Ойланаша яханчу замане вигира

ХIора а адаман санна, къоман а хуьлу-кх шен цхьа юкъара лазам. Мел дукха шераш дIаэхарх, мел зама хийцаяларх дицлур доцуш ду, вайн къам махках даьккхина де. Цу ирчачу дийнах лаьцна дукха дийцина вайн къаноша. Церан хIораннан а дийцар лазаме, къаьхьа хуьлу. Цара дуьйцучуьнга хIоразза а дуьххьара хезаш санна ладогIа дог а догIу. Цу хенахь хилла дукхахдерш цхьатерра нислуш а хуьлу, къаноша дуьйцучуьнга ладогIа воьлча. Шо шаре мел дели  лахлуш бу хIетахь хилларг дагадогIушберш. Цхьа хан-зама  яьлча, цунах лаьцна дийца  цхьа а хир вац. «Цхьана хенахь тхан дадас, бабас дийцира шаьш цигахь хьегначух, лайначух… Цара иштта дуьйцура…», бохуш, церан берийн бераша схьа а дуьйцуш зама  йогIур ю. Цундела, вайн къам махках даьккхина де дагадогIурш лаха а лохуш, цаьрца къамел а, царах лаьцна яздича дика хир дара. «Йозанехь дерг дуьсуш ду» олуш ду-кха вайн. Тахана царах яздинарг хан-зама  яьлча тIаьхьенна карор ду.IMG-20160216-WA0009

    ТIехьа-Мартан районан вахархочо Черхигов Ахьмада дийцира хIетахь хилларг. 1930-чу шарахь дуьнен чу ваьлла иза. «Ирча дара, ирча…» дешнашца долийра цо шен къамел.

ТIаккха доккха са а даьккхина, ойлане велира воккха стаг. Схьахетарехь, ойланаша хIетахьлерачу замане вигначух тера дара иза. ТIаккха дийца волавелира Ахьмад:

«ХIоранна а къаьхьа деара 1944-чу шеран 23-гIа февраль. Со цу хенахь кхеттал вара. Юьртарчу школехь 6-чу классехь доьшуш вара со. Доьзалехь цхьаъ бен а вацара. Ца кхеташ долу кегий бераш-м башха, тIаьхьа а ца кхуьура хиллачунна. ТIедогIуш луо долуш шийла еана буьйса яра иза. Цу хенахь Iа буьрса а, шийла а, луо доккха дуьллуш а хуьлура. Иштта шийла еара йицлур йоцу и Iуьйре а. Iуьйра ламазан хан яра, массеран а кетIахула салтий дIасалела буьйлабелча. ХIораннан кетIахь шишша салти а, цаьрца командираш а бара. Тхан дена мелла а оьрсийн мотт хаьара. Алексей яра цуьнан цIе. Цуьнца къамеле бевллачу салташа, цуьнан цIе Алексей юй хиъча, элира: «Оха беккъа нохчий бу махках бохуш берш». ДагадогIу суна, тхан дас аьлла: «Со нохчи ву». «ТIаккха оьрсийн цIе хIунда тиллина хьуна?», – хаьттира цара. Билггал хIара нохчи вуй хиъча, кечам бан миноташ елира тхан дена а, тхуна а. Шеца хIума схьаэцар-м дуьйцур а дацара, бедарш схьаэца а хала ларийра тхо.     IMG-20160216-WA0012

Юьртара арадаьхначул тIаьхьа Слепцовске дIадигира. Циггахь дехира тхо шалонашна тIе а. Цу чохь дара уггаре  доьхна сурт. Шалонаш чу хьаладаьхначул тIаьхьа, догIанаш туьйхира ерриге а неIарех. Ара а, чу а ца волуьйтура цхьа а, яа яцара, мала яцара. Цу чохь хилла шело-м ас юьйцур а яц. Цхьаболчара шайца схьаэцна кIеззиг хьаьжкIаш хиллера. ХьаьжкIийн буьртигаш дIасадоькъий мацалла ца дала бахьана дора.

Цхьана а кепара аьтто цахиларна, шийлачу хица хьакхабой, ахьар мижарг буьйда болушшехь баар нислора. Бехха некъ бира оха… 10–11 дийнахь дIаихира тхо. Иштта аьлча-м, цхьаболчарна дукха ца хета а тарло, делахь а, тхуна-м яхъеллера и хан. Цхьа де а шарал деха хетара. Уггаре а дегнашка ца лалушдерг кхелхинарш адамаш  доцуш санна, шалонаш чуьра ара а кхуьйсуш, лайх бохкар дара.

Казахстане дIакхаьчча, тайп-тайпанчу меттигашка дIасадийкъира тхо. Советски районан Добровольское юьрта бигначарна юкъахь бара тхан доьзал. Со а, тхан да-нана а доцург, тхоьца тхан ши деваша а, дейиша а дара. Цига дIакхаьчначул тIаьхьа, доьзалшна чохь Iен меттигаш елира. ХIусамаш аьлча-м нийса а хир дацара иза, адамашна Iен тамехь меттиг а яцара иза. Юкъахь 5–10 километр йолуш, ген-генахь бехаш бара тхо дигинчу юьртахь казахаш. Делахь а, Iадийначу, хилларг самах ду-те я гIенах ду-те, бохуш, гIайгIане долчу тхуна-м, тхов хилар а доккха ирс хетара хIетахь.

Нохчий цига дIакхачале, нохчех лаьцна эладиташ даржийна хиллера цигахь. «Нах буу акха адамаш ду уьш» баьхна хиллера вайна. Казахстане дIакхаьчначул тIаьхьа, тамашийна хьоьжура тхоьга казахаш.

Делахь а, дерриге а даима цхьатерра ца лаьтта. Вайнах къар ца бала хьовсура. Мацалла ца дала бахьанаш леладора, тхайн ма-хуьллу хене довла  хьовсура. Юуш – ца юуш дIаделира и Iа. Беркате  хилира тхуна и бIаьсте. Балха а бахара дукхахберш, наноша лаьтта тIехь картолаш кхиийра.

Тхан да а вахара жа дажо. ХIетахь тхан да-нана башха къона а дацара. Царна гIо оьшура. Цундела, деца жа дажо со а лелара. КIиранах болх бича тайп-тайпана яахIума лора: кIа а, хьаьжкIаш а. ТIаккха жарж а боккхий цунах юург йора нанас.

1945-чу шеран аьхка цу юьртарчу колхозе трактора тIе балха вахара со. ХIетахь тхан да жа тIера дIа а ваьлла, оццу колхозехь болх беш вара. Юьхьанца хала дара суна. Дуьххьара балха ваханчу хенахь, пхеа буса наб ца кхеташ лийлира со. Цул тIаьхьа мелла а хан яьлча, дика болх бо аьлла билгалваьккхира со, бригадир хIоттийра.

Нахана шайна цIа дарца а, балха бахарца а мелла а паргIато еара. Кхачам боллуш яцахь а, юург а хуьлура. ТIахьуо вайнах балхана а гуьнахь болуш, шайн гIуллакх дийр долуш хиларх кхеттачу казахашна хиира нохчий кхераме боций. ТIаккха вайнахаца гергарло лелон  буьйлабелира уьш. Вайн бераш церан берашца  ловзура.

Иштта, цигарчу Iедало нохчашна гIолоцуш, безачунна 5 уьстагI я цхьа бежан лора. Тхуна 5 уьстагI белира. Шайна белла уьстагI я бежан ден сихбелира дукхахберш. Мерзачу, токхечу кхачане сатесна хиларна дора цара иза. Ткъа оха кхиийра уьстагIий. Уьш кхиийначул тIаьхьа, дIадоьхкира. Бежан а ийцира. Цо лучу шурех боккха пайда болура тхуна.

Колхозо аха а ахийтина, картолаш кхиаяйта, лаьттан дакъош делира нохчийн доьзалшна. Тхан лулахь 13 нохчийн доьзал  бара. Картолаш лело царна ца лиира, хIунда аьлча, шаьш Казахстанехь оццул хан йоккхур ю аьлла ца хетара царна. Уьш тешара, кестта шаьш цIа дохуьйтург хиларх. Царна ца лаьара Казахстанехь лаьтта тIехь хIума а кхиош Iен. Церан са  Даймахкахь дара. Кханено хIун дохьу ца хаьа вайна. Иштта, тхаьш цигахь мел хан йоккхур ю ца хуучу тхан дас-нанас дIайийра картолаш. Царах тхуна доккха беркат а хилира.

Казахстанехь вайнаха хала хан текхнехь а, кегий нах вовшах а кхетий, кест-кеста синкъерам бора. Цунах а мелла а самукъадолура. Иштта дIаихира шераш…

Хаза кхаъ бохьуш беара вайнахана 1957-чу шеран январь бутт. ЦIадаха бакъо елира тхуна. Хиллачух тешаш, ца тешаш новкъадовла кечам бан болийра оха. Тхаьш цигахь гулбина бахам (хIетахь тхуна боккха бахам хетара) дIабоьхкира оха. ЦIабоьду некъ а бахбеллера тхуна, хазахетар совдаьллера. Иза гIенах цахиларх теша луучу тхуна, цхьа минот а сахьтах тарлора. Иштта цIакхечира тхо.

Юьртахь дукха яра яьсса аренаш, цIенош дохийна дара. Чудаха хIусам а яцара. Дахаран зIийдиг юха таса дийзира тхан. Хала а, атта а хIусам ян йолийра. Юучунна гIайгIа бан безара. Дукха хан ялале юьртарчу совхозе  машенна тIе балха вахара со. Оцу совхозехь 30 шарахь гергга болх бира ас, – дерзийра цо шен къамел.

Хууш ма-хиллара, цIабирзинчул тIаьхьа а хIусамаш юхаметтахIиттош къахьега дезна вайнехан. Хала хан яра аьлла а ца Iаш, дай-наноша шайн доьзалшка дешийтира. Ахьмадан 6 йоI а, 2 кIант а дара. Ахьмад доьзална юург а, тIеюхург а, царна мел оьшург а хилийта хьожура. ХIусамнанас берийн Iуналла дора. Иштта кхиийра цара доьзал.

Цуьнан йоIарий: Асет – хьехархо, Байсет – экономист, Айсет – лор, Мохьмад дуккха а шерашкахь милицехь болх бина ву.

Ахьмадан тахана боккха доьзал бу. Цуьнан берийн 34 а, берийн берийн 51 а бер ду. Тахана самукъа цаьрца доьзна ду цуьнан. Шен хенахь, шен гIора долчу хенахь ша цхьана денна а кхоа ца веш къахьегна, ву Ахьмад. Цуьнан къинхьегам эрна а ца хилла. Беркатечу доьзалшка хьаьжча иза гуш а ду.

Черхигов Ахьмадан 86 шо ду. Шен хене хьаьжна  доцуш, хьекъал,  иэс дика долуш воккха стаг ву иза. Хазахета баккхий нах иштта хилча. Мел дукха дийцарах кIордор а доцуш, шега ладогIа дог доьуьйтуш, дийцира цо хIетахь хилларш… Доьзална хилла а ца Iаш, юьртана а боккха юьхькIам бу иштта оьзда, воккха стаг юьртахь хилар.

ЛОРСАНОВА Зарета

№18, еара, чиллин (февраль) беттан 18-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: