ДIадаханчу шарахь Теркан районан бахархой балха нисбаран туьшан болх, коьртачу декъана, тIехьажийна бара районерчу балхахь боцчу бахархошна болх бан меттигаш нисъярна. ХIокху туьшан директоран заместитела Ж.Баштаровас дийцарехь церан коьрта декхар ду бахархойн хьашташ кхочушдар. Царах ду болх лоьхуш тIевеанчун аьтто бар, гIо дар. Туьшан белхахоша шайна тIевеана белхазхо хьесапе оьцу. Цул тIаьхьа, цуьнан говзалле, корматалле, лааме хьаьжжина цунна болх лоху.
И дина а ца Iа. Болх лоьхучун лаамца а, говзаллица а богIуш болу болх районехь ца карийча, иза белхазхо санна хьесапе оьцу. Цунна белхазаллин пособи хIоттадо. Цул тIаьхьа а ца сацадо цунна болх лахар. ДIадаханчу шарахь а хилира иштта. Цул сов, хIокху туьшахь вовшахтухура балхахь боцчу бахархошна керла говзаллаш Iаморан гIуллакхаш. Цхьаберш, леррина кхетаман болх дIабаьхьначул тIаьхьа, керла говзаллаш караерзо хьовсабора.
Цуьнца цхьаьна хаддаза тергонехь латтадора къинхьегаман рынкехь долу хьал. Хьовсура муьлхачу предприятехь, учрежденехь, организацехь белхан муьлха меттиг паргIатйолу. Оцу Iалашонца юххера зIенаш латтайора районерчу предприятийн, организацийн куьйгалхошца.
– Тхан туьшехь даима а дIахьош ду районехь белхазаллин барам лахбарна тIехьовсийна долу гIуллакхаш. Цу юкъахь ду балхахь боцучарна керла говзаллаш Iамор а, – бохура Ж.Баштаровас. – Туьшан белхахоша районан администрацин, полицин каппийн службийн, пенсионни фондан урхаллин, налогийн службийн векалшца цхьаьна рейдаш йира районерчу махлелоран а, коммерчески а объекташкахула. Кхеторан болх дIабаьхьира предпринимательшца Цул тIаьхьа цара хьесапе эца болийра шайн предприятешкахь болх беш болу белхахой. ХIинца, уьш оха а, пенсионни фондо а хьесапе эцна, уьш белхазхой санна лоруш бац.
ХIокху шеран январь баттахь дуьйна бахархой балха нисбаран туьшан белхахоша боккха болх дIахьо белхазхой санна хьесапе эцна болчу нахаца. Царна дуьйцу белхазаллина пособи а оьцуш болх бан мегарг цахиларх лаьцна. Уьш кхетабо и дан мегарг цахиларх. Иштта болх дIабахьар бахьанехь мелла а лахбелла белхазаллин пособи оьцуш берш. Дика тIеIаткъам бо болх ца беш лелачарна а, белхазаллин хьокъехь долу закон талхош болчарна а шуьйрачу хаамийн гIирсаша.
Ж.Баштаровас дийцарехь, туьше веана цхьа а стаг тидамза ца вуьту. Туьшахь дIатоьхна ду хIокху учрежденехь кхочушдеш долу дерриге а хьашташ довзуьйтуш долу тептарш. Белхахоша дIаязйо болх боцуш лелачун говзалла, корматалла. «Тхан белхан мехала дакъа ду бан болх боцуш болчу бахархошна материальни гIо дар», – элира Ж.Баштаровас. – Белхазаллина пособи делла ца Iаш, бахархой паргIатъевллачу меттигашка балха хIиттийна ца Iаш, туьшехь хIора дийнахь балхахь боцучарна хьоьху муьлха корматалла караерзийча дика хир ду, церан дог-ойла ир-кара хIоттайо. Делахь а хIора шарахь алсамбовлуш бу болх бан хьуьнар долу бахархой, тIекхуьуш къона чкъор ду. Царна болх бан меттигаш хилийтар уггаре а лазаме а, хала а гIуллакх ду. ХIокху шеран 31-чу январана тIекхочуш бахархой балха нисбаран туьшахь хьесапе эцнарг 3 290 стаг вара. Таханлерчу дийнахь белхазаллина ахча (пособи) оьцуш 2 787 стаг ву. Болх луш болчара хаам бина шайна 58 стаг оьшуш хиларан хьокъехь.
Таханлерчу дийнахь иштта хьал ду Теркан районехь болх беш йолчу бахархой балха нисбаран туьшахь. И хьал шайн ницкъ ма кхоччу тодан лууш а, гIерташ а бу туьшера белхахой а, говзанчаш а, куьйгалхой а.
Д.ПАШАЕВ
№17, шинара, чиллин (февраль) беттан 16-гIа де, 2016 шо