Нохчийн Республикин Парламентан Председатела Даудов Мохьмада тIедиллина ма-хиллара, Нохчийн Республикин Парламентан депутаташа кхеторан болх бо вайн республикин тайп-тайпанчу дешаран ужрежденешкахь. Иштта, кху деношкахь Нажи-Юьртан №8 йолчу гимназерчу лакхарчу классийн дешархошца а, хьехархошца а цхьаьнакхетар дIадаьхьира Демильханов Мусас. Цигахь дакъалоцуш вара Нажи-Юьртан муниципальни районан администрацин куьйгалхочун заместитель А.Исмаилов а, Нажи-Юьртан администрацин куьйгалхо Ш.Мосуев а, районан дешаран отделан куьйгалхо С.Зубайраев а, юьртарчу маьждиган имам Д.Адаев а, кхиберш а.
Цхьаьнакхетар дIадолош депутата хьехархошна дийцира тIекхуьуш йолу къона тIаьхье кхетош-кхиоран болх, мал а ца беш, жигара дIабахьа безарх а, иза иштта ца хилахь вайн кхиазхой зуламхоша дуьйцучух атта Iехабаларна кхерам хиларх а лаьцна.
– Дерриге а лардала деза интернета чохь дуьйцучу зуламечу нехан харц хабарех. ХIунда аьлча, цу чохь малхбузерчу пачхьалкхийн лерринчу службаша беш харц хьехамаш хуьлу, – дуьйцу депутата, – шаьш яздинарг доьшуш волу муьлхха а жима стаг Iехон а, иза бехк боцучу нехан цIий Iеночу тIаме хьажон а йолчу Iалашонашца экстремистийн тобанаша беш белхаш бу уьш , – бохура М.Демильхановс.
Хууш ма-хиллара, кхин цхьа лазаме хIума а ду вайн махкахь хаъал даьржина. Наркотикех пайдаоьцуш бу вайн цхьаболу кегийрхой. Уьш Хасавюьртара а, Пятигорскера а, кхечанхьара а чу кхоьхьуш ю цара. Цу хьокъехь, уьш наркотикех ларбаларе кхойкхуш, кхеторан къамел дира цо.
Депутата билгалдаьккхира наркотикаша могашалла талхийна а ца Iаш, хиндолчу ирсах а воккхуш хилар.
– Шена кханенан некъ боьхкуш ву наркотикаш лелош верг муьлхха а. Ша дакъазаваьлла ца Iаш, шен цIахь болчарна а бала бу цо шех бийриг – элира депутата.
Шен къамел дерзош массо а вуочу хIуманех чIогIа ларлуш хилар а дийхира цо дешархошка.
И.ИСХАНОВ
№17, шинара, чиллин (февраль) беттан 16-гIа де, 2016 шо