Берийн кхоллараллин цIийнехь билгалдовлу похIме бераш. Дика хелхаваларца, илли аларца я куьйгана говза хиларца доьзна хуьлу иза. Иштта, Соьлжа-ГIалин Ленински районан Берийн кхоллараллин цIийнехь долчу берашна юкъахь къаьсташ ю Асланбекова Раяна.
Москвахь дIахьош йолчу берийн Дуьненаюкъарчу «Голос» конкурсехь дакъалаца новкъаяьккхина иза хIокху деношкахь. Иза вайн Нохчийчуьрчу берех дуьххьара ю оццул мехалчу проектехь дакъалаца яханарг. Дуьненан массо а меттигерчу берашна юкъахь дIабаьхьначу къовсамех чекхъяларо а гойту иза башха аз долуш хилар.
Раянин похIмах лаьцна дийцира Берийн кхоллараллин цIийнан директора Исапаева Мадинас:
«2013-чу шарахь дара, Раяна Берийн кхоллараллин цIийне еача. Дукха хан ялале тхан тидам хилира цуьнан дика а, шатайпа а аз хиларан. Цул сов, йиш локхучу хенахь, шен башха аз хазийтина а ца Iаш, сцени тIехь лела а хаьара цунна. ХIетахь дуьйна районан а, гIалин а, республикин а конкурсашкахь жигара дакъалоцуьйтура оха цуьнга. Даима бохург санна, толаман меттигаш а йохура Раянас. Тхуна иза боккха юьхькIам а бара. Районан конкурсехь тIеман-патриотически «Бухенвальд» эшарш инсценировка еш и йиш Раянас лекхира. Цу конкурсехь хьовсархой шен озаца цецбаьхна ца Iаш, актеран хьуьнарш а гайтира цо. Дукхах болчу хьовсархойн бIаьргаш чу хиш диссинера. Цигахь йоIа хьалхара меттиг яьккхира. Раяна похIма долуш хилар нахана хаийта а, иза вайн махкахошна йовзийта а лиира тхуна. Иштта, конкурс кхайкхийча, цо толам боккхург хиларах цхьа а шеко ца кхоллалуш, иза йохуьйтура оха. ХIоразза а толам баккхарца хьехархойн а, нийсархойн а шех болу тешам кхин а чIагIбора цо».
ДIадаханчу шарахь дIаяьхьначу республикин «Созвездие» фестивалехь «Вокал» номинацехь хьалхара меттиг яьккхина Раянас. Республикин «Красная гвоздика» конкурсан толамхо а хилла иза. Районан, гIалин я республикин цхьа а конкурс ца хуьлу цо дакъа ца лоцуш. Иштта, иза Iемаш йолчу Берийн кхоллараллин цIийнехь «Золотой голос – 2015» къастийра иза.
Соьлжа-ГIалин №3 йолчу гимназехь 9-чу классехь доьшуш ю Раяна. Тайп-тайпанчу предметашкахула олимпиадашкахь дакъалоцу цо, цигахь толаман меттигаш а йоху. Билгалдаккха лаьа, Раяна школехь дика доьшуш хилар. Массо а предметана пхеаннаш ду цуьнан. Цхьаболчеран хаттар кхолладала тарло, массанхьа муха ларайо-те аьлла, делахь а, ша мукъа йоккху цхьа минот а эрна хеташ, даима а къахьега лууш йоI ю иза. «Къона кадыровцаш» организацин декъашхо ю иза.
Ша баьхначу толамех, кхиамех тоам беш яц иза. Цунна даима а кхиа лаьа ша хаьржинчу новкъахь. Иштта, ингалсан а, франкойн а меттанаш Iамош ю йоI. Тайп-тайпанчу меттанашкахь эшарш локху цо, ненан маттахь йиш локхуш къаьсттина хазахета Раянина. Вай даггара теша, берийн «Голос» конкурсехь Раянас толам боккхург хиларх.
З.МИРЗОЕВА
Суьрташ тIехь: Асланбекова Раяна, цуьнан гергара нах а, нийсархой а
№18, еара, чиллин (февраль) беттан 18-гIа де, 2016 шо