ТІаьхьабисина хастам

(Гайтукаева Банин 55 шо кхачарна лерина)

Цхьа ши мур богІу-кх хІора адаман дахарехь, цуьнга ша-шен дола ца далуш. Хьо жима волуш,  аганахь тахко везаш хуьлу хьо, ткъа велча,  бармахь айба вуьсуш ву хьо…

Аганара болийна некъ барманахь хедаш бу. Оцу некъан цІе Дахар, Кхоллам, Азалла ю. Ткъа и некъ муха бан беза? Ваха муха веза? Муха веза вала? Дера веза, дуьххьара хьо дуьнен чу ваьлча, хьох воккхавеш техкийна долу хьан ага санна, хьо велча хьайн лоцу барма цхьана а дена дегаза айба ца дезаш, оьзда, хаза, ийманехь ваьхна чекхвала. Диканиг, оьзданиг шен цхьана доьзална, хІусамна велла ца Іа. Иза шен юьртана а, махкана а ле. Иштта яьхна, вайна юккъера бакъдуьнена бирзинчу вайн йижарех цхьаъ яра шен сица, маттаца, ойланца шатайпа йо1, поэт хилла йолу Гайтукаева Бана.

долгр 0091

Иза яьхнера вайх хІора а шен йиша-ваша хилла ган лууш. Шен доцачу дахаран хІора де, Делан дуьхьа, къоман дуьхьа закатна декъна кхачаелла яйра иза.

Тамашийна нисло-кх хьуна дахарехь,  хьо хилар хьайна гуонахачарна гайтархьама, хІара дуьне а дуьтуш, дІаваха везаш хуьлу-кх…

Гайтукаева Бана – бакъйолу  нохчи, оьзда йоІ дукха ца яьхна вайна.

Хьенан, мила яра иза, нохчийн муьлххачу а юьрто дозалла даллал яхь, къонахалла шеца хилла йоІ?
Гайтукаева Бана дуьнен чу яьллера 1959-чу шеран 23-чу февралехь ТІехьа-Мартан кІоштан ВаларгтІе юьртахь. Гайтукаев Мустафан а, Розин а бархІ доьзалхочух цхьаъ яра иза.

Нохчийн а, гІалгІайн а халкъаш махках даьхна де дара иза йина 23-гІа февраль. Цуьнан дІаялар, аьлча а, Дала иза дІайигар, нисделира вайн къомана тІе боккха бохам тІекарча болалучу муьрехь – 1994-чу шеран 18-чу мартехь. Карарчу 2014-чу шеран 23-чу февралехь 55 шо кхочур дара цуьнан, амма кхача ларийнарг 35 шо бен дацара… Йина де карладаларал а сов, тахана нохчийн къоман оьздангаллах лаьцна вай мелла а алсам дийца даьккхинчу юкъана боккхачу дагахьбалламца карлаюьйлу иза. Ша евзинчарна ша езийта хаарна, ойланаш, дагалецамаш цІена бисина цунах. Цунна дезнарг, цо сатийсинарг, хаддаза шен кхоллараллехь кхайкхийнарг: ийман-ислам, нохчалла-къонахалла, тахана Нохчийн махка цІадерзо гІерташ вай хьийзачу дийнахь: «ХІинца ду хьуна тхо ахь хІетахь, дуккха а хьалха тхайга баьхнарг хезаш», – олуш цкъа бина а, шен хастам бан вайца яц иза.

ТІаьхьабисина хастам… Шен хеннахь вай цунах ца бина хастам…

 

Дахаран гІулчаш

1966-чу шеран 1-чу сентябрехь яхара иза ВаларгтІерачу №1 йолчу юккъерчу школе деша.

1976-чу шарахь школа а яьккхина, юьртан библиотеке балха хІоьттира. Цигахь киншкашна юккъехь карадора цунна шен синан хьогалла йойъу ирс. Йоккха марзо оьцура нохчийн маттахь книгаш йоьшуш. Къайлаха сатуьйсура шех университетан студент хила тарлучу дийнах.

1986-чу шарахь рицкъ хилира Банин нохчийн пачхьалкхан университетан къоман отделене деша яха.

1991-чу шарахь очни доьшуш чекхъяьккхира иза. Цхьана шарахь ша дешначу университетехь болх а бира. Оццу 1991-чу шарахь Яздархойн союзе тІеийцира Бана.

Нохчийн мотт безаро ирхенаш яха ницкъ луш буцура кхолламо цуьнан дахаран некъ. Радио – иза яра цунна чІогІа езаш. Къаьсттина нохчийн маттахь кечъеш йолу передачаш, кІирандийнахь хуьлуш йолу «Шун дехаршца хІоттийна концерт» боху эфиран хан. «Океан» олучу туьканна уллехь яра хІетахь вайн радио. Халахетарш, хазахетарш девзаш болх бо цо цигахь.

Нохчийн халкъан кхолламехь хала даьхкира 90-гІа шераш. Дайх а, Делах а дІахаьддачу наха бале лецира вайн жима мохк. Халкъ дийкъира, ткъа декъна бевлча кхин а атта дакъаза а даьккхира. Цхьаболчу нахана галешкахь тІеоьхура атта соьмаш, ткъа вуьйш пачхьалкх «тІедиллина» ян дІахІиттийра. (Дукхахболчарна дагайогІу беттанашкахь, шерашкахь луш алапаш  доцуш белхаш бина зама).

Иштта, далаза масех бутт баьлла долу шен алапа схьаэцна, Дзержински урамехула шен накъосташца йогІуш хилла цхьана дийнахь Бана. ГІийла пондар озош, сагІа доьхуш Іачу воккхачу стагах бІаьрг кхетта Банин. Хийрачу махкахь 13 шарахь ца дехна сагІа, тахана шен цІахь деха дезар тІехІоьттина йиш йоьхначу стагах къахетта хьаьвзина иза. Къахетар кІезиг ала догІуш, доккха эхь хетта шена гуш долчу суьртах. Жимма соцунгІа хилла, шеха-а сиха дехар дина Банас: «Ас сайгара хІара ахча хьайна дІаделча, хІокху пондаран сий ца дойуш, хьайн цІа гІур варий хьо, Ваши?», – аьлла. Х1инццалц  дог-ойла г1атто, самукъадаккха я шегара бала д1абийца бен кхин маца лекхнера нохчичо дечиг-пондар?.. Саг1а деха  цкъа а ца аьллера цуьнца илли…Керла пачхьалкх кхуллу бохуш гІевттинчу хьарамчу нехан политика ца езара цунна. Тахана а Иорданехь вехаш волу вайн махкахо, Иорданин Парламентан депутат Іабдул-Бакъи Джамо веара Соьлжа-ГІала. Шена хетарг дуьйцуш, пресс-конференци йира цо. Ша сатийсина ДегІаста шен йоцчу амале, гІиллакхе ерзар лан ца луш волчу цо къамел дира, Іедалан коьртехь болчаьрга бехк боккхуш. «Нохчийн махкара хІара ирча сурт ца ган ши бІаьрг боцуш, кхунна тІе ца ван ши ког боцуш хуьлуьйтур вара ас со хІинца. Ма довла дакъаза, иштта ца кхуллу бусалба пачхьалкх», – бохуш, къамел дина халчу хІоьттинчу Іабдул-Бакъис. Пресс-конференци чекхйоллушехь, неІарехь лаьттачу ха дечу наха хІора а журналистера кассеташ схьаяьхна хилла. Ткъа Банас шен диктофонан кассета хийца а хийцина, шена оьшург, кІелхьараяьккхина, сихха радиокомитете схьакхачийна. Юкъа хан ца юлуьйтуш, эфире даьккхина Джамос дина къамел. Юкъа 20 минот хан а ца йолуш, веана радио схьакхаьчна Яндарбиев Зеламха. Бана балхара дІаяьккхина.

Цул тІаьхьа Ленински районан Берийн кхоллараллин цІийне балха яхара иза.

 

Вешин дагалецамаш

Банин  гергарчу нахах къамел хьахаделча, цуьнан йиша-ваша лаха юьйлира со. Нана Роза 2006-чу шарахь Бана йинчу 23-чу февралехь дІаяьлла хилар хиира. Бана шен ешархошна шен кхоллараллица евзинера. Ткъа иза доьзалехь, чохь-арахь муха яра, шен децІенна муха йоІ яра хиира тхуна  Банин жимах волчу вешин Гайтукаев Іальвин дагалецамашкара. (Іальви Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн институтехь хьоьхуш ву карарчу хенахь). ГайтукаевгІеран 6 вешех Муса, Мовсар кхелхина, ткъа Бислан вайна лоруш ву. Соьлжа-ГІалин Заводской районехь ехаш ю Банин йиша Зоя.

Доьзалехь массарех  къаьсташ хилла Бана. Шена лерина хІума доцуш, шех бала хиларна кхоьруш, са оьзда, са сема. Дала цхьа шатайпа г1иллакхаш, амалш елла хилла цунна. Иза  цуьнан леларехь хаалора… Шен гергара, шича-маьхчалахь йолу йоІ маре йоьдуш хилча, цунна оьшу коч-мачан гІайгІа бар шена тІеоьцура цо, нагахь санна гергарчийн цІийнах стаг эскарехь велахь, цунна тІаьхьа, юург-мерг вовшахтухий, посылка яхьийта бала кхочург а иза яра.

Бераллин хенахь дуьйна шайн хІусамехь нохчийн мотт буьйцуш хилар доккха ниІмат лорура цо. Буьйцуш берг нохчийн мотт хиларх а, хІусам нохчийн лара кийча яцара иза. Цуьнан кхерчахь шун а нохчийн къоман даарх хІоттийна хила дезаш дара. Іальвис къаьсттина марзонца элира: «Банас чІогІа дика чІепалгаш а  дора тхуна, юха сих-сиха сискал а йоуьйтура тхоьга». Цуьнан дог-ойланна, маттана боккха тІеІаткъам, хаза беркат делларг Банин денана Сайхьат яра. Шен дахаран тІаьххьара 13 шо бІарзъелла даьккхира йоккхачу стага. КІентан йоІа Банас даьккхира цуьнца и 13 шо. Цуьнца юьжуш-гІоттуш, даима цуьнан гІуллакхна дІахІоьттина. Дененан хаза, шира, цІена мотт, сий деш, схьаоьцура Банас. Туьйранаш, дІадевлла бакъдерш, диканаш, вуонаш довза гІерташ ладоьгІура Банас. Дуьйцучуьнга ладоьг1уш 1ачу йо1ана, гІийланиг алссам лайна карадора шен мискачу къомо. Иза йоьлхура, шен бІаьрхиш ца тоьъча, цунна кхечу кепара елха а Іемира, иза дечиг-пондарца йоьлхура, йоьлура.  Ткъа дечиг-пондар цо говза локхуш а хилла. Кхолларалла кхиа йолало Банин. Байташ, кегий дийцарш, забаре могІанаш хуьлура цуьнан кхоллараллин лорах.

 

Кхоллараллин бІаьвнаш

876г

Цкъа а ша поэт хеташ яцара иза. Шен «монолог» кийрахь язъелча, иза цхьаццанхьа кехатан цуьрга тІе юьллуш Іедал дара цуьнан. Амма дукхадезаш дара цунна цхьа гІуллакх. Банас дукха лерина Іалашдора кхечу поэтийн байташ тІехь йолу газет я журнал. Масала, Лула Кунин цІе карийча, цуьнан хІора зорбане йолу байт, тукарца схьахадайой, гулъеш дІаюьллура. Дуккха а яздархошца (Рашидов ШахІидца, Айдамиров Абузарца…) кехаташ яздеш, гергарло леладора. Ша йовзийта гІерташ, нахана хьалха ца гІертара иза. Делахь а, нохчийн дош, дешан ницкъ, иралла езачарна шайна йовза юьйлира иза. Уггаре а сийлахь теманаш Даймохк, Нана, ДоттагІалла, Безам Банин кхоллараллин «синан» баьрччехь ехаш яра. Ша схьаяьллачу къомах, махках дозалла, куралла еш яьхна йоІ яра иза.

Ша йина де, 23-гІа февраль, вайн къомана тІе вуо деана де хилар дицдина ца ехира иза.

Оцу дийнан иштта мах хадийра Банас:

«Со йинчу дийнахь

Марчонна юьхьигаш

ДІатега долало Іалам.

Со йинчу дийнахь

Делха долало тезетахь дахар.

Со а йоьлху цуьнца

Со йинчу дийнахь.

Мел бала барз боцуш беллачу нехан къа

Сан синна тІедужу

Со йинчу дийнахь.

КъинтІера довлалаш, нийсархой,

Со тойнехь шайца ца Іарна,

Со йинчу дийно

Дуьнен чу а далаза

Хьийзийнчу сан синан мохь

Сан лере кхоьхьу

Со йинчу дийнахь…

Йина де сан дан а дац,

Сан са а дІадоьду,

Дуьнен чу а далале лазийначу

Сан сина де хуьлу

Со йинчу дийнахь…

Той дицдой, миска са

ДІадоьду ГІум-Азе делха

Со йинчу дийнахь…

Йина де-м сан дан а дац,

Амма ду дуьнен чу далаза

Са дийна де…

 

Нохчийн 1адател т1ех ца йолуш, шен барамехь оьзда, собаре

поэзи ю цуьнан тІамарх йоьлла. Поэзи ур-аттал цуьнан прозехь а хаало.

«Шуьнехь дош» боху байташ а яра цо вайн халкъ махках даккхарна лерина. Цхьаволу поэт, 10–15 книга язйича а, кхин дІогара вевзаш ца хуьлу, ткъа Банин иза еллачул тІаьхьа цуьнан накъосташа зорбане яьккхина «Поэзия света» цхьа гулар а тоьар ю цуьнан цІе нохчийн къоман литературехь йисийта.

Муьлххачу а нохчичун, дагах ца кхоьтийла яц Банин, массарна а гергара, хьоме хилла ехар йолу «Хьан цІийнах яра-кх со, Нохчийчоь», «Зама» боху байташ. Цхьа  к1езиг долу х1ума, дуьненан х1ума лоьхуш, иза хьалха тоьттуш яьхначех яцара иза. Шех я шайн доьзалах йина ца 1аш, дийнна халкъах, махках доглаза, ойла ян еана хилла  иза дуьнен чу…

Банин цхьана «Хьан цІийнах яра-кх со, Нохчийчоь» «Зама» байтийн ц1аро а дуьйцу цунах лаьцна. Иза мел йоккхачу, ц1еначу ойланийн нана хилла.

 

Хьан яра-кх со…

Хьан цІийнах яра-кх со, Нохчийчоь, хьан цІийнах яра.

Нахана дІайийца ворхІе а ден цІе а хилла.

Хьан цІарца яьхна со, Нохчийчоь, хьан цІарца яьхна.

Хьешана хІоттадан комаьрша шун а сан хилла.

Хьан юьхь ас ларйина, сайн эхь-бехк, сайн сий санна,

Къа доцчу сан сина теш хІотта Терк а ду дийна…

Хьайбахахь ягийна, да вийна мостагІа санна!

Сайн кхерчах йохийна, мисккъал а бехк боцуш бийца.

Безам а сан хилла, дуьненал лекха со хІотто,

И тешо са оьзда кІентий а сан новкъахь хилла.

Дуьнен чохь мел болчу зударел со маьрша къасто

Бахьана цхьаъ хилла-кх – со ларъян къонахий хилла.

Ткъа тахна со лаьтта хьан лаьмнийн когашкахь йоьхна,

ХІара дуьне Іададал мохь-цІогІа сайн кийрахь къуьйлуш.

Яхь йолчу сан сица хьагІ лаьцна йилбазан мохо

Доккхачу дуьнен чохь яржийна сан деган аьхкаш…

Хьан къина йилхина, бІаьрхиш а чекхдевлла лекъна.

Нохчийчоь, со йисна ца кхеташ хуьлучух тахна.

Йилбазо чІабанаш лачкъийна, йовлакх а дайна.

Орцаха ялахьа! Сан сих ма хьаьрчиний лаьхьа.

Гой хьуна, къийгаша го бина дІалаьцна стигал?

Царна, ма гома хилла-кх сан гІаргІулийн илли.

Ас лоьху сайн хилла аматаш хьан бІаьвнийн кхерчахь.

Ас лоьху… Ткъа суна жоп дала цхьа а вац уллехь…

 

ек7ен

«Зама»

ХІун до ахь, хІун до ахь,

Дакъаза ма яларг,

Бус-буса сан корехь йоьлхуш?

Наноша – наналла доьхкинчу дийнахь,

Мехкаршна – цІеналла оьшучу дийнахь,

ХІун до ахь, хІун до ахь,

Дакъаза ма яларг,

Бус-буса сан корехь йоьлхуш?

Къонахий шайн синойх лечкъачу дийнахь,

Боьрша нах ІиндагІех къехкачу дийнахь,

ХІун до ахь, хІун до ахь,

Дакъаза ма яларг,

Бус-буса сан корехь йоьлхуш?

Синошна лекхалла оьшучу дийнахь,

ГІиллакхаш соьмашкахь хуьйцучу дийнахь,

И ца ловш тхан лаьмнаш техкачу дийнахь,

ХІун до ахь, хІун до ахь

Дакъаза ма яларг,

Бус-буса сан корехь йоьлхуш?

 

Нохчийн зудчун сий хьахош хезча, Банин цІе, цуьнан васт дуьхьалхІутту. Жима, къона хан – хьекъална, къиэн,  шовкъаша  даьхна шераш ду олуш дара вай. Амма Банас  жимачохь а ойлане, хаза, цІена, оьзда аьлла безамах ша олу дош. Тешаман а, ямартлонан а хадо ма-беззара мах хадийна цо.

Масала:

Суна бехк ма билла

Сел чІогІа тешарна хьайха,

Со шозлагІа ягор яц

Къу санна деъначу дийно,

Суна бехк ма билла,

Сан эшам

ЦІена бу хьуна

Хьо къонахчул,

Сан лазам беза бу хьуна

Хьан безамал

Сан тешам лекха бу хьуна

Хьо къонахчул,

Хьан бІаьсте шийла ю хьуна

Сан чилланал.

 

***

Ас хьох къонах эр дара,

Хьуна хьо бен цхьа а къонах хетахьара,

Я къонах вац эр дара

Дика-вуонехь ахь гІо ца лацахьара.

Ас хьох оьзда стаг эр дара,

Ахь мацвелча ненан мотт ца бицбахьара,

Ас хьох боьха стаг эр дара

Муьлххачу ворданан дена илли ала ца хаахьара.

Хийла йоьІан дагчохь ахь цІе латий,

Везий хиъча юьстах вала Іемаш,

Ас хІун алий яккха те хьан цІе?

Ас хІун алий,

Хьо кхелхича дахар лийр ду моьттург,

Ас хІун алий яккха-те хьан цІе?

 

Банин байташ зорбане евлира 1981-чу шарахь къоначу поэтийн поэзин «Іуьйренан аьзнаш» цІе йолчу юкъарчу гуларехь. Цуьнан хьалхара гулар «Поэзия света» аьлла йолу, Банин шен байташ а, дийцарш а тІехь долуш зорбане елира 2004-чу шарахь (оьрсийн а, нохчийн а меттанашкахь). Банин накъосташа Эльсанов Ислама, Ялхароева Марема, Исраилова Сацитас къахьийгира иза зорбане йоккхуш. Поэта Лула Кунис («Нана» журналан коьрта редактор), философски ойланца, кІорггера мах хадийра Банин шен «Сан йиша» аьллачу  дагалецамашкахь. Лулас яздо: «Цхьаболу поэташ хуьлу шайн дешан мах а, маьІнийн кІоргалла а халкъана шена тІе цхьа бохам беанчу, йиш йоьхначу дийнахь карош.

Бана…

Ийзалуш, шен зудчун эсалаллах эхь хеташ санна яра иза. Нийсса дІа – амма циггахь, жима зудабер санна, цхьаьннан бІаьргийн хьажар шена тІехь сецча, сиха юхуш. Ткъа вайна, цуьнан йозанан накъосташна, бевзачарна, доттагІашна, накъосташна хІун хаьара цунах? Меллалц чу вуьтура цо «шен дуьнен чу» вайх цхьа а? Йоллу стигал массарна а тІеязъеллачу дуьнен чу?

Цхьаболчарна иза тамашийна хетта хила а тарло…

Делахь а къинойх, хьагІ-гамонах буьззина лелачу нахана мича гур дара поэтан лекха са, доллучу дуьненан лазам шена тІеоьзна, ов детташ долу?

…Гайтукаева Бана, вайн хІораннан а йиша, нохчийн халкъан йоІ, нохчийн мехкан поэт… йиц ца ло иза».

Шен тІаьххьара хиллачу йинчу дийнахь (1994-чу шеран 23-чу февралехь) цІахь, пена тІехь кхозу рузманан агІо схьаяьккхина, цунна тІе  «Іаьржа февраль» яздира цо, ткъа бертал ерзийначу агІонна тІехь:

«Кху буса ца кхуьу сан мехкан

бошмашкахь стоьмаш,

Кху буса Нохчийчоь шен кийрахь цхьа

къора йоьлху.

Лаьмнаш а дІахІуьтту тезетан

верасаш хуьлий

Кху буса, Нохчийчоь, со хьан кадаме йогІу».

 

Шена цкъа йоьлхучохь, махкана эзарза йилхинчу йо1е лан ца лора вуонаш гина къам юха а т1еман ц1ийла карча кечдеш гар. Цуьнан ирачу хьекъална

хаьара хьарамло эвхьазло бекхам боцуш ца юьсийла. Цхьаьннан г1алатлонах массра а жоп дала дезийла. Иштта  политиках дика кхетачу цо, т1еман к1урзан хьожа еана  язйина Ц1ийлахь керча йовлакх цецдаьлла хьоьжу соьга…»байт а, ша д1аялале вайга кадам беш аьлча санна ю… «

 

1994-чу шеран март бутт…

Соьлжа-ГІалахь Х.Нурадиловн ц1арахчу  драмтеатран кхерчахь 8-чу мартехь вовшахтоьхна «Шеран тоьлла 10 зуда» аьлла мероприяти яра. Цуьнан сценари Банас язйинера.

Кхин хуьлийла доцуш, шийла дара 1990-чу шарахь дуьйна йовхо ца гина театран пенаш. Оцу шелоно галаяьккхира Банин вуьшта а кхачаелла йолу могашалла. 13-чу мартехь Соьлжа-ГІалин №1 йолчу больнице ялийра иза. Цигахь реанимацехь 6 де даьккхира.

Банина доггаха гуонах хьийзира лоьраш ВедзижевгІар Русланний, Радимий, Банин деган накъостий Ялхароева Марем, Абдулкадырова Мадина, Багалова Зулай, Исраилова Сацита, дуккха а кхиберш.

1994-чу шеран 18-чу мартехь реанимацехь кхелхира Бана…

ВаларгтІе юьртахь Асланбек Шериповн урам чекхбаьлча долалучу кешнашкахь дІайоьллина ю иза. Банас дитина «Кхиэл ехьа суна» боху дийцар, лазам, Іийжам, кхайкхам бу тахана вайн къомах хуьлуш лаьттачуьнга ладогІа аьлла битина. Ткъа Бана… Бана санна зударий х1ора къомана эшна, уьш х1ора заманчохь хилла а бу, амма к1езиг, дукха ца бехаш д1абоьлху… Цара шайца доккха дуьне дохьу, лар юьту… Банин «дуьне» цІена дара, цо иза хІокху къинойх дуьзначу вайн дуьненах ца кхоьтуьйтуш шеца дІа а даьхьира…

35 шо бен кхин оьмар ца хиллачу  йоь1ан дуьне…
ЭЛЬДЕРХАНОВА Зайнап

Гайтукаевг1еран доьзалан   архивера суьрташ

 

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: