Хьокъах лардаларан къовсам

mechet6Хизир, Илес ши пайхамар новкъаваьлла воьдуш хилла. Цхьана юьрта кхаьчна и шиъ. Уггаре а хьалха тIекхаьчначу стаге хаьттина цу шимма:

– ХIай стаг, дийцахьа, хIун ду шун юьртахь керла?

Вукхо жоп делла:

– Тахана хоттуш ши дов ду тхан юьртахь.

– Алахьа, хIун дов ду техьа и шиъ?

Дийцина юьртахочо:

– Цхьана къонахчо юхалург ахча даьккхина хилла цхьана стагера. Цунна декхар дIадалаза а волуш, иза кхелхина, аьлла, хезна къонахчунна. ТIаккха иза вахана, ша дIадала дезаш долу ахча а хьош, веллачун доьзал болчу. Хаза кадам а бина, цул тIаьхьа хаьттина цо, доьзалехь воккхах верг муьлха ву. Иза гайтина цунна, билгалвоккхуш. Къонахчо цуьнга аьлла:

– Шун дегара юхалург ахча даьхьнера ас, чIогIа хьашт хилла. Со дIадала кхиале, кхалхар хьалха дели цуьнан. Дала гечдойла. ХIара ахча дохьуш веана со. ДIаэца. Дала беркат дойла шуна.

Ахча дIа ца оьцуш, сацавелла важа.

– Хьайга тхан дас юхалург ахча деллера боху ахь? Ткъа цо тхоьга-м ма ца аьлла хьох доллуш шен ахча ду. Я весетан кехат тIехь яздина а ма дац, хьоьгара декхар схьаэца, аьлла.

– Вицвелла хир ву, – аьлла, декхар такха веанчо, –дIаэца, сайга делла ца хиллехьара ас эр а дацара…

– ХIан-хIа, – дуьхьалваьлла веллачу ден кIант, – и ахча ас хьоьгара схьаэца некъ-бакъо ца го тхуна. Ца догIуш хьоьгара и ахча схьаэцча, хьан доьзалан хьокъала гIур ду тхо. Оьцур дац оха хьоьгара и ахча схьа.

Къонахчо аьлла:

– ДIаэцахьара аш. Аш и дIа ца эцча, суна тIехь а ма дуьсу шун доьзалан хьакъ.

– Оьцур дац, – дуьхьало йина вукхо.

Эццане а цо и ахча дIа ца эцча, аьлла къонахчо:

– Делахь, кхиэле дуьллур ду-кх вай хIара гIуллакх… Иштта и дов ду-кх тахана тхан юьртахь хотту дерг, олуш, дерзийна юьртахочо.

– Ткъа хотту долу и важа, шолгIа дов, хIун дов ду? – хаьттина шина пайхамара.

– Изий? Иза дера ду, – аьлла юьртахочо, – цхьана къонахчо говр йоьхкина хилла цхьана стагана. Эца а эцна, и говр дIайигина цо. Иттех де даьлча и говр елла цуьнан. Шегара эцна и говр елла, аьлла хезча, ваьлла вахана иза и стаг волчу.

Цо цуьнга аьлла:

– Соьгара эцна и говр ели, боху-кх хьан, цомгаш а хилла. Дала диканца бекхам бойла хьан деган эшамна. Оцу говрах ахь сайна делла ахча хьуна юхадала веана со. ХIахI, дIаэца, Дала беркат дойла хьуна кхунах.

Важа дуьхьалваьлла. Цо аьлла цуьнга:

– Вайшимм, а куьг куьйгах тухуш, мах бина. Ахь йоьхкина, ас эцна. Сан долаяьллачул тIаьхьа елла говр. Лахь-йисахь бохург вайн меха юкъа лаьцна дац. Ас хьуна говрах делла ахча суна юха ца догIу. Дала хьанал дойла…

– Соьгара эцначу оцу говро цкъа мукъане а кира-мохь дIасабаьхьна а хьуний, хьан цIенний бина пайда ца хилча, ша иза кхабар, тоян гIерташ къахьегар доцург, суна хьарам ду ахь суна делла ахча. ДIаэцахьа, хьан, хьан доьзалан хьокъала ваха ца лаьар-кха суна.

ТIаккха а тIе ца вирзина говр эцнарг.

– Ас хьоьгара и ахча юха эцча, – аьлла цо, – хьан, хьан доьзалан хьакъ сох а ма хьаьрча! И къа тIелаца суна а ца лаьа…

– Иштта вовшийн хьокъах ларваран и къовсам кхин шаьшшинга къасталург а ца хилла, юьртан кхиэле диллинера цу шина къонахчо, – аьлла, жоп луш, дийцира юьртахочо Хизирний, Илесаний. Цу шимма вовшашка аьлла тIаккха:

– Хьанал адамаш ду-кха кхузахь дерш хIета. Кху меттехь дахар беркате а хир ду…

 

Муха еха хьо, йоккха стаг?

Абу-Бакар-Сиддикъ, Дела реза хуьлда цунна, ша халиф волчу хенахь шен куьйгаллехь долчу адамашкара хьал-де хаа волавелла лелаш хилла. Иштта лелаш цхьана четар чу хьажавеллачу цунна къена йоккха стаг гина ша Iаш. БIаьрзе а, гIуллакх дан гIора доцуш а хилла иза.

Абу-Бакара хаьттина цуьнга:

– Муха Iа хьо, йоккха стаг? ХIун хьал ду хьоьгахь?

– Цхьана Iаш ю со, – аьлла йоккхачу стага, – бераш гIазотехь дайина сан, бIаьрзе а, де эшна а, верас воцуш а ю со.

ТIаккха Абу-Бакара цуьнан чуьра дезарш нуй хьакхаран биста кхаччалц кхочуш а деш, йоккхачу стаге аьлла:

– Даллий, хьуний, суний бен хаа ца хууш ахь къайлах дитахь, дан деза хьан дерриге а гIуллакхаш-дезарш кхочушдан со вогIур ву хьуна, Дала мукъ лахь…

Иштта ваха а воьдуш, йоккхачу стеган терго еш хилла Абу-Бакара.

Цкъа волавелла хьожуш, лелаш хилла Абу-Бакар везир волу ХатIабан Iумар а, нахера хьал-де хаархьама. И бIаьрзе йоккха стаг йолчу четар чу кхаьчна Iумар, хьал-де хаьттина цо. Йоккхачу стага шен цхьалла а, бIаьрзалла а йийцина цунна.

– Ткъа хьоьга хьажа, дола дан верас вац хьан? – хаьттина Iумара.

Йоккхачу стага аьлла:

– Дера, верас ма вац сан. Делий, сой, шай доцчу цхьана а адамна ша деш долу гIуллакх дийца ма дийца, аьлла, цхьа стаг ву-кха со шена тIелаьцна. Цо ша мила ву ца дийцина суна. Со бIаьрзе ю…

Iумар ваьлла дIавахана. Иза мила ву хьожур ма ву ша, аьлла, ойла а еш. Къайлах тергалвеш хилла цо йоккха стаг йолчу воьдург мила ву. ХIора денна цига воьдуш Абу-Бакар-Сиддикъ гина Iумарна…

 

Д.КАГЕРМАНОВ

№17, шинара, чиллин (февраль) беттан 16-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: