Социальни политика – иза бахархойн дахар тодарна а, юкъараллин социальни хьелаш кхиорна а тIехьажийна долу гIуллакхаш кхочушдар ду.
Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана а, республикин пачхьалкхан Iедалан органаша а коьрта лоручу гIуллакхех цхьаъ ду социальни политика кхочушъяр.
Таронаш ледара йолчу нахана а, ветеранашна а, дуккха а бераш долчу доьзалшна а гIодар а, уггаре хьалха заьIапхойн а, берийн а социальни хьашташ кхочушдар а, кхерам боцу белхан хьелаш кхоллар а, бахархой балха дIанисбарехь гIо-накъосталла дар а, – цу тайпа гIуллакхаш кхочушдарехь болх бо Нохчийн Республикин къинхьегаман а, балха дIанисбаран а, социальни кхиоран а министерствос.
Хууш ма-хиллара, вайн махкахь хиллачу чолхечу хиламаша талхийра социальни хьелаш, лакхаяьккхира белхазалла, бахархой таронех бехира. 2000-чу шерийн юьххьехь Нохчийн Республикин хьалхарчу Президента Кадыров Ахьмад-Хьаьжас шена юххе хIиттинчу накъосташца цхьаьна республикин экономика жим-жимма меттахIоттош хилла хан дика дагайогIу вайна. Бахархойн дахар тодарехь социальни дакъа кхиорна массо а хенахь боккха тидам тIебохуьйтура цо.
ТIом чекхбаьллачул тIаьхьа сихачу боларшца кхиира социальни дакъа.
Шен дас дIадолийнарг хьакъ ма-дду кхочушдира Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана. Йоццачу хенахь хила дезачу тI??егIане дI??ахIоттийра социальни хьелаш кхочушдар.
ГIеххьачул хийцамаш хилира министерствехь а. Тахана министерствон аппаратан а, цунна чуйогIуш йолчу подразделенийн а болх тобелла. Дахаран халчу хьелашкахь нисбеллачу доьзалийн а, берийн а тайп-тайпана хьашташ кхочушдечу берийн социальни учрежденийн хьелаш а дика тоделла. Даймехкан Сийлахь-боккхачу тIеман ветеранийн а, эскаргIуллакххойн а социальни хьашташ кхочушдар хила дезачу тI??егIане дI??ахIоттийна. ХIусамийн-коммунальни хьашташ кхочушдарх мах дIабаларехь еш гIоленаш а ю цхьайолчу категорехь болчу бахархошна.
Министерствона чуйогIуш йолчу 76 учрежденехь кхочушдо бахархойн социальни тайп-тайпана хьашташ. Кхачамболлуш дIалуш ду берийн дерриге а пособеш, ткъа иштта шен хеннахь дIало федеральни а, региональни а законашкахула бахархошна билгалдина долу пособеш а.
Билгадаккха деза, пачхьалкхо луш долу пособеш дIадаларал сов, Нохчийн Республикин таронаш ледара йолчу нахана бюджетехула доцу гIодарна тидам тIебохуьйту оха. Иза тхайн боккха кхиам а хета.
Министерствехь кхочушйина х1ара республикин-Iалашонан программаш:
«2012-чу шарахь Нохчийн Республикин белхазалла лахъярна тIехьажийна кхин тIе а гIуллакхаш даран программа»;
«2012-чу шарахь Нохчийн Республикин бахархошна балха дIанисбала гIодаран программа»;
«2008-2013-чуй шерашкахь Нохчийн Республикин социальни-экономикин хьал кхиор» цIе йолу региональни программа.
Министерствона чуйогIуш йолчу доьзалшна а, берашна а социальни гIодаран центрашкахь диначух дерг аьлча, 2012-чу шарахь тIеюхучу хIуманашца а, юучуьнца а, молханашца а гIодина 8994 берана. Социально-психологически гIодина 1778 берана а, кхиазхочунна а. Республикин дахарехь боккха хилам бара заьIапберашна лерина республикин реабилитацин центр схьаеллар. 220 меттигна лерина ю иза.
Республикин бахархойн социальни хьашташ кхочушдаран системехь комплексан 18 центр а, республикин геронтологически центр а, Алпатовера къаношна а, заьIапхошна а лерина социальни-дарбанашлелоран центр а, Шелара психоневрологически интернат а ю. 2012-чу шарахь социальни хьашташ кхочушдаран комплексан центрашкахь 230 отделени яр, царах 197 социальни хьашташ кхочушдаран отделени а йолуш.
2012-чу шарахь 15680 стеган хьашташ кхочушдина цигахь. Царна юкъахь бара Даймехкан Сийлахь-боккхачу тIеман ветеранаш а, тIеман дакъалацархой а, заьIапхой а, къаной а, къаьсттина гIо оьшуш болу нах а.
Бахархойн социальни 2 миллион хьашт кхочушдина дIадаханчу шарахь: социальни-дарбанашлелоран а, садаIар вовшахтохаран а, психологически а, бакъонаш ларъяран а, цIентIехь дан дезарш даран а, материальни а, и.дI.кх.
«Нохчийн Республикехь заьIапхой балха дIанисбаран хьокъехь» болчу Нохчийн Республикин Правительствон Сацам кхочушбарехь а болх бина.
Таронаш ледара а, дуккха а бераш долчу а доьзалшна гIодарехь дечу коьртачу гIуллакхех цхьаъ ду аьхкенан заманахь берашна садаIар вовшахтохар. Цу гIуллакхна боккха тидам тIебохуьйту республикин куьйгалхоша. Цунна тоьшалла ду, шо шаре мел дели а, бераш садаIа дIахьовсош йолчу меттигийн географи шорлуш хилар а, хьашташ кхочушдар толуш хилар а. Стохка садаIа дIахьажийра 27394 бер. Царах 12818 бер дахаран халчу хьелашкахь нисделлачарах дара. Доккхачу маьIне ду, дIадаханчу шарахь садаьIначу берех ворхI эзар беро Iаьржачу ХIорда йистехь хан яьккхина хилар.
Республикин куьйгалхоша мел боккхачу тидамехь латтадахь а, чолхе хилла дуьсуш ду къинхьегаман рынкехь долу хьал. 2012-г1а шо чекхдолуш, балхахь цахиларна хьесапе эцнарг верриге а 166, 319 стаг вара республикехь. 2011-чу шарца дуьстича, 11 эзар стагана лахделла и терахь. Бахархой балха хIитторна тIехьажийна гIуллакхаш дар бахьана долуш, верриге а 25174 стаг балха хIоттийра. Ханна балха хIиттийнарш а бу царна юкъахь. Цу декъехь боккха болх бинехь а, амма цунах тоам бан бакъо яц вайн, хIунда аьлча кхочушдаза дуьсуш дуккха а гIуллакхаш ду.
Атта болх бац социальни декъехь къахьоьгучу наха беш берг. Коьртачу декъана гIийла-мискачу нахаца юкъаметтигаш ю цара лелориг. Вуно дог-кIеда а, экаме а хуьлу шайн уьш. Цундела собаре а, догцIена а нах хила беза социальни декъехь къахьоьгуш берш. ТIекхочучу социальни белхахочун денца министерствон берриге а белхахой декъал а беш, цхьана минотана а собарх а ца духуш, кхидIа а къахьега царна Дала доьналла лойла ала лаьа суна.
Министерствон коллективо шен ма-хуьллу кхочушдо республикин куьйгалхоша хьалхахIиттош долу декхарш. Со тешна ву, дахаран халчу хьелашкахь нисбеллачу а, таронаш ледара йолчу а нахана ондда гIортор хилла регионан Куьйгалхо Кадыров Рамзан. Цо тIедиллина муьлхха а гIуллакх ницкъ ма-кхоччу дика кхочушдан кийча ду тхо муьлххачу хенахь а.
Ахмадов Мохьмад, Нохчийн Республикин къинхьегаман а, балха дIанисбаран а, социальни кхиоран а министр