Адамийн дахарехь коьрта меттиг дIалоцу хьехархоша. Тахана суна йовзийта лаьа Соьлжа-ГIалин Старопромысловски кIоштан №54 йолчу юккъерчу школин нохчийн меттан а, литературин а хьехархо Бисултанова Бикаха.
Иза дуьнен чу яьлла Казахстанехь. ЦIадирзинчул тIаьхьа цкъа школа, цул тIаьхьа Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан университет чекхъяьккхина, 1993-чу шарахь дуьйна оццу школехь нохчийн меттан хьехархочун болх беш ю.
«Бераш кхетош-кхиорца доьзна дуккха а цхьаьнакхетарш, йиллина урокаш, къийсадаларш а дIахьо цо школехь», – дуьйцу Бикаках лаьцна школин завуча Л.Курбановас.
Нохчийн мотт хаза а, оьзда а, хьалдолуш а хилар берашна довзуьйту цо. Шен балха тIехь лаккхара кхиамаш боху.
Цунна билгало ю вайн республикин Куьйгалхочо а, дешаран, Iилманан министерствос а, Соьлжа-ГIалин мэрин дешаран департаменто а, иштта кхечу ведомствоша а цунна елла Сийлаллин грамоташ а, совгIаташ а.
Тахана а дешархойн нохчийн меттан хаарш алсамдахарехь а, кегийрхой кхетош-кхиорехь а хьанал къахьоьгуш ю Бикаха.
БААЕВА Хадижат
Авторан сурт
№17, шинара, чиллин (февраль) беттан 16-гIа де, 2016 шо