Нохчийн Республикин Парламентан Председатела Даудов Мохьмада тIедилларца Курчалойн муниципальни районера хьал муха ду хьаьжира Нохчийн Республикин Парламентан Председателан заместитель Насуханов Ваха а, депутат Лечхаджиев Рамзан а.
БIачи-Юьртахь некъа тIе асфальт юьллучохь а хилира и шиъ. Цигахь дуккха а белхаш бу беш – некъаш а, кхийолу меттигаш а тоеш, хазъеш. Хууш ма-хиллара, и дерриге а беркат, Делан къинхетамца, республикин Куьйгалхочух, Россин Турпалхочух Кадыров Рамзанах долуш ду.
«Дела реза хуьлда вайн республикин Куьйгалхочунна Кадыров Рамзанна а, цуьнца цхьаьна командехь доггаха къахьоьгуш болчу цуьнан накъосташна а тхо долчохь хIара белхаш барна», – боху Курчалойн муниципальни районан бахархоша.
Насуханов Вахас билгалдаьккхира бIаьсте тIеяле оцу районера массо а юрт некъашца а, кхийолчу агIор а бахархошна аьттонаш хир болчу кепара хаза а, цIена а хилийтархьама беш болу белхаш кхин а жигарабаха безаш хилар.
– ХIара район вайн республикин хьалхара Президент, Россин Турпалхо Кадыров Ахьмад-Хьаьжа кхиъна а, ваьхна а ю. Цундела массо а хIуманна тIехь кхечарна масал хилла латта еза. Массо а юрт, шега хьаьжначун бIаьрг хьостуш, хаза а, куьцехь а хила еза, – элира цо.
И.МАТАГОВ
№17, шинара, чиллин (февраль) беттан 16-гIа де, 2016 шо