Проектан толамхой декъалбира Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана
И гIуллакх Шелан районан администрацис дIадаьхьира региональни юкъараллин «Къонахчун дахар» организацица цхьаьна этнографин «Шира-Юьртахь».
Вайн республикерчу 17 районера кегийрхой, кхузаманан цхьана а кепара гIирсаш а боцуш, телефонаш а йоцуш, цхьана баттахь Iийра «Шира-Юьртахь». И хан цара вайн дайша хьалха ма-яккхара яьккхира: бууш цIена кхача а болуш, спорт лелош, шаьш бинчу гIирсех пайда а оьцуш.
Даздаран хьолехь Нохчийчоьнан Куьйгалхочо проектан толамхошна совгIаташ делира.
«ЧIогIа хазахета вайн кегийрхоша вайн дайша лардеш схьадеана долу гIиллакхаш, Iадаташ, ламасташ довзуьйтуш долчу гIуллакхашкахь дакъалоцуш хилар», – элира Р.Кадыровс, толамхошна а, проектан берриге а дакъалацархошна совгIаташ дIа а луш.
Хьалхара меттиг яьккхира Хьалха-МартантIерчу вахархочо Магомадов Мохьмада. Цунна вайн Республикин Куьйгалхочо Сийлаллин грамота а, А-Хь.Кадыровн цIарахчу региональни юкъараллин фондан цIарах мехала совгIат а дира.
Республикин культура кхиорна мехала дакъа юкъадилларна а, хьанал болх барна а Шелан районан администрацин куьйгалхочунна Ибрагимов Турпал-Iелина а, билгалбевллачу культурин белхахошна а Республикин Куьйгалхочо Баркаллин кехаташ делира.
Проектан дакъалацархоша Р.Кадыровна верта, куй, тIеман гIирсаш белира.
Л.ИБРАГИМОВА
№17, шинара, чиллин (февраль) беттан 16-гIа де, 2016 шо