Лаьмнашна юккъехь Iуьллу жима юрт Доча-Борзе. Иза Грозненски районна юкъайогIу. Башха дукха адам а ца деха цигахь, цундела вовшийн дика девза царна. Цхьа наггахь бен хир вац оцу юьртара Тулаева Зайнап мила ю ца хууш а. Вайн республикехь гIараяьлла пондарча, йишлакхархо йолу Зайнап шен цIе даима а сий-ларамца йоккхуьйтуш ю.
Шен пхи шо долуш дуьххьара каралецира йоIа пондар. Иза цунна нанас Шеларчу базарара эцна беара. Юьхьанца дIасаийзийра цо иза, хIора пиллиг довза гIерташ. Амма дукха хан ца ийшира йоIана пондар Iама. Нанас Iамийра дуьххьарлера ноташ. Чохь берш цецбуьйлура, воккхачо санна говза пондар лакха Зайнап йолаелча. Юьжуш-гIоттуш уллера дIа ца боккхура цо иза. Нохчийн хаза мукъамаш баха йолаелира, йоккха мел хуьлу а, ша дешнаш а яздора. Иштта йолаелира эшарш лакха а.
Зайнапа дакъа ца лоцуш дIа ца доьдура школехь цхьа а цхьаьнакхетар, конкурс. Тоьлла меттигаш йохура республикин фестивалашкахь а, конкурсашкахь а. Кхиамца чекхъяьккхира цо Соьлжа-ГIалахь йолу Культпросвет училище…
Зайнапа цомгаш волу шен цIийнда лелаво 40 шо ду. ЙоI Фатима а йисина Iаш ю, шиъ бер долуш. Амма йоха ца юхуш, царна цхьа а хIума ца оьшуьйтуш, схьайогIуш ю. Кертахь йолу йоккха беш а, хас а самукъадаларца леладо оьздачу зудчо. Стоьмаш, хасстоьмаш тайп-тайпана бу церан. Вайн халкъалахь лелаш кица ду: «Аьхка хье ца кхихкинчун, Iай яй ца кхехка», – олуш. Цундела, цу беркато дийнна Iа токхе доуьйту Зайнапан доьзална. Мукъа хан зудчун вуно кIезиг ю, дан дезарш дуккха а хуьлу. Меттахь висина цIийнада Iалашван а, ков-керт лелон а, балха лела а атта дац. Шайн юьртарчу школехь берашна пондар а, эшарш а лакха Iамош ю иза.
Зайнапан дахарехь уггаре а деза совгIат ду Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана белла нохчийн къоман шира пондар. Вайнах махках баьхна де билгалдаккхарна лерина Соьлжа-ГIаларчу театрально-концертни залехь хиллачу цхьаьнакхетарехь белира цунна иза. Цо ша яьхна эшарш бIеннаш ладогIархоша а, хьовсархоша а беза мах хадош ю. Масала, «Iаьржа бIаьргаш», «Дашо чIуг», «Нохчийчоь», «Безамах къастар», «Нана», «Нохчийн кIентий», «Забаре байташ», «Хьомениг», иштта дIа кхин а. Пондар Зайнапан доттагI а хилла дIахIоьттина. Цо цунна гIо до яха а, къахьега а.
УМАРОВА ЛИЗА
Авторан суьрта тIехь: пондарча Тулаева Зайнап
№17, шинара, чиллин (февраль) беттан 16-гIа де, 2016 шо