Берашка садаIийтарна – 358 миллион сом

Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана шен хIора дийнан балхахь уггаре а коьрта лоруш долчу гIуллакхех цхьаъ ду тIекхуьучу къоначу тIаьхьенан дахар могаш а, ирсе а хилийтарна оьшу дерриге а хьелаш кхоллар. Оцу Iалашонца еш ю вайн регионехь берийн бошмаш, садаIаран паркаш, спортан комплексаш, кхиерш. Республикин Куьйгалхочун  тIедиллар кхочуш а деш, боккха тидам тIебохуьйту берашка садаIийтарна, церан могашалла дика хилийтарна, дахар аьхна хилийтарна.

   Нохчийчоьнан къинхьегаман а, болх нисбаран а, социальни кхиоран а министерствон доьзалан политикин департаментан  директора Джемаев Рустама дийцарехь, хIокху шарахь вайн республикерчу 18 эзар беро садоIур ду Россин тайп-тайпанчу регионашкарчу курорташкахь. «Оха хIинцале дIадолийна цунна кечамаш бар. Республикерчу берийн могашалла чIагIъярна леринчу гIуллакхашна лаккхарчу жоьпаллица тIедахана тхо. Хьалххе гIайгIа а бина, регионан бюджетера 358 миллион сом ахча билгалдина оха берашка садаIийтарна. Оцу ахчанах 125 миллион сом хьажор ду дахаран халчу хьелашкахь нисделлачу берийн могашалла тояран гIуллакхаш дIадахьарна», – бохура Джемаев Рустама.

ХIокху шарахь садаIийта дахийта леринчу 18 эзар берана юкъахь ах гергга дахаран халачу хьолехь нисделла бераш хир ду: буобераш, гIийлачу доьзалшкара, баккхийчу доьзалшкара бераш, заьIап бераш, шайн белхан декхарш кхочушдеш кхелхинчу бакъонаш ларъяран органийн белхахойн бераш. И дерриге а бераш хIокху аьхка 21 дийнахь садаIийта тайп-тайпанчу лагершка а, санаторешка а, курорташка а дохуьйтур ду. СадоIучу муьрехь вовшахтухур ду берийн могашалла чIагIъяран гIуллакхаш. Оьшуш хилахь дарбанаш а лелор ду.

Департаментан директора дийцарехь, таханлерчу денна тIекхочуш министерствон говзанчаша дIахьош ду берашка садаIийта билгалъеш йолчу учрежденешка заявкаш яхьийтар а, путевкаш эцар а. Цуьнца доьзна дийцарш дIахьош ду Къилбаседа Кавказан регионашкарчу а, Россин кхечу субъекташкарчу а берашка садаIийтарна леринчу учрежденийн куьйгалхошца. Уьш, дукхахдерш дерзадо билггал барташ барца. «Нагахь санна берашка садаIийтаран учрежденешкара хьелаш вайн лехамашна жоп луш хилахь, цаьрца барт бо. Министерствос бечу лехамашна юкъахь бу хIора дийнахь берашка пхоьазза токхе кхача баийта безаш хиларан лехам. Вайн бераш тоьллачу курорташка а, лагершка а бен дохуьйтур дац. Цул сов, садоIуш долчу берийн терго еш хир ю психологийн леррина тоба. Цуьнца цхьаьна министерствон говзанчаша, оцу курорташка а, лагершка а лелаш, терго латтор ю берашка садаIийтаран хьелашна тIехь», – чIагIдира Р.Джемаевс.

Иштта декхар министерствона хьалха хIоттийна вайн регионан Куьйгалхочо.

 

Д.АНАДЕВ

№17, шинара, чиллин (февраль) беттан 16-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: