Олуш ду-кх, зуда – экам ю. Дан а ду иза иштта. Дукха хIума ца оьшу цуьнан жима, ховха дог Iовжо а, бIаьргех хи даккха а. Халахетар хилча а, тIех хазахетар хилча а елха кийча ю-кх зуда. Шега хаза дош аьлла, жимма шена терго йича, хуьлуш йолу халонаш хьесапе ца эца а, дагна хорам беш дина халахетар дицдан а кийча ю иза. Иштта кхоьллина ю-кха иза Везачу АллахIа.
Юкъараллехь кIезиг меттиг дIалоцуш яц зуда. Къаьсттина нохчийн зуда. Олуш ма-хиллара, къоман тIаьхье кхиошъерг нана ю. Экам елахь а, цо кхиош бу-кх мехкан турпалхой, иза ю-кх доьзалехь барт бийриг, чохь кхача кечбеш, доьзал ийманехь кхетош-кхиош, кхерчахь беркатан, безаман цIе латтошъерг.
Сиха болар эцна йоьдучу замано дан леринарг дан ца ларавойту. Балхахь, новкъахь волу стаг, я цIахь, я балхахь, цхьадолчунна тIехь мелла а ледара ларош нисло. Амма ишттачарех яц республикин больницехь «Гематологи» отделенин заведующи йолу Ясакова Зимани.
Зимани дуьнен чу яьлла 1962-чу шеран 13-чу июлехь Нажи-Юьртахь Зенкирханан а, Бацаран а доьзалехь. Итт доьзалхо хилла церан. Зимани жимачул йоккханиг ю. ЙоI дуьнен чу яьлла дукха хан ялале, церан доьзал Гуьмсан районерчу Энгал-Юьрта дIакхелхира. Цигарчу школехь чекхдоккху цо бархIшеран дешар. Цул тIаьхьа, 1983-чу шарахь тIехдика дешарца чекхйоккху Соьлжа-ГIалара медицинин училище.
Зимани даима а хилла дешарна тIера. Училище чекхъяьккхинчул тIаьхьа, кхидIа деша лаам хилла цуьнан, амма цIеранаш, йоI республикел арахьа яхийтарна реза ца хилира. Дукха ца Iаш Зимани нехан цIен тIе яхара, доьзалан нана хилира. 1985-чу шарахь Саратове медицинин институте деша йоьду иза. Цигахь 6 шарахь доьшу. Саратов гIалахь областан клиникин больницехь интернатура чекх а йоккхий, цIайогIу. Иштта дIаболабо цо къинхьегаман некъ.
Хьалхе дуьйна а стационарехь болх бан лууш яра Зимани. Къинхетамах дуьзначу даго даима а адамашна гIо дан лаам кхуллура цуьнан. Цу тIехь дика, тешаме, хIуманах кхеташ, дика накъост хилла цуьнан хIусамда Кюйра (Ваха а олу цунах). Иза иштта ца хиллехь цуьнан дахар кхечу кепара хила а тарлора.
1992-чу шарахь дуьйна Гумсехь а, Соьлжа-ГIалахь а масех больницехь белхаш бина Зиманис. Ткъа 2011-чу шарахь дуьйна Республикин больницехь «Гематологи» отделенин заведующи ю. Цуьнан 4 доьзалхо вара. Царах воккхахволу кIант Артур некъан бохамехь кхелхина. Ткъа Мохьмад, Хеди, Хьава цхьаццанхьа доьшуш бу. Хьавас шен нанас санна, медицинин лоьран говзалла хаьржина. Муьлххачу а нанна санна, хала ду Зиманина а шен дегIе нисвелла кIант кхалхар лан. Делахь а, цо ша ма-аллара, дика а, вуон а Делера ду. Уьш Iехон а, церан дог тедан а Дала Артурана тIаьхье елла – кIант Мохьмад-Амаль. Иза дуьнен чохь хиларо, мелла а синтем ло денанна.
Зимани шен балхаца дика ларош хиларал сов, доьзална дика нана, шегахь адамалла, Iаь мерза йолуш, къинхетаме, собаре, дика адам ду. Иза иштта ца хилча, цо оьзда доьзал кхиор бацара, шен цIийндена муьтIахь хIусамнана хир яцара, иза евзачара цунах дика дош а эр дацара.
Гематологин заведующис дийцарехь, цо лоьрийн говзалла харжар, 8-чу классехь цуьнан хилла классан куьйгалхо Солтахмедов Муса бахьана долуш дара. Иза хьехархойн училище деша кехаташ чудала дагахь юйла хиъча: «Берашца болх бан атта дац, хьоьгахь лоьран болх товр бу, хьо медицинин училище деша яха еза», – аьлла, хьехар дина хиллера Зиманина.
Атта бацахь а, шен болх безаш, доггаха бо Зиманис. Шегахь адамалла хиларе терра, далучу агIор дархошна дарба дан а хьожу. Цунна тоьшалла деш Нохчийн Республикин Парламентан, Нохчийн Республикин могашалла Iалашъяран министерствон Сийлаллин грамоташ а, Баркаллин кехаташ а ду цунна делла.
– Тхан отделенехь болх беш 26 белхахо ву. Уьш берриге а шайн белхан декхаршца ларош а бу. Уггаре а коьртаниг, тхан лоьраш адамалла йолуш бу. Цо мелла а дайдо дархойн лазар.
Гематологехь болх бан атта дац. Цундела ас кхуза болх бан баьхкиначу къоначаьрга олу: «Нагахь санна, шуна болх атта бу моттахь, иза иштта дац шуна», – олий. Гематолог шен белхан декхарш кхочушдарал совнаха, дархочуьнца къинхетаме хила веза.
Муьлххачу а меттехь санна, вайн республикехь а ду гемоглобин лахара хиларца бала хьоьгуш долу адамаш. Иза уггаре а хьалха вайн 1аламан хьелех доьзна а, юург уьнах цIена цахилар а ду. Хууш ма-хиллара, дуккха а доьзалш «полуфабрикаташ» юуш бу. Иштта денна хуьлуш болчу цатамех а, халахетарех а доьзна ду гемоглобин лахара хилар. Гемоглобин лакхара хилийта адамаша даа дезаш кхо сурсат ду: жижиг, гречка, чIара. Гемоглобин лахара хилча, стагана «анемия» хуьлу. И йолу стаг даима а корта хьийзаш, муьлхха а инфекци, шелвалар сиха тIелоцуш хуьлу. Къаьсттина берийн иммунитет гIийла хуьлу. Цундела жимачохь дуьйна, бераш Iамо деза нийса кхача баа. Сих-сиха олуш хеза, «соьга жижиг ца даало», «ас чIара ца лов», жимачохь дуьйна а Iамо веза шен дег1аца и тайпа гемоглобин хьалайоккхур йолу кхача баа.
Шена тIе халонаш Iиттаелча а, белхан меттиг хийца дага ца деана лоьрана. Цо дийцарехь, белхан коллектив даима а гIиллакхениг, оьзданиг нисъелла цунна. Иштта, карарчу хенахь а, оьшучунна т1ехь, шега далучу агIор гIо деш ву, больницин коьрта лор Митаев Сосламбек а.
З.САГАЕВА
Суьрта тIехь: Ясакова Зимани
№18, еара, чиллин (февраль) беттан 18-гIа де, 2016 шо