Iаьнан чилла юккъе ца яхна хIинцца бен, амма нохчийн эстрадехь къахьоьгуш болу артисташ хIинцале а кечлуш бу тIейогIучу бIаьстенна. Вайна массарна хууш ма-хиллара, бекарг (март) беттан 8-гIа де зударийн дуьненаюкъара де санна билгалдоккхуш ду малх кхетачу лаьттан массо а маьIIехь. Оцу даздаршна цкъа а юкъара ца яьлла Нохчийн Республика. Кху шарахь а зударийн дезачу денна лерина йоккха концерт яла дагахь бу артисташ. Концерт дIахьур ю 2016-чу шеран 7-чу мартехь Советийн Союзан Турпалхочун Нурадилов Ханпашин цIарахчу нохчийн къоман театрехь. Йоцца цIе тиллина артисташа шайн концертана – «БархI».
Нохчийн Республикин бахархоша массарел чIогIа везаш тIелаьцна бархI артист хир ву концертехь дакъалоцуш; Межиева Макка, Джабраилов Шерип, Суммая, Кириев Рамзан, Гайрбекова Марха, Дзагиев Джамиль, Межиева Марет, Садулаева Лариса. Концерт дIахьош хир ву театран къона актер, иллиалархо Хасанов Тимир-Булат. Цо а хозуьйтур ду шен зевне иллеш. Иштта концертехь дакъалаца кхайкхина ю желтойн эшаршлакхархо Моника Делиди. Концерт хаза, самукъане хир ю.
А. ДАЧАЕВА
№17, шинара, чиллин (февраль) беттан 16-гIа де, 2016 шо