Кху деношкахь Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана кхеташо дIаяьхьира бакъонаш ларъяран а, нуьцкъаллин а структурийн куьйгалхошца.
Цхьаьнакхетарехь дакъалецира Нохчийн Республикин чоьхьарчу гIуллакхийн министра Алханов Руслана, Нохчийчоьнан Куьйгалхочун гIоьнчас Мартынов Даниила, Республикин Куьйгалхочун хьехамчас Торшин Юрийс, иштта кхечара а.
Цхьаьнакхетар дIадолош, Кадыров Рамзана билгалдаьккхира регионера хьал синтеме хилар, делахь а, кхерамазалла латтор коьрта Iалашо йолчуьра дIаяьлла цахилар.
– Вайн республикин бахархоша а, хьешаша а билгалдоккхуш ма-хиллара, Нохчийчоь Россин уггаре а кхерамаза а, синтеме а йолчу регионех цхьаъ ю. Иза вайн МВД-н белхахоша болх дика бар бахьана долуш ду. Делахь а, вайн малдала йиш яц. Вайна тахана гуш ду, вайн мостагIий республикера маршо йохо гIерташ хилар. Нохчийн халкъ юкъа а далош Россера хьал галдаккха гIерта уьш. И вуо гIуллакхаш кегор эрна ду, хIунда аьлча республикин бахархошна Россехь паргIат болх бан а, баха а лаьа. Республикин бакъонаш ларъяран а, нуьцкъаллин а структураш муьлххачу а кхерамна дуьхьало ян кийча хила еза, – элира республикин Куьйгалхочо.
Цул сов, Кадыров Рамзана билгалдаьккхира бакъонаш ларъяран а, нуьцкъаллин а структураша, Iеламнаха экстремистийн идеологина дуьхьало ярехь белхаш цхьаьна бан безаш хилар а, уьш кхин а жигара баха безаш хилар а.
– Вайна дукха дика хаьа ваххабизм хIун ю а, цо шеца зуламаш дохьий а. Цуьнан къизалла вайна гина. 90-чу шерашкахь, цхьаьна а кхетта, цунна дуьхьало ян ца елира вайга. Цундела вайгара цу хенахь евлла ледарлонаш тидаме а оьцуш, белхаш бан беза вай. Вайн Iалашо – ваххабизмана а, терроризмана а дуьхьало яр. Iеламнахаца цхьаьна къахьега деза аш. Нохчийчохь оцу зуламан хьу йиса езаш яц, – дерзийра цо.
Р.РАМЗАНОВ
№16, шот, чиллин (февраль) беттан 13-гIа де, 2016 шо