ТIаьхьарчу кIиранах социальни сеташкахула, къаьсттина телефонийн «WhatsApp» олучу гIирсехула Нохчийчохь хьовха, дуьне ма-дду даьржинера Германехь Iаш йолчу нохчийн зудчо дIаяздина долу аудиокост.
Оцу костехь Ганчаева Марема хаам бо ша, шен цIийндеца а, 7 доьзалхочуьнца а цхьаьна, шена дарба дан Германе яхана хиларх а, карарчу хенахь халачу хьолехь йолуш, карахь кехаташ доцуш, цIаерза йиш йоцуш ша а, шен доьзал а бисина хиларх а лаьцна. Марем, вуон лазар а кхетта, дарба дан дIаяхар а хиъна, дог иккхина, нана елла цуьнан. Ткъа цамгарна мелла а гIоле хилла йолу йоI, нана кхалхар хиъча, меттахь йисина, лазар чIагIделла. Шен къамелехь М.Ганчаевас Нохчийн Республикин Куьйгалхочуьнга Кадыров Рамзане дехар дора шайна цIадерза гIо дахьара, бохуш.
Кадыров Рамзана, шега и хабар схьакхаьчча, хьакъ боллучу белхахошна сихонца тIедиллира ГанчаевгIеран доьзална гIо дар. Нохчийн Республикин Куьйгалхочун Европехь волу векал Дугазаев Тимур, и гIуллакх леррина талла а теллина, оцу доьзалера хьал а девзина, уьш цIабало мел оьшург дан волавелла.
«ГанчаевгIар цIабалор ас тIедиллинчу наха дан мел деза гIуллакхаш деш ду. Иза беха некъ бу, меттахь Iуьллуш йолу зуда а, ворхI бер а иштта гена новкъа даккха атта дац. Цул сов, йоккха харж хир йолуш гIуллакх а ду иза. Делахь а, массо агIор ойла а йина, гIолий долчу кепара и доьзал цIаберзор бу. Оцу гIуллакхана республикин бюджетера цхьа а сом духкур дац, хIунда аьлча, цхьана а законо ца магадо муьлхха а бахьаница дIабаханчуьра цIа бахка дагадеанчарна тIаьхьа кема дахийтар (иштта харж яр)», – элира Кадыров Рамзана.
Ганчаева Марем, ша цуьнан дехар тидамза дуьтург цахиларх, шен ницкъ мел кхочург дийриг хиларх тешийра Р.Кадыровс. Юридически хаттарш теллина, чекхдаьхна девллачул тIаьхьа, шен доьзалца цхьаьна Нохчийчу цIа ялор ю Марем.
ГанчаевгIеран доьзална а, царна гIо дан а лууш, таро а йоцуш Iаш болчу гергарчу нахана а, иштта царна са мел гатдинчарна а боккха кхаъ хилла, Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана Мареман дехарна жоп даларх а, уьш цIаберзорехь гIо дарах а.
А.ВАХАЕВА
№16, шот, чиллин (февраль) беттан 13-гIа де, 2016 шо