Стагана баттахь хене вала оьшучу ахчанан юкъара барам – 8 475 сом

Оцу ахчанан барам цхьана шарахь лаьттар бу.7f46ce84d91859118629b7c9db898a17

  Таханлерчу дийнахь хьаштахойн «тускар»  чу уггаре а оьшуш долу сурсаташ бен ца доьлху. Ткъа церан мехаш хIора дийнахь а хийцалуш лаьтта.

Цкъа базара вахча кега-мерса хIуманах дIадолу ши-кхо эзар сом, жижигах, деман галех долуш дерг ца дийцича а. Ткъа базарахь тайп-тайпана долчу беркатах кхета дукхах болу бахархойн аьтто  ца хуьлу, хIунда аьлча бохча деса лаьтта.

Хьаштахойн тускар чу уггаре а хьалха кхачанан сурсаташ доьлху (50 процент). ШолгIа – тIе-кога юху хIуманаш, молханаш. КхозлагIа тускар чу  коммунальни, транспортан харжаш йоьлху.

– Республикерчу дукхах болчу бахархоша сурсаташ оптови рынкехь оьцу, ахчанан кхоам бархьама. Бакъду, тIаьхьарчу хенахь оптови складаш а ю еса, – дуьйцу Умарова Тамусас.

Валютийн рынкехь хIора дийнахь  хийцалуш долу хьелаш бахьанехь, сурсатийн мехаш а хийцало. (Масала, тIон жимачу ведарх дукха хан йоццуш 100 сом бен ца доьхура, ткъа тахана 200 соьме кхоччуш бу цуьнан мах).

Таханлерчу дийнахь, махлелоран дакъа хийцамашка ладоьгIуш Iаш ю. Мехаш юха а тIе маца тухур ду цхьанна ца хаьа. Ткъа хIиттинчу хьелашкахь вайна, хьаштахошна дуьсуш дерг ахчанан кхоам бар ду.

Хь.ЭЛЬБЕРТОВА

№17, шинара, чиллин (февраль) беттан 16-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: