«Доллушехь долу кIохцал ира», олуш кица ду нохчийн. Дан а ду иза иштта. Жимачохь дуьйна а къаьсташ хуьлу юкъараллина пайдехь, дена-нанна муьтIахь, гергарчарна юьхькIам болуш хинволу доьзалхо.
Къона велахь а, дешарца дика ларош, шен нийсархошна юкъахь ларам болуш, нохчийн мотт дукхабезаш, иза Iаморехь къахьега лууш ву Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн университетан Гуманитарни факультетан къоман отделенин 2-чу курсан студент Малаков Джовхар. Хьалха-Мартан районерчу Олхазар-КIотарахь 1996-чу шеран 4-чу декабрехь дуьнен чу ваьлла иза. Циггара №2 йолу школа дика дешарца чекхъяькхира цо. Школехь дуьйна а нохчийн мотт, литература дукхаезаш хилла Джовхар.
Студента дийцарехь, ненан матте цуьнан безам кхоьллинарг школехь нохчийн мотт хьехна хьехархо Магомадова Баната а, нохчийн маттаца гергарло долуш, цу маттахь байташ язъеш хилла волу цуьнан деваша Малаков Ваха а ву.
Джовхар нохчийн мотт безаш, дешарца дика ларош схьавогIуш ву. 2-чу курсехь бен вацахь а, дикачу агIор шена тIе тидам бахийта ларийна иза. Нохчийн маттана лерина цхьаьнакхетарш а, «горга стоьлаш» а вовшахтуху цо. Иштта цхьаьнакхетарш вовшахтохарна а, цигахь жигара дакъалацарна а университетан куьйгаллин цIарах Сийлаллин грамоташ елла цунна.
Кхеран группехь хIара бен к1ант вац. Дисинарш зудабераш ду. Джовхар группехь «старост» ву. Дешарца дика ларош а, университетан юкъараллин дахарехь жигара дакъалоцуш а ю церан группа. Иза тидам боцуш а ца дисина.
Студента дийцарехь, нохчийн литература а, истори а хаа еза ша нохчи ву бохучунна муьлххачунна а. Иза ца кхета ненан мотт хийра хетачух. «Муха буьйцур бац ненан мотт?» боху цо. Шен нийсархоша а, шеца цхьаьна доьшучара а ненан мотт бийца лаьа цунна.
Вайн тайп-тайпанчу яздархойн нохчийн произведенеш йоьшу Джовхара, царах хIора а шатайпа пайдехь а карайо цунна. Делахь а, цунна къаьсттина дукхаеза шен юьртахо хиллачу, вевзашволчу яздархочун Сулейманов Ахьмадан
байташ а, Бексултанов Мусан дийцарш а.
З.САГАЕВА
Суьрта тIехь: Малаков Джовхар
№17, шинара, чиллин (февраль) беттан 16-гIа де, 2016 шо