Машаран геланчаш

   Машаран шолгIачу маршан вовшахтохараллин комитето Нохчийн Республикин Куьйгалхочуьнга Кадыров Рамзане хаам бина хIокху шеран 1-чу мартехь (бекарг) Машаран шолгIа марш Москвахь дIайолалуш хиларан а, иза Иерусалиме (Палестина) кхаччалц дIахьуриг хиларан а хьокъехь. Иза лерина ю Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун, маслаIатхочун, шен дахар машаран дуьхьа дIаделлачу Кадыров Ахьмад-Хьаьжин сийнна. «Кадыров Ахьмад-Хьаьжа тхуна дуьненан барамехь маслаIатхо вара, машар барехь масал хилла лаьтташ ву. Цуьнан дика, беркате гIуллакхаш машаран керлачу оьмаран билгало хилла дIахIиттина», – билгалдоккху вовшахтохараллин комитетан кехатехь.

   Машаран шолгIачу маршан Верасаллин советан председатель ву Нохчийн Республикин Куьйгалхо Кадыров Рамзан, сопредседатель – Россин Федерацин Пачхьалкхан Думин Председателан заместитель Железняк Сергей. Хьалхарчу мартехь дIайолаелла марш дуьненан ворхI пачхьалкхерчу 24 гIалахула чекхъер ю. Иза ерзор ю 30-чу мартехь.

«Машаран мисси», «Машаран марш», проектийн дIадолорхой бу 47 пачхьалкхера Iилманан, искусствон, культурин, дешаран гIуллакххой, юкъараллин организацеш, къаьмнийн культурийн цхьаьнакхетараллаш. Цара «Халкъан дипломати – шуьйрра антитеррористически коалици вовшахтохаран бух», – аьлла Кост кечдина пачхьалкхийн куьйгалхошка а, халкъашка а дIадахьийта. Цуьнца цара дIагойту дуьненаюкъарчу терроризмана дуьхьал дIахьош болу къийсам къобалбеш хилар, кхайкхам бо дуьненан антитеррористически коалици вовшатохар доьхуш.

«Машаран шолгIа марш» вовшахтоьхна «Единая Россия» Ерригроссин политикин партин социальни платформо, «Россин дахарехь РАД» Ерригроссин юкъараллин боламо, «Россин мигрантийн федераци» Ерригроссин юкъараллин организацис, «Цхьаьнатоьхна бусалбанийн Уммат» организацис, «ТIаьхьалонан туш» корматаллин кхитIе а дешаран коммерчески йоцчу организацеша, «Урхаллин хаарш юкъадалор» регионашна юкъарчу юкъараллин организацис, «Севастополь когахIоттор» социально-экономикин дIадолорийн гIолацаран юкъараллин организацис, «8-гIа тIаьхье» юкъараллин организацис, «Гулам» а, «Ислам-ньюс» а Ассоциацеша.

Маршан коьрта Iалашо ю:

– дерриге а дуьненахь дерриге а адамашна юкъахь машар ларбаран ойла яржор, терроризм, тIеман къийсамаш юхатохар, цхьана а хIуманна бехке доцу адамаш дайъар, кегарий, ницкъбар, санкцеш, мацалла, наркотикаш яржор, Iилманан кхиамех адамашна дуьхьал пайдаэцар цахилийтар;

– халкъашна юкъахь нийса, цIена, хьанал юкъаметтигаш хилийтар, динан, къоман билгалонех доьзна доцуш, стеган сий лардар;

– ООН-н Генеральни ассамблейхь Россин Президента В.В.Путина дIакхайкхийна йолу халкъан дипломатин (идейш) ойланаш дуьненан юкъаралле дIакхачор, халкъийн антитеррористически коалици вовшахтохар, халкъашна юкъахь доттагIаллин уьйраш тасар.

С.ХУСАИНОВ 

№16, шот, чиллин (февраль) беттан 13-гIа де, 2016 шо

 

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: