Иштта яра дукха хан йоццуш С.В.Михалковн цIарахчу республикин берийн библиотекехь хиллачу цхьаьнакхетаран цIе. Иза дIадаьхьира «Цхьаьна хила вай» проектан гурашкахь. Россин волонтерийн бригадин интернациональни фондо вовшахтоьхнера и гIуллакх. Цигахь дакъалоцуш бара волонтераш-дешархой: Медиев СаьIид, Гузаев Амерхан, Макаева Рашана.
Цхьаьнакхетарехь дерш Россин берийн фондера Нохчийн Республикехула йолчу интернациональни бригадин а, Соьлжа-ГIаларчу къорачу а, хазар ледара долчу а берийн интернатера бераш дара.
Библиотекин кхиарехь башхаллаш йолчу берийн отделан заведующис Домбаева Аминас бераш вовшашна довзийтира. Цул тIаьхьа проектан дакъалацархошна «Дуьненан дерриге аьзнаш – дикаллехь» эмблемаш елира. ТIаккха йовзийтира «Хьекъалечу берашна – хьекъале книга» аьллачу гайтаме яьккхина литература. Цул тIаьхьа волонтераша дийцира лакхахь хьахийначу проектах лаьцна. 22-чу февралехь къорачу а, хазар ледара долчу а берашна юкъахь байташ дика ешарна лерина конкурс дIахьуриг хилар а хаийтира цара.
Цхьаьнакхетар дерзош, библиотекин белхахочо Паршоев Муслима библиотекин истори а йовзуьйтуш, берашца экскурси йира.
З.ЧИНХОЕВА
Суьрта тIехь: цхьаьнакхетаран дакъалацархой