Карарчу шарахь, Россин Федерацин Правительствос федеральни бюджетехь 47 федеральни Iалашонан программина (ФЦП) ахча билгалдаьккхина. Царна юкъара 8 программа кхочушйийр ю Нохчийн Республикехь.
2009–2018-чуй шерашкахь Россин Федерацехь телерадиовещани кхиор
Оцу программица доьзна, кхушара республикехь жигара дIахьур бу пачхьалкхан телевещанин сеташ терахьийн технологешна тIеяхаран болх. ДIадаханчу шарахь республикин дерриге а доза чу а лоцуш, болх бан йолаелла терахьийн технологийн 1-ра мультиплекс (цунна юкъайогIу федеральни 10 телеканал а, 3 радио а). Карарчу хенахь 2-чу мультиплекса тIехь беш бу белхаш (цу юкъа а йогIу федеральни 10 телеканал а, 3 радио а). Цул сов, карарчу шеран чаккхенехь Нохчийн пачхьалкхан «Грозный» телерадиокомпани а терахьийн технологешна тIеяккхаран белхаш дIаболор бу. 2017-чу шарахь болх бан йолаяла езачу 3-чу мультиплекса юкъахь хир ю иза (цу юкъахь 8 федеральни , 2 региональни телеканал а, 4 радио а хир ю).
2012–2020-чуй шерашкахь ГЛОНАСС система кхиор а, цунах пайда эцар а
Оцу программица доьзна, республикин юкъараллин транспорт а, медицинин сихаллин гIоьнан а, цIеран орцанан а машенаш ГЛОНАСС системина тIетасаран белхаш кхидIа а дIабахьа безаш бу. Кхузахь ала догIу, дIадаханчу шарахь республикин юкъараллин транспорт оцу системица йоьзна хилийтаран болх дIаболийна хилар. Цу балхана куьйгалла деш ю Нохчийн Республикин транспортан а, зIенан а министерство.
ХIусамаш – 2015–2020-чуй шерашкахь
Оцу программина юкъайогIуш ю масех подпрограмма: «Къоначу доьзалашна хIусамашца кхачояр», «Коммунальни инфраструктурин объекташна модернизаци яр», «Федеральни законодательствос къастийначу бахархошна хIусамашца кхачоярца доьзна долу пачхьалкхан декхарш кхочушдар», «Цхьаболчу бахархошна хIусамашца кхачояр» (республикехь кхочушъеш яц). Программа республикехь кхочушъярна тIехь терго латтош ю Нохчийн Республикин хIусамийн-коммунальни бахаман министерство.
2010–2020-чуй шерашкахь Россин транспортан система кхиор
И программа 6 подпрограмме екъалуш ю: «Транспортан экспорт кхиор» (республикехь кхочушъеш яц), «ЦIерпоштнекъан транспорт» (Соьлжа-ГIалин цIерпоштнекъан вокзалана реконструкци яран хьалхара мур дIаболор), «Автомобилийн некъаш», «ХIордан транспорт» (республикехь кхочушъеш яц), «Чуьра хинан транспорт» (республикехь кхочушъеш яц), «Бахархойн (граждански) авиаци» (Соьлжа-ГIалин аэропортана реконструкци яран кхоалгIа мур дIаболор). Республикехь программа кхочушъяр шен тергонехь латтош ю Нохчийн Республикин транспортан а, зIенан а министерствос.
2016–2020-чуй шерашкахь Россин Федерацехь физически культура а, спорт а кхиор
Оцу программица доьзна, кхушара республикерчу Хоси-Юьртахь а, ЧIуьлга-юьртахь а, Бенахь а спорткомплексаш яран белхаш дIаболор бу. Программа кхочушъярна терго латтош ю Нохчийн Республикин физически культурин а, спортан а министерство.
2016–2020-чуй шерашкахь дешар кхиор
Махкахь кризис хIоттар бахьана долуш, оцу программица доьзна а долуш, кхушара республикехь ян леринчу 35 школех 27 бен ян ахча ца тоа мегаш хьал ду. Программа тергонехь латтош ю Нохчийн Республикин дешаран а, Iилманан а министерствос.
2011–2018-чуй шерашкахь Россин Федерацехь чуьра а, арара а туризм кхиор
«Къоьзанан Iам» туристически комплексана реконструкци яран шолгIа мур дIахьур бу кхушарахь и программа республикехь кхочушъяран декъехь. Цунна тIехь терго латтош ю Нохчийн Республикин Правительствон туризман комитет.
2013–2017-чуй шерашкахь Россин Федерацехь лерринчу операцийн службийн цхьааллин 112 номер кхоллар
Программин коьрта Iалашо ю Россин Федерацин бахархойн кхерамазалла лакхаяккхар. Республикехь «112» система болх бан йолалур ю апрель беттан чаккхенехь. Цигахь болх беш хир ву 17 оператор. Бахархойн таро хир ю шайн я мехкан кхерамазалла талхорах шеко кхоллаелча, оцу системин операторца зIене бовла. Цул тIаьхьа болу болх (хилларг ма-дарра таллар, цига оьшуш йолу службаш хьовсор) системин белхахошна тIехь буьсур бу. Программа кхочушъяр тергонехь латтош ду Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министерствос а, Россин Федерацин МЧС-н Нохчийн Республикехула йолчу Урхалло а.
И.ХАСАХАНОВ
№17, шинара, чиллин (февраль) беттан 16-гIа де, 2016 шо