Дукха хан йоццуш «Красноярски газетехь» зорбатоьхна яра оцу изданин корреспондента Ю.Чигишевс Красноярски крайн Граждански ассамблейн Советан (Юкъараллин палатин) председателера Менщиков Алексейгера эцна интервью. «Кхана тIом хилира» ю интервьюн цIе. Вайн тидам цунна тIебахаран коьрта ши бахьана ду. Хьалхарниг – А.Менщиковс вайн махкахь кхолладелла долчу хьолан, бIе шо хьалха а, цул тIаьхьа а хиллачуьнца дустарш а далош, кIорггера хьесап дар а, шена хетарг майрра довзийтар а. ШолгIаниг – Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана либералийн хьокъехь аьлларг цо дуьззина къобалдар а.
Интервьюн юьххьехь А.Менщиковс дIахьедо: «Суна хетарехь, Кадыров бакъ ву. Иза бакъ хиларх кхето хьожур ву со хIинца. Шен амалехь ма-хиллара, цо шена хетарг майрра схьааьлла. Кхиберш а бу цунна хеттарг хеташ. Амма, уьш ца баьхьа шайна хеташдерг дIаала. Ца баьхьа Россера либералаш Iедална а, махкана а вуон болх хила лууш бу ала, уьш пачхьалкх йоха лууш бу ала, уьш ямартхой бу ала…»
Ткъа Кадыров Рамзана, дуьненна а хезаш дIакхайкхийна либералаш мохк бохо лууш бу, Даймахкана ямарт бу, аьлла. Цуьнан и дешнаш къобалдина Россих дог лозуш, цунна дика болх хила лууш болчу вайн берриге а махкахоша. Кхечу кепара хуьлийла а дацара. Амма таханлерчу либералашна, цу юкъахь КасьяновгIарна, НавальнийгIарна, ЯшингIарна, кхечарна чIогIа ца тайна Нохчийчоьнан Куьйгалхочо шайн хьокъехь аьлларг. Бакъдерг къаьхьа ду-кх, харцлер, питанаш даржор дезачарна муххале а.
ТIаьхьарчу хенахь Малхбузенан пачхьалкхаша чIагIбина Россина а, цуьнан Президентана а дуьхьал дIахьош болу хаамийн тIом. Царна тоаме ца хета Россина дуьхьал экономикин а, политикин а санкцеш яр. Ма-дарра аьлча, оцу санкцеша Iамаркана а, Евросоюзана юкъайогIучу пачхьалкхашна а моьттинарг, лиънарг ца дина вайн махкахь. Ткъа царна халкъ гIоттийла, Iедална дуьхьал долийла лаьара, халкъа юкъахь резадацар кхолла лаьара. Оцу Iалашонца карзахъяьккхина Малхбузено Россера либеральни оппозици. Цунна ахчанца а, дуьненан аьтто барца а гIо деш. Цуьнан гIоьнца Россин Президент В.Путин даржах вохо, Россин халкъашна юкъахь питана таса сатесна ю Малхбузе. Иза дика гуш хиларна дина Кадыров Рамзана дуьненна а гIарадаьлла долу оппозицин хьокъехь долу дIахьедар. Иза иштта хилар чIагIдо А.Менщиковс а.
Цо иштта билгалдоккху: «Цхьаболчарна моьтту хир ду вайн пачхьалкхан баьчча даржера вохийча Малхбузе соцур ю. И моьттуш верг чIогIа галваьлла ву. Путин даржера дIаваьккхина Iен дагахь яц Малхбузе, иза Росси йохо лууш ю, махкахь питана даржо, халкъашна юкъахь жахьталла кхолла лууш ю. XII-чу бIешарахь санна Росси масийтта декъе екъа лууш ю. ТIаккха цунна тIехь олалла дан атта хир ду Малхбузенна. Цуьнан и Iалашо евзаш волчу Кадыров Рамзана ма-дарра гучудаьккхина либеральни оппозицис лелош долу маьIна. Цо даррехь дIагайтина ша Россин Президентан В.Путинан некъ буьззина къобалбеш хилар а, къоман баьччина муьтIахь хилар а, Россин бакъволу патриот хилар а. Иза а хьахадо шен интервьюхь А.Менщиковс.
Р. Кадыровс бохург къобалдеш, цуьнан ойланехь бу тахана махкара дукхах болу бахархой. Малхбузено Россина дуьхьал дIахьош болу къийсам гуш бу царна. Дахар мел чолхе даларх а Iедална дуьхьал бевр болуш а бац, гIаттамаш бийр болуш а бац. Уьш дика кхета: Малхбузенна товш яцахь, Росси нийсачу новкъахь ю, вайн махкахь хуьлуш дерг къобалдеш дацахь – Росси нийсачу новкъахь ю, цхьаннах а йозуш йоцу шен чоьхьара а, арахьара а политика дIахьош ю. Росси чIагIлуш ю. Иза цадезало Малхбузенна. Цундела гIерта Росси гIелъян, халкъ карзахдаккха. Ткъа либералаш-оппозиционераш цунна бохкабелла.
Цунна боху-кх А.Менщиковс а: «Кадыровн ойланехь ву-кх со а. Либералаш Даймехкан ямартхой бу. Кхин муьлш бу уьш, ямартхой бен? Нагахь уьш шайн махкана вуон болх хила лууш хилча, нагахь кхечу пачхьалкхашкара ахчанаш оьцуш хилча, нагахь уьш вайн мехкан халонех баккхийбуьйш хилча, ямартхой ца хилла кхин муьлш бу уьш? Цаьрца дерг къаьстина ду».
Красноярски крайн Граждански ассамблейн Советан председательна хетарехь, Росси а, цуьнан куьйгалла а цхьана а хIуманна тIехь, Малхбузенна хьалха корта охьа а таIийна, юхадала мегар дац. Цкъа юхадовлахь, юх-юха а Малхбузено бохург дан дезар ду, цуьнан лаамна кIел гIур ду эххар а. Хилийта йиш йоцург ду иза. Вайна гуш ду тахана Украинах, кегийчу кхечу пачхьалкхех хилларг а, хуьлуш дерг а. Украинан куьйгалла тахана Iамаркан а, Европин а бага хьаьжна Iаш ду, цаьргара пурба доцуш шайн махкахь цхьа а хийцам бан ца хIуьттуш. Шайн мехкан дай бац уьш.
Ткъа Росси маьрша, цхьаннах а йозуш йоцу, сийлахь-йоккха пачхьалкх ю. Цуьнан хьашташ лардар, цунна муьтIахь хилар Россехь вехаш мел волчун сийлахь декхар ду, муьлххачу къомах иза велахь а. И ду-кх Кадыров Рамзана бохуш дерг а, махко, халкъо къобалдеш тIеоьцуш дерг а. Ша а царна юкъахь хилар ца лечкъадо А.Менщиковс.
Цо дийцарехь вай даккхийдедан деза Малхбузенан шуьйрачу хаамийн гIирсаш а, политикаш а вайна реза цахиларх. Делахь-хIета вай нийсачу некъа тIехь ду. Иза мел хала, чорда белахь а вайн некъ бу. Цу тIера дIасатаIа а ца деза.
Нохчийн Республикин Юкъараллин палатин председатела ГI.Батаевс билгалдаьккхина ма-хиллара, вайн мехкан бакъболчу патриоташа массара а къобалдеш тIеэцна Нохчийчоьнан Куьйгалхочо Кадыров Рамзана либеральни оппозицин хьокъехь дина къамел. Царна юкъахь веккъа цхьа А.Менщиков хилла Iаш вац, Россин регионашкарчу Юкъараллин палатин декъашхой а бу. Цара боккха лерам бо вайн республикин Куьйгалхочун. Иза вайна дозалла а, юьхькIам а бу.
Д.ХУСЕЙНОВ
№18, еара, чиллин (февраль) беттан 18-гIа де, 2016 шо