Книгашъешархошна хаза кхаъ

Хууш ма-хиллара, дукха хан йоццуш Айдамиров Абузаран цIарахчу республикин къоман библиотеке 7 000 книга еана. Цу хьокъехь тхан къамел хилира библиотекин директорца Исраилова Сацитица. Книгийн фонд алсамъяларх дийцарал сов, электронни библиотекех а, кхузаманахь книгаш кIезиг йоьшуш хиларх а хилира къамел.DSC_0014

    «Вайна ма-хаъара, тIеман хенахь къоман библиотекин дуккха а книгаш тIепаза яйра. Вайн къомана иза боккха иэшам а бара. ТIеман шина а муьрехь хIаллакьхилларг масех миллион книга яра. ХIХ-чу бIешеран а, ХХ-чу бIешеран юьххьехь а зорбане йийлина книгаш яра царна юкъахь. И книгаш хIинца елахьара, церан мах хадийна вер а вацара, оццул мехала яра уьш. Къаьсттина искусствох лаьцна литература яра вайна оьшуш, хIунда аьлча, мел зама яларх цу книгийн мехалалла ца йов.

Вайн республике маьрша хан еара. Делахь а, библиотекин книгийн фонд йоццачу хенахь меттахIоттон атта дац. Шо-шаре мел дели а книгаш-м дикка алсамйовла а там бу, амма ширачу заманан книгаш вайга цкъа а меттахIитталур яц. Нохчийн Республикин культурин министерствос книгийн фонд юхаметтахIотторан Iалашонца юкъаяьккхина программа ю. Оцу программин гурашкахь книгийн фонд алсамъяккхарехь а къахьоьгуш ду тхо.

Библиотекехь мел дукха книгаш хиларх пайда бац, царах эца ма-беззара пайда оьцуш ца хилча. Вайна ма-хаъара, тIаьхьарчу шерашкахь кегийрхоша телефонашца а, планшеташца а, компьютершца а дукха хан йоккху. Республикин хаамаш а, керла яьккхина фильм а, зорбане яьллачу керлачу книгах а – дерриге а царна чухула хаьа, девза царна. Иштта, керла технологи юкъаяларца доьзна, цхьаболчара книгаш а цу чохь йоьшу. Некъаца цхьанхьа воьдуш хилча а, я книгина тIекхача аьтто ца хилча а, шайна аьттонна книга иштта йоьшу кегийрхоша. Цундела, къоман электронни библиотеки чу а дуккха а книгаш яха хьовсу тхо. Шуна ма-хаъара, хIокху деношкахь Б.Ельцинан цIарахчу библиотеко вайна совгIатана зорбатоьхначу книгашца цхьаьна электронни кепехь йолу книгаш а елла. Россин исторех лаьцна литература ю иза.

2016-гIа шо, дагахь доцчу кепара, беркате доладелла къоман библиотекина. Цхьана баттахь 7 000 книга елла хазахетар хилла книгашъешархошна. Динах а, Даймехкан Сийлахь-боккхачу тIамах а, экономиках а, искусствох а лаьцна книгаш ю царна юкъахь. Книгашъешархошна хаийта лаьа, и книгаш дукха хан ялале библиотекин тIерхешна тIехь ган а, еша а аьтто хирг хилар. Иштта, и книгаш жим-жима а йохуш электронни библиотеки чу а   йохур ю. Халахеташ делахь а, Россехь а, дозанал арахьа а дукха воьшуш волу автор  мила ву а ца хаьа, книгашца долу дуьненара хьал а ца девза вайн республикерчу цхьаболчу ешархошна.

Книгийн туькана вахча, ларамаза хеза иштта къамелаш: «Тхоьгара книгаш оьцуш башха стаг а вац…», «Наха башха книгаш а ца йоьшу хIинца…». Ткъа книгашъешархошка ладоьгIча кхин хеза: «Вайн книгийн туьканаш чохь книгийн къелла ю». Еша книгаш яц бохург аьттехьа а бакъ дац. Дуьненахь евза, кхечу къаьмнийн литература вайн туьканаш чохь кхин а алсам хилча дика-м хир дара, делахь а, иза йоьшуш ца хилча цунах пайда-м хир бац. Дуьненан литературина юкъара уггаре а дукха йоьшург «фантастика» а, кхечу къаьмнийн литература а ю. Кхузаманан классикийн литературе кегийрхойн безам кхоьллича дика хир дара.

Дийца даьккхинчуьра хьахо лаьа, вайн заманахь книгаш кIезиг йоьшуш хиларан проблемах а. Къаьсттина кегийрхошлахь яьржина ю иза. Книга йоьшуш йоккху минот а эрна хеташ хуьлу цхьаберш. Цул а и минот, сахьт,  де,  телефон а, компьютер а йитина, даьккхича дика хир дара.

«Книга телефон чохь йоьшу ахь я хьалха ма-ешшара йоьшу?», – аьлла хаттар а хIоттош, библиотекин ешархошка анкеташ яйтира оха. ЖамIаш дича, тхо гIеххьачул цец а девллера, дукхах болчарна халахеташ дара телефона чохь книга ешар.

Кегийрхошка кхайкхам бан луур дара суна: шайн мукъачу хенахь книгаш ешахьара аш. Уьш ешча бен тоъал хьекъал а, кхетам а ца хуьлу», – дерзийра шен къамел Исраилова Сацитас. Таханлерчу дийнахь къоман библиотекин книгийн фондехь 121 000 книга, электронни библиотекехь 1000 книга ю. Вай тешна ду, тIейогIучу хенахь книгийн фонд кхин а алсамъериг хиларх.

З.ХАСИЕВА

Авторан суьрта тIехь:  къоман библиотекин директор Исраилова Сацита

№18, еара, чиллин (февраль) беттан 18-гIа де, 2016 шо

 

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: