Хонкаран эскарша тIаьхьарчу деношкахь хаддаза яккхий тоьпаш етташ ю Шемарчу Алеппо а, Латаки а провинцешкахь йолчу ярташна. Цигахь берш, коьртачу декъана, курдаш бу.
***
Шеман Iедалан эскарша кхиамца дIахьош ду «Иблисан пачхьалкхан» гIеранашна тIелатарш дар. Цара лохкуш бу террористийн коьрта шахьар хиллачу Раакера зуламхой.
***
Нигерерчу шина юьртана тIелетира «Боко Хьарам» боламера террористаш. Цигахь лаххара а 30 стаг вийна цара, чевнаш йинарш шозза алсам бу.
***
СаIудийн Аравин куьйгалло тIечIагIдина шайн тIеман истребительш Хонкарарчу базехь хилар а, уьш тIамна кийча хилар а.
***
Пенсильванехь боккха некъан-транспортан бохам хилла. Вовшахкхетта лаххара а 50 машен. Оцу бохамехь 3 стаг велла, иттех стаг лазийна.
***
США-н Iедало а, лерринчу службаша а гIолоцуш хилла Иракера бIаьхой Шеман Iедалан эскарех дIакхетта. Уьш Б.Асадехьа тIемаш бан лууш бу.
***
Колумбехь тIеттIа даьржаш ду «Зика» цамгаран ун. Таханлерчу денна цуьнца бала хьоьгуш ву оцу пачхьалкхера 31 эзар сов стаг. Ун даржош ерш, коьртачу декъана, чуьркаш ю.
***
КIирандийнахь президентийн харжамийн шолгIа тур а, парламенте харжамаш а дIабаьхьира Iаьрбийн Къилба Республикехь. Церан жамIаш тахана-кхана довзуьйтур ду.
***
Телефонехула къамел хилира Россин Президентан В.Путинан а, США-н Президентан Б.Обамин а. Цара дийцаре дира Шемара а, Украинера а хьелаш, уьш тодаран некъаш.
***
Мюнхенехь чекхъяьлла кхерамазаллин гIуллакхаш дийцаре дарна лерина хилла дуьненаюкъара 52-гIа конференци. Цигахь дийцаре дира мигранташца доьзна долу а, Шемара а хьелаш.
***
Аргентинерчу Буэнос-Айрес шахьарахь дIадаьхьира Россин а, Аргентинин а полицейскийн дуьххьарлера спортивни къийсадаларш.
***
Смоленскерчу медицинин академин юкъарIойлехь цIе ялар бахьана долуш Индера ши студентка кхелхина, бохамах кIелхьарваьккхина лаххара а 200 стаг.
№17, шинара, чиллин (февраль) беттан 16-гIа де, 2016 шо