Ялташ хьекъорна бух тахана буьллу

basel101658_01353

Нохчийчоьнан агропромышленни комплекс меттах1уттуш хиларна къеггина тоьшалла ду шо шере даларца лаьттах пайдаэцар, кхиош йолчу юьртабахаман культурийн барам алсамболуш хилар. Т1етт1а шорлуш ю вайн латтанаш т1ехь даима а алссам пайда луш хиллачу хьаьжк1аша, маьлхах1уша, шекаран буракаша, хасстоьмийн культураша д1алоцуш йолу майданаш.

Кхеташ ду дерриге а ма-хетта цкъачунна нислуш цахилар: х1ора шарахь  барам алсамболуш белахь а, тахана а тоьаш яц аренашкахь белхаш шен хеннахь чекхбахарна оьшу техника, данне а кхачаме дац ялтийн хьекъаран коьрта г1ирс лоруш болчу минеральни удобренех пайдаэцар. Д1адаханчу шарахь, масала, республикин юьртан бахамехь ораматашна д1акхачийнарг пхи эзар тонне кхочуш минеральни кхача бен бацара. Кхузахь дустархьама билгалдоккхур вай,  оцу шарахь вайн лулахоша – Г1ебартойн-Балкхаройн Республикин латталелорхоша шайн аренашкахь кхузткъа эзар тоннал сов удобренеш яржийра.

Цуьнга хьаьжжина вовшех ч1ог1а къаьсташ бара шина республикехь юьртабахаман культурийн хьекъаран барам а. Оццу хенахь тидам   т1ебахийта хьакъ ду аьлла хета иштта бакъдерш а: кенан буьртиган ялташ кхиорехь карадерзийна керла дозанаш (цуьнан барам республикин исторехь дуьххьара ши б1е эзар тонне гергга д1акхачийра), вешан х1у хилийтарна т1ехьажийна хьалхахьа яьхна мехала г1улчаш (д1аяханчу гурахь дуьйна, коьртачунна, республикин аренашкахь кхиийначу х1ух пайдаэца болийна),   бахамашкахь гулдинчу мерзачу орамех даьккхина итт эзар тоннал сов шекар.

Ларамаза далийна масалш дац уьш. Дуьххьалд1а оцу бакъдолчара а гойту юьртан бахамехь лаьттан таронех эвсараллица пайдаэцаро, иза дуьйш-лелоран культура лакхаяккхаро хила лууш болчу гайтамашка кхачошхилар, шайна хьалха лаьтта декхарш кхиамца кхочушдан вайн латталелорхой хьуьнаре хилар.

Латта хьандаран а, цуьнца йолу токхонаш алсамъяхаран а таронаш 1аламат к1езиг йолчу хьелашкахь юьртабахаман культурийн хьекъар лакхадаккхарна т1едоьлхуш долу кхин некъаш лаха доьзуьйту латталелорхойн. Говзанчаша ч1аг1дарехь, царах цхьаъ бу шен хеннахь а, агротехникин лехамаш кхочушбеш а охана дар. К1езиг  доьзна ца 1а оцу кепах. Аренашлелорхошна шайна а зеделла, оханан дикалла лакхара мел хили а, ялтийн хьекъар алсамдолуш хилар. Цундела хир ду карарчу муьрехь б1аьстенан культурашна латта кечдарехь оцу г1уллакхана бахамашкахь алссам тидам т1ебохуьйтуш хилар.

Х1окху шарахь царна къастош йолу майданаш хаъал алсамйовлуш хилар хьесапе эцча-м муххале а. Агропромышленни комплексан белхахошна хьалха лаьтта цхьа б1е эзар гектарал сов долу латта кечдар – д1адаханчу шарахь хиллачул ткъе итт эзар гектарал сов.

Дуьххьалд1а юьртан бахаман министерствона чубог1учу бахамашкахь и болх д1абахьа беза 65 эзар гектарал сов йолчу майданашкахь (стохкачул 20 эзар гектар алсам).

Резахуьлийла дуй оцу балха т1ехь тахана долуш долчу хьолана? Дийнна схьаэцча, охана даран боларех тоам хилла бу ведомствон говзанчаш. Ца хуьлийла а дац. 17-чу февралана болчу хаамашца, агропромышленни комплексехь б1аьстенан культураш д1аерна кечдина 63 эзар гектар латта, Аьлча а, 62,2 процентана кхочушдина хьалха лаьтта декхар. Тахана бахамийн аренашкахь охана деш ю 143 агрегат.

Х1ора районах шех-шех лаьцна аьлча, б1аьстенна латта кечдарца кхиамца ларийна шелахой а, курчалой а. Х1у д1адерна билгалдина хиллачул алсам цхьацца б1е гектар   майданаш кечйина  шина районерчу бахамашкахь. Шайна т1едиллина хилла декхар кхочушдан цхьа б1е гектар гергга латта бен ца дисина Т1ехьа-Мартан районерчу бахамашкахь. Оцу белхан вовшахтохаралла лакхара ю ала мегар ду шайн декхарш 90,4 процентана кхочушдинчу шелковчанийн а, б1аьстенна 80,4 процент латта кечдинчу хьалхамартанхойн а. Церан аренашкахь тахана а ю г1уллакх деш хьалхарчохь – барх1, шолг1ачохь – ворх1 агрегат. Цо гойту хьалха лаьтта декхарш кхиамца кхочушдан цигахь ерриге а таронаш хилар.

17-чу февралана болчу хаамашца 4400 гектар майданахь охана дина Гуьмсан районерчу латталелорхоша. Аха бухайисинарг цхьа эзар гектарал жимма сов майданаш бен яц цигахь. Х1ора дийнахь кхашка йоккхуш ейтта гуота хилар къеггина тоьшалла ду гуьмсахойн белхан жигаралла лакхара хиларна, охана дар  йоццачу хенахь чекхдаккхарна цигахь алссам тидам т1ебохуьйтуш хиларна.

Ца хьахош дуьтийла яц Грозненски а, Невран а районашкахь оцу декъехь кхолладеллачу хьолах дерг. Б1аьстенна латта кечдарехь республикехь уггаре лакхара ду цушинна хьалха лаьтта декхарш. Хьалхарчохь охана дан деза 21 эзар гектар гергга йолчу майданашкахь, ткъа шолг1ачохь – 16 эзар гектарал алсам. Иштта билгалдаккха деза юьртан бахаман министерствона билгалйинчу ерриге а майданех (65266 га) ах  сов оцу шина районна кхочушхилар а.

Нагахь билггалчу терахьашка диллича, динчу оханан гайтамаш лакхара-м дера бу грозненцийн а (6562 га), неврахойн а (5418 га). Амма дан дезаш хьалхалаьттачуьнга хьаьжча, гучудолу кхоалг1ачу декъаний бен цигахь белхаш чекхбаьхна цахилар (31,5 а, 33,6 а проценташ). Нагахь хьалхарнаш и хьал нисдарна т1ехьажийна г1уллакхаш дан г1ерташ белахь – х1ора дийнахь цигарчу бахамашкахь аренашка йоккху 21 агрегат, ткъа шолг1ачохь машаре хиллачух тера ду 1аламат мехалчу оцу г1уллакха т1ехь шайн цигахь кхолладеллачу хьолаца. Иза гойту дийнахь аренашкахь г1уллакх деш 6 агрегат бен цахиларо а.

Дийнна схьаэцча, говзанчаша ч1аг1дарехь, д1адаханчу шарахьчул мелла а лакхара ду республикин агропромышленни комплексехь латта б1аьстенна кечдаран боларш. Шайна хьалха лаьтта жоьпаллин декхарш кхиамца кхочушдарца керлачу лакхенашка кхийда ойла йолуш бу латталелорхой.

Л.МАГОМАЕВ  

 

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: