Ешархошна хаза кхаъ хилла Айдамиров Абузаран цIарах йолчу къоман библиотеке 7000 книга еана хиларх. Нохчийн Республикин культурин министерство ю къоман библиотекин книгийн фонд тIеюзарна тIехь къахьоьгуш. Цу хьокъехь библиотекин директоран Исраилова Сацитин къамел хилира тхоьца. Цо билгалдаьккхира дIадаханчу Литературин шарахь книгийн фонд 30 000 книгина алсамъяьлла хилар а, хIокху шеран январь баттахь библиотеке 7 000 книга еана хилар а.
Шайн книгийн фондашкара книгаш еллачу организацешна баркалла а олуш, Исраилова Сацитас церан цIерш ехира: Б.Н.Ельцинан цIарах йолу библиотека (5000 книга), М.В.Ломоносовн цIарах йолу Москван пачхьалкхан университетан политологин факультетан пачхьалкхан политикин кафедра (500 книга), «Марджани» фонд (350 книга), Театральни гIуллакххойн союзан библиотека (800 книга), иштта дIа кхин а. Къоман библиотекин книгийн фонд тIеюзарх мелла а алсам дуьйцур ду оха рогIерчу цхьана номерехь.
З.ЛОРСАНОВА
№17, шинара, чиллин (февраль) беттан 16-гIа де, 2016 шо