Иза Россин пачхьалкх сица а, кхетамца а, идеологически а чIагIъяр ду
ХIокху шеран 17-чу февралехь Нохчийн Республикехь дуьххьара шен кхеташо дIахьур ю Изборски клубо. Соьлжа-ГIала масех дийнахь экспертийн даггарчу къамелийн, ирачу къийсамийн хьаьрма хилла дIахIуттур ю. Кхеташо дIаяхьар юкъадаьккхинарг а, иза вовшахтоьхнарг а Умаров Джамбулат коьртехь волу Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министерство ю.
Масех де хьалха оцу клубан декъашхочо, Россин Юкъараллин палатин декъашхочо, геополитикийн экспертизийн Туьшан директора Коровин Валерийс ша еллачу цхьана интервьюхь дийцира: «Изборски клуб иза идеологин спецназ ю. Иза оцу минотехь дIакхочу кхолладеллачу хьолах лаьцна идеологин кхетам бала безачу метте а, идеологин болх дика дIахIоттийначу метте а. Тахана Нохчийн Республика ю терроризмана дуьхьал дIахьочу къийсамехь Россин хьаштийн гIаролхо хилла лаьтташ». Цундела Нохчийчу ван лиъна В.Коровинна.
Д.ПАШАЕВ
№17, шинара, чиллин (февраль) беттан 16-гIа де, 2016 шо