Масех де хьалха А.Айдамировн цIарахчу нохчийн къоман республикин библиотекехь Нохчийн Республикин халкъан яздархочун Ахмадов Мусан цхьаьнакхетар хилира шен кхолларалла езачаьрца.
Библиотекин «Iаьнан беш» олучу зала чохь хилира цхьаьнакхетар.
Шайна дукхавезачу яздархочуьнца хан яккха баьхкинера студенташ, дешархой, культурин декъехь къахьоьгу нах, Соьлжа-ГIалин культурин а, искусствон а колледжан студенташ. Цхьаьнакхетарехь дакъалецира республикехь евзаш йолчу нохчийн меттан а, литературин а хьехархочо Вагапова Асета, нохчийн литература езархочо, Бислиев Iабдул-Хьамидан доьзалан нанас Бислиева Асмаа, кхечара.
Библиотекин къоман-мохкбовзаран отделан коьрта библиотекарь Таймасханова Падам яра цхьаьнакхетар дIахьош. Ахмадов Мусан говзаршна тIехь инсценировка ян юкъабевлира Соьлжа-ГIалин культурин-искусствон колледжан студенташ. Карарчу хенахь Европо, Iамаркаца цхьаьна Россина дуьхьал йинчу санкцийн хьокъехь яра спектаклан кийсак. Комедин жанрехь хиларе терра, самукъане хиллехь а, автора цигахь гайтина проблемаш хIора къомана, нохчийн къомана муххале а, лазаме яра, адамийн Iер-дахарна, къоман культурина, кхачанна европизацино бинчу вуочо агIор тIеIаткъамах дуьйцуш яра спектакль.
Санкцеш бахьанехь комедин коьрта турпалхочун самъяьллачу патриотизмах лаьцна яра сюжет. Студенташа бакъболчу говзанчаша санна, дика ловзийра ролаш.
Цул тIаьхьа Таймусханова Падама, Ахмадов Мусан дахаран а, кхоллараллин а некъ бовзуьйтуш, доклад йира. Колледжан студенташа а, Соьлжа-ГIалин школашкарчу дешархоша а яздархочун байташна, дийцаршна юкъара кийсакаш йийшира.
Вагапова Асета яздархочуьнга элира:
«Муса, ахь нохчийн къоман литературин ерриге а жанрашкахь бохург санна хьоьгуш долу къа халкъана а, мехкан куьйгаллина а гуш ду. Сайн ницкъ кхаьчча хьуна динчу совгIаташна тIе дукхавахар а, могашалла а лур яра ас. Дала аьтто бойла хьан».
Зала чохь дIахIоттийначу «Пхьарматан суй хилла вехарг» цIе йолчу Ахмадовн книгийн гайтамо дуьйцура авторан къинхьегаман некъах, кхиамех.
Шайна дукхавезачу яздархочуьнга хаттарш дира кегийрхоша. Маца, муьлхачу бахьаница яздира ша дуьххьарлера дийцар я байт дагалецира цо. «Нохчийн матто суна болх, рицкъ, вовзар делла. Шен къоман маттахь язъеш хилча нахана вевзар вац бохург нийса ца хета суна. Нохчийн мотт беза а, бийца а хьовсалаш, цуьнца ду вайн къоман са, вад», – элира халкъан яздархочо.
Цхьаьнакхетар дерзош къоман библиотекин директора Исраилова Сацитас баркалла элира яздархочунна.
«Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана хьан бина лерам кхоллараллин берриге а белхахошна боккха юьхькIам бу. Оха дозалла до хьох. Хьо оьшуш, везаш ву къомана», –элира С.Исраиловас.
ЭЛЬДЕРХАНОВА Зайнап
Авторан суьрташ тIехь: Ахмадов Мусана леринчу суьйренехь
№17, шинара, чиллин (февраль) беттан 16-гIа де, 2016 шо