Лавров Сергей декъалвира Дипломатин белхахочун денца

Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана дипломатин белхахочун денца декъалвира Россин Федерацин кхечу мехкашца долчу гIуллакхийн министр Лавров Сергей. Вайн махкахь и де билгалдаьккхира  11-чу февралехь. Кхечу пачхьалкхашца йолу юкъаметтигаш дика, аьхна, доттагIаллин амал йолуш хилийтарехь Iаламат доккха маьIна леладо дипломаташа. Ткъа С.Лавровс ша хьикмате, хьаьнцца а бийца мотт карош, собаре дипломат хилар дуьненна а гайтина ша оцу даржехь болх бечу муьрехь.4f1abe4028f93cb821769408fd67d0af

   Иза Дипломатин белхахочун денца декъал а веш, Кадыров Рамзана билгалдаьккхина: «Иза деза де ду даима а пачхьалкхийн юкъаметтигашкахь хьалхарчу зилехь лаьтташ болчеран. Цара, шаьш «IиндагIехь» а буьсуш, кхочушдо вайн Даймехкан хьашташ. Дукха хьолахь гуш ца хуьлу цара дийнахь а, буьйсанна а беш болу болх. Делахь а вайна хаьа мехкан арахьара политика мел хьекъале а, хьикмате а ю бохург дуьхьалдIа дипломатийн балхах доьзна хилар».

Нохчийчоьнан Куьйгалхочо иштта тидам тIебохуьйту Лавров Сергей дерриге а дуьненахь, хьакъ а долуш, боккха сий-ларам болуш дипломат хиларна. Иза уггаре а хьалха доьзна ду С.Лавров лаккхара корматалла йолуш, адамашца бийца мотт карош, собаре, хьекъале стаг хиларца. Мел чолхе девлла дийцарш а маслаIатан некъа тIе дерзо хаьа цунна. ХIокху деношкахь Германерчу Мюнхен шахьарахь дуьненан дукхах йолчу пачхьалкхийн кхечу мехкашца долчу гIуллакхийн министрашца дIадаьхьначу цхьаьнакхетаршкахь иза билггал иштта хилар кхин цкъа а дIагайтина цо. Ткъа оцу цхьаьнакхетаршкахь, коьртачу декъана, дийцаре деш дара Шемара тIом сацоран а, цигахь маслаIат лахаран а хьокъехь долу тIех чолхе гIуллакхаш.

Декъалдар дерзош Р.Кадыровс боху: «Сергей Викторович, лаьа хьан а, Россин берриге а дипломатийн а ондда могашалла, аьтто, кхиамаш хуьлийла».

С.ХАМЗАТОВ

№16, шот, чиллин (февраль) беттан 13-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: