу меттигаш а. Стоьмаш гулбо хан тIекхачале гIуллакх дарна юкъаялийна хила декхар ду цхьана хеннахь 13 эзар тонна стоьмаш Iалашбан таро хинйолу кхо гIишло. Делахь-хIета, лахлур ду стоьмийн дараш хилар, Iаткъам бийр бу мехаш лакха ца довлийтарна.
Италехь толам баьккхина
МАХАЧКАЛА. Шен «Суна чIогIа еза яккхий гIаланаш» аьлла стихотворени бахьанехь Италин Агридженто гIалахь дIаяьхьначу поэтийн «Парнас – Анджело ла Веккьян совгIат» конкурсехь коьртачарах цхьа совгIат делла Дагестанан поэтессина Ахмедова Маринина. Иза толамхо лерира «Парнас интернациональный» номинацехь.
Конкурсехь иштта дакъалоцуш бара Мексикера, Бразилера, Италера, Эрмалойчуьра, Словенера, Нигерера, кхин а цхьамогIа кхечу мехкашкара поэташ. Церан стихаш леррина Италин матте яьхнера. Кхоллараллин белхийн мах хадош яра профессор Джеро ла Веккья коьртехь волуш йолу жюри.
Юбилейна кечам
МАГАС. Кху шеран 26-чу октябрехь 235 шо кхочу Несаре йиллина. Цунна лерина долчу даздаршна кечамбарна вовшахтоьхначу комитето дIакхайкхийна гIалин тоьлашха йолчу билгалонна лерина конкурс.
Билгалдина иза дIаяхьаран хьелаш а.Конкурсехь дакъалоцуш волчун таро ю кхаа кепара кечбина шен белхаш хьалха хIитто: электронни кепара а, кехата тIехь кхетам луш а. Белхаш дIаоьцу хIокху баттахь дуьйна апрель чекхбаллалц болчу муьрехь. Толам баьккхинчунна дала билгалдина мехала совгIат.
Схьайиллина берийн керла беш
ЭЛИСТА. Реконструкци йинчул тIаьхьа ГIалмакхойн Республикин коьртачу гIалин 6-чу микрорайонехь хIокху деношкахь схьайиллина 250 меттигна лерина йолу, шена чохь ерриге а бегIийлаш йолу, берийн керла беш.
Оьшуш йолу ерриге а инфраструктура ю бешахь: бераш дийшарна лерина 11 чоь (хIора тобанна цхьацца), ловзаршна лерина 11 чоь, музыкин а, физкультурин а залаш, методкабинет, хьехархочун-психологан кабинет, логопедически 2 кабинет, дарбалелоран блок, дахаран хьашташна лерина чоьнаш.
Иштта мехала ду беш гIуллакх дан йолаяларца белхан меттигаш алсамъевлла хилар а, 42-нна тIекхетта уьш.
Гуьржийчу боьду некъ
ЛАРС (Къилбаседа ХIирийн Республика-Алани). Лайн хьаьттанаша некъ дIабукъарна болу кхерам лахбаларца доьзна, оцу юьртара Гуьжийчу боьду некъ схьабиллинера кху деношкахь, долахь йолу машенаш а, киралелон машенаш а, автобусаш а паргIат дIасалела бакъо луш. Масех дийнахь дуккха а барамехь транспорт дIаса а яхара.
Лаьмнашкахь ло диллар бахьанехь, юха а тIехIоьттина хьаьтт чухьадарна болу кхерам. Цуьнца доьзна некъ юха а дIакъовла дезна кхерам дIабаллалц.
ГIалина совгIат дина
СТАВРОПОЛЬ. Кхузарчу суьрташдахкархочо-тIемалочо Шегедин Владимира гIалин Iедалшка дехна шен суьрташ совгIатана дIаэцар. Россин суьрташдахкархойн Союзан декъашхочун белхаш тайп-тайпанчу жанрашкахь кхочушбина: тIеман тематика, портреташ, гонахара хазалла гойтуш долу Iаламан суьрташ.
Владимир Александровича дакъалаьцна Кавказехьа тIемаш беш, Украина, Румыни, Чехословаки, Австри паргIатйоккхуш. ТIеман шен къоналла дагалоцуш дийнна цхьамогIа суьрташ дехкина цо. Царалахь алссам девзаш ду «Май 45-го. Мечты» цIе йолу сурт. 1959-чу шарахь дуьйна вехаш ву В.Шегедин Ставрополехь, иза даггара еза а елла.
ГIалин администрацин культурин комитетан куьйгаллица цхьаьнакхеттачу хенахь дIаелира цо шен суьртийн каталог. Герггарчу хенахь суьрташ даима гойтуш хинйолу меттиг билгалйоккхур ю.
ЗаьIапчу берийн хIусамашна тIехь – таллам
НАЛЬЧИК. Регионан куьйгалло тIедилларца заьIапчу берашна къастош йолчу хIусамийн дикаллина тIехь латтош болу таллам чIагIбийр бу ГIебартойн-Балкхаройн Республикехь. Цуьнца цхьаьна тидамза ца дитина царна хIусамашца кхачояран гIуллакх а.
Иштта, федеральни а, меттигерчу а бюджетийн чоьтах таханлерчу денна оцу берашна эцнарг 275 хIусам ю. Царах 191 хIусам яла йогIучарна дIа а елла. Бухайисинчу 84 хIусамна кехаташ кечдеш ду.
Экскурсеш дIаяхьарна цхьаъ ах миллион сом лур ду
ВЛАДИКАВКАЗ. Къилбаседа ХIирийчоьнан Iедалша кху шарахь школийн дешархойн экскурсеш дIаяхьарна лерина цхьаъ ах миллион соьман барамехь ахча къастор ду. Иза дарца «ХIирийчоьнан культура – берашна» аьлла йолу проект кхочушъяр кхидIа а дIахьур ду. Цуьнан гурашкахь дешархошна абонементаш эцна хилар бахьанехь берийн таро хир ю маьхза суртийн гайтамашка, музейшка, концерташка, спектаклашка хьовса даха.
ДоггIучуьра аьлча коьртачу шахьаран 6,5 эзар дешархо регионан кхечу районашкахь дIахьон долчу культурин гIуллакхашкахь дакъалаца гIур ву.
Ткъа «ХIирийчоьнан культура – берашна» аьлла йолу проект гIуллакх дан йолаелла 2013-чу шарахь. Чекхъяьллачу хенахь республикехь дIахьош долчу культурин гIуллакхашкахь дакъалаьцна 50 эзар сов дешархочо.
Къаьсттинчу берашна – къаьсттина тидам
ЧЕРКЕССК. Кхузахь къорачу а, бIаьрса ледара долчу а берашна леринчу школехь-интернатехь юкъаялийна аз чIагIдеш йолчу кхузаманахьлерчу аппаратурица кечйина йолу дешаран керла радио-класс.
Керла гIирс эцаран хьокъехь болу сацам тIеийцира регионан куьйгалхочо Темрезов Рашида. Керла шо тIекхочуш республикин дешаран а, Iилманан а министра школин директоре дIаелира иза эца бакъо луш йолу сертификат. Тахана аппаратура кхиамца гIуллакх деш ю школехь.
Хаамаш кечбинарг –Л.МАГОМАЕВ
№16, шот, чиллин (февраль) беттан 13-гIа де, 2016 шо