Шемахь долчу Россин тIеман-космосан ницкъийн кеманаша 4-чу февралера 11-чу феврале кхаччалц болчу муьрехь «Иблисан пачхьалкхан» гIеранаш йолчу метте 1900-зза бомбанаш, ракеташ йиттина.
***
Алеппо провинцехь Россин кеманаша бомбанаш еттар бахьанехь «Иблисан пачхьалкхан» гIеранашна юкъара лаххара а 40 террорист хIалаквина.
***
США-н шина кемано бомбанаш, ракеташ йиттина Алеппо шахьарахь йолчу госпитальна. Цу чохь хиллачу дархойх иттех сов стаг велла.
***
Шеман Iедалан эскарша Латакии провинцехь кхиамца дIахьош ду «Иблисан пачхьалкхан» террористашна тIелатар. Террористаш Хонкаран дозанал дехьа буьйлуш бу. Царна еш новкъарло яц Хонкаран Iедало.
***
НАТО-н эскарш Эгейски хIордах сехьа бовлуш болу мигранташ совцо гIерташ ду. Цунах цкъачунна гIуллакх хуьлуш дац. Бакъду, оцу хIорда йистехь Желтойчоьнан тIеман вертолет-м доьхна. Цу тIехь хилла кхо стаг велла.
***
Таиландерчу чIерийлецархоша хи буха доьдуш долчу хинкеманна тIехь хилла дозанал арахьара 60 сов турист кIелхьара ваьккхина.
***
Гуьржийчоьнан Iедало 15-чу февралехь дуьйна Иранан бахархошна бакъо лур ю визанаш а йоцуш шайн махка бахка.
***
Мексикерчу цхьана набахтехь тутмакхаша гIаттам бина. Цигахь хиллачу тасадаларшкахь 50 сов стаг велла, лазийнарш а, чевнаш хилларш а бIеннал сов бу.
***
Россин Президента В.Путина кхеташо дIаяьхьира мехкан Кхерамазаллин Советан декъашхошца. Цигахь дийцаре дира дуьненахь а, вайн махкахь а кхолладелла долу хьал.
***
Россин Правительствон Председатела Д.Медведевс правительствон рогIерчу кхеташонехь дийцаре дира бюджетан ахчанан эвсараллица харж яран хьокъехь долу гIуллакхаш.
***
Къилбан ТIеман округехь, Россин оборонан министран С.Шойгун омранца, цIеххьана тIеман Iамораш дIадаьхьира. Цигахь дакъалецира бронетехникин, авиацин, хIордан ницкъаша.
***
ДIадаханчу шарахь Россис дозанал арахьа юьртан бахаман сурсаташ дохкар 1,5 процентана алсамдаьлла. И гайтам карарчу шарахь кхин а лакхабаккха лерина бу вайн махкара аграреш.
№16, шот, чиллин (февраль) беттан 13-гIа де, 2016 шо