Соьлжа-гIаларчу «Тереко» барт бина Иранан футболистаца-защитникца Мохьаммади Миладца, кхаа шарний эха шарний.
Керла футболист командех дIакхетар ву Итали пачхьалкхехь хир болчу кечаман кхоалгIачу муьрехь.
Москвахь цуьнга лоьраш хьовсар чекхдаьллачул тIаьхьа, Соьлжа-ГIаларчу «Терекан» куьйгалло куьйгаш таIийра цуьнца бинчу бартана.
Мохьаммади Милад Иранан мехкан вовшахтоьхначу командин футболист ву. «Терека» юккъе вале ткъе ши шо хан йолу футболист левзина Иранерчу «Рах Ахан» командехь.
Хь.ШАМСУДИНОВ
№17, шинара, чиллин (февраль) беттан 16-гIа де, 2016 шо