Адамийн дахар листалур доцуш чолхе ду. Цкъа, дерриге дуьне а хьайн ду моттуьйтуш хьосту дахаро, тIаккха, дуьне а къахьдеш човхаво. Дукха нисло адамашкара гIо-орца оьшуш меттигаш.
Иштта хала киртиг тIехIоьттира суна 2011-чу шеран кхолламан беттан 17-чу дийнахь – даге иккхинчу лазаро, айса сайн доладечуьра воккхуш, вожийра. Цхьамма вукхуьнга орца олуш, Даттахера юьртда Дакалов Расул а, хIетахь Нажи-Юьртан кIоштан администрацин куьйгалхо хилла Хататаев Ахьмад а, Нохчийн Республикин могашалла Iалашъяран министр Ахмадов Муса а, лоьраш Бартиев Рукъман а, Эрсенбиев Ахьмад а сихонца орцах ца бевллехь, тахана ас хIара могIанаш яздийр ду бохург дукха йоккхачу шеконехь хир дара. Хьем ца беш, оьшу кехаташ а кечдина, сиха гIодаран машенахь, улло деган лазарийн лор а хаийна, Аштаркхнерчу клинике вигийтира со. Цигахь Дала леладе боху бахьанаш лелийна, дагна операци йинчул тIаьхьа, хаза гIоли а хилла, цIавирзира.
Бакъду, хIетахь дуьйна а лоьрашца долу гергарло хада йиш йоцуш ду сан. Сих-сиха (шарахь цкъа-шозза) Ш.Эпендиевн цIарахчу республикин больницин кардиологин отделене охьавижа везаш хуьлу. КIорггера хаарш долуш, шайн болх безаш болу лоьраш бевзина суна кхузахь: Адуева Луиза (отделенин заведующи), Лорсанова Тамила, Бахарчиева Хеда, кхиберш а. Хен-хенахь молх-дарба лелорца а, дархоша сагатдан ца оьшуш, церан терго ярца а, шайн болх бевзаш хиларца а билгал бу и лоьраш. Ткъа уггаре а коьртаниг ду дархошца кIеда-мерза, церан дог эца хууш уьш хилар.
Ас лакхахь ма-аллара, стагана хийла тIехIутту адамашкара гIо-орца оьшуш меттиг. Оцу хьоле нисвелча, суна орца кхечира. Хьалха Дела, шолгIа оцу адамийн догдикалла бахьанехь тахана а дIалелаш ву со.
Дела реза хуьлда-кх ас лакхахь цIе мел яьккхинчу лоьрана а, лоьраш боцчарна а. Сан дуьхьа аш мел лелийначунна Дала диканца бекхам бойла шуна!
ОСУРУЕВ Iумар-Iела
№18, еара, чиллин (февраль) беттан 18-гIа де, 2016 шо