Могашалла Iалашъяран хьашташ кхочушдар кхин а толур ду

    Нохчийн Республикехь могашалла Iалашъяран декъехь хаамбар (информатизаци) кхиоро дарбалелоран хьашташ бахархошна бегIийла а дийр ду, церан дикалла лакха а йоккхур ю.182608_1251726941dd

    И гIуллакх дагалаьцна ду 2014–2020-чуй шерашна лерина йолу «Нохчийн Республикин могашалла Iалашъяр кхиор» программа кхочушъяран декъехь.

Нохчийн Республикин финансийн министерствон дешаран а, могашалла Iалашъяран а, спортан а декъехь йолчу бюджетан политикин департаментан директора Тарамов Булата хаам ма-барра, лакхахь билгалъяьккхинчу программин могашалла Iалашъяран декъехь хаамбар кхиоран дакъа кхочушдинчул тIаьхьа (2020-чу шеран чаккхенехь), компьютерца болх беш боцучу могашалла Iалашъяран белхахойн (лоьрийн а, медйижарийн а) барам дикка лахлур бу. Вуьшта аьлча, дукхах болу болх компьютерехула чекхбоккхур бу. Цул сов, хаамбар юкъадалоро электронни кепехь шайн медицинин карташ долчу бахархойн буьззинчу барамехь терго ян, церан хьашташ кхочушдан таро лур ю (хIунда аьлча, уьш берриге а компьютерш чохь дIаязбина хир бу). Иштта, дарбалелоран учрежденийн лаборатореш коьртачу архивана тIетаса а, жамIашдаран кехаташ электронни кепехь яздан а йиш хир ю.

Могашалла Iалашъяр кхиоран программин билгалдаьккхина долу дакъа (подпрограма) кхочушдийр ду федеральни а, регионан а бюджетийн чоьтах. 2014–2020-чуй шерашкахь оцу подпрограммина къастош долчу ахчанан юкъара барам 593 миллион 103 эзар сом бу. Цу юкъахь федеральни бюджетера – 143 миллион 700 эзар сом а, республикин бюджетера – 449 миллион 403 эзар сом а.

Карарчу шарахь оцу гIуллакхана федеральни бюджетера 109 миллион 200 эзар сом къастор ду, республикин бюджетера а – оццул.

Дерриге а ахча вайн республикехь Могашалла Iалашъяран пачхьалкхан хаамийн юкъарчу системин регионан дакъа кхочушдарна тIехьажор ду. Цу юкъадогIу республикин могашалла Iалашъяран учрежденешна оьшуш болчу гIирсашца (терахьаш) лоручу техникица кхачояр, программировани яр, дархочунна гIодарехь телемедицинин таронех пайдаэцар, хаамийн кхерамазалла латтор (бахархойх болу хаамаш ларбар), и.дI.кх. Оцу дерриге а гIуллакхаша дикачу агIор тIеIаткъам бийр бу вайн республикехь могашалла Iалашъяр кхиорна. 

А.ХАСБУЛАТОВА

№17, шинара, чиллин (февраль) беттан 16-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: