Тхан рузма

   Абдулаев Леча, Нохчийн Республикин халкъан поэт, вина  1953-чу  шеран февраль  беттан  15-чу  дийнахь  Казахстанехь.

   1957-чу шарахь Даймахка цIабирзина   кхеран  доьзал. Поэт  кхиъна   юрт  Котар-Юрт ю. 1975-чу шарахь  чекхйоккху Нохч-ГIалгIайн  пачхьалкхан  университетан  филологин  факультет. Белхаш бина  Котар-Юьртарчу  юккъерчу  школехь, ТIехьа-Мартанан а, Грозненски  а районийн  газеташкахь, «СтелаIад» журналехь.

   Еххачу  хенахь «Даймохк»  газетан  коьрта редактор лаьттина  (1990–1993-гIий, 2003–2012-гIий шераш).

   Поэзин  ялх  гуларан  автор («Хьалхара   тулгIе», «Орамашший, тIемашший», «ГIенех сан  гIенаш», «Нохчийчоь, сан Нохчийчоь», «ХIолламашший, кIарлагIашший», «Хаьржинарш»).

      Леча вевза  говза  гочдархо  санна а. Цо  нохчийн  матте  даьккхина  Антуа  де Сент-Экзюперин  «Жима Эла» туьйра а, ткъа  иштта  кхечу  къаьмнийн  цхьамогIа  поэтийн  стихаш а. Кхоллараллин  а,  юкъараллин  белхан а  лаккхара  мах  хадош,  цунна  елла   «Нохчийн  Республикин  халкъан  поэт», «Нохчийн Республикин  хьакъволу  журналист»  сийлаллин  цIерш.

   Мусалатов  Хьасан, медицинин  Iилманийн  доктор,  Россин  медицинин   Iилманийн  академин  декъашхо-корреспондент, вина  1944-чу  шеран  февраль  беттан  17-чу  дийнахь  Нохч-ГIалгIайн АССР-н  ЧIебарлойн  районан Ари-Эвлахь. Дешна  Нохч-ГIалгIайн  лоьрийн  училищехь  (1959–1963-гIий шераш), И.М.Сеченовн  цIарахчу  лоьрийн  1-чу Московски  институтехь (1969–1975-гIий шераш). ТIехдика  дешарца  институт  чекхъяьккхича,  институтан  травматологин  а, ортопедин а клиникехь  балхахь  вуьту, эххар а, оцу  клиникин   куьйгалхо а хуьлу.

   Х.Мусалатовс  йиллина  ортопедийн-травматологийн  Iилманан  школа евзаш  яра махкахь а,  генна  цуьнан  дозанал  арахьа а. Цо  кхиийна медицинин  Iилманийн  12 доктор а, 30 сов  кандидат а.  Iилманан 300 сов  белхан автор. Цунна  цкъа а хийра  дацара  Нохчийчоьнан а,  нохчийн  къоман  а дахар.

   1995–96-чуй шерашкахь  Нохчийн  Республикин  Правительствон вице-премьер а,  1999-чу шеран  декабрера  2000-чу шеран  май  кхаччалц  Нохчийн Республикин  Ханна   йолчу  Администрацин куьйгалхо  а лаьттира. Республикин  бахархошна   лоьраллин  доккха гIо  хуьлура  цо  куьйгалла  дечу  клиникера.

 Кхалхар хилла 2002-чу  шарахь.

   Жумалаева Лула, поэт, яздархо, публицист, йина февраль беттан 18-чу дийнахь Хьалха-Мартанахь. Стихаш зорбане йийлина «Орга», «Вайнах», «Нана» журналашкахь, юкъарчу гуларшкахь («Лаьттан дахар хилийта», «Лирика–90», «ЦIаро дагийна могIанаш»). «Детектор лжи», «Гнездо на ветру», «Абрисы» книгийн автор. Дешархоша дика тIеэцна «Нана» журнал диллинарг а, еххачу хенахь цуьнан коьрта редактор лаьттина а ю Л.Жумалаева.

   Россин Федерацин яздархойн а, журналистийн а союзийн декъашхо, Нохчийн Республикин культурин хьакъйолу белхахо, Нохчийн Республикин хьакъйолу журналист.

   Юсупов Iазим, поэт, вина 1940-чу шеран февраль беттан 20-чу дийнахь Девкар-Эвлахь. Дешна Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан университетан филологин факультетехь. Белхаш бина «Ленинан некъ» (хIинца «Даймохк») газетехь, Нохчийн пачхьалкхан филармонехь. «Теркаца суьйре», «Туррий, пондаррий», «Даймохк, хьо ду сан илли» стихийн гуларийн, стихашкахь язйинчу «ДоттагIийн тарх» повестан, «Iожалла къарйинарш» романан автор.    Боккха болх бо I.Юсуповс вайн мехкан истори толлуш а. Цунна тоьшалла ду цуьнан книгаш: «Нохчийчоь а, Лермонтов а», «Тарха тIерачу йозанан къайле», «Комиссарийн очакха некъ», «Серлончин дуьненахь».

   Нохчийн Республикин культурин хьакъволу белхахо.

 

№17, шинара, чиллин (февраль) беттан 16-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: