Кху деношкахь Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана министерствийн, районийн куьйгалхошца а, Iеламнахаца а дIаяьхьначу кхеташонехь дийцира кегийрхой кхетош-кхиоран декъехь беш болчу балхах лаьцна.
Иштта, оцу цхьаьнакхетарехь дакъалецира Нохчийн Республикин Парламентан Председатела Даудов Мохьмада, регионан Куьйгалхочун, Правительствон Администрацин куьйгалхочо Кадыров Ислама, Нохчийчоьнан муфтис Межиев Салахьа, кхечара.
Кхеташонехь кегийрхой кхетош-кхиоран Цхьааллин концепци кхочушъярх лаьцна дийцира Нохчийчоьнан Куьйгалхочун, Правительствон Администрацин динан а, юкъараллин а организацешца зIенаш латторан департаментан директора Дадаев Ризвана.
– ХIокху тIаьхьарчу кхаа шарахь экстремизмана, терроризмана, наркоманина профилактика ярна лерина 59 эзар гIуллакх дIадаьхьна. Цул сов, республикехь дехаш долчу халкъийн культураш кхиорехь къа а хьегна, – бохура цо.
Кадыров Рамзана билгалдаьккхира кхетош-кхиоран белхаш кегийрхошца дIабахьар чIогIа мехала хилар. Цо дийцарехь, радикализман, ваххабизман идеологийн вуочу тIеIаткъамах Iалашдина хила деза тIекхуьу чкъор.
– Шаьш бусалба дин леладо бохуш, дуьненна а бале бевллачу оцу нахах ларбан беза вайн кегийрхой. Уьш ларбарехь белхаш кхин а жигара баха беза вай, хIунда аьлча кегийрхой вайн кхане ю, – элира регионан Куьйгалхочо.
Кхеташонехь дакъалоцуш хиллачу Межиев Салахьа билгалдаьккхира къона тIаьхье ийманехь кхетош-кхиоран Цхьааллин концепцис республикехь бехаш болчу бусалба нахана юкъара юкъаметтигаш чIагIъеш хилар.
– И Концепци бахьана долуш республикин министерствоша, ведомствоша, юкъараллин организацеша, Iеламнаха кегийрхой ийманехь, оьзда кхетош-кхиоран гIуллакхаш цхьаьна дIахьо, – элира С.Межиевс.
Цхьаьнакхетар дерзош, Кадыров Рамзана, дика болх барна баркалла а олуш, баркаллин кехат делира Дадаев Ризванна.
Р.РАМЗАНОВ
№17, шинара, чиллин (февраль) беттан 16-гIа де, 2016 шо