Iилманан хьаьрмахь – бIаьрла кхиамаш

Кхиъна  йогIуш дуьйна Соьлжехь цIе йоккхуш, хаза йоI яра Хьава. Дукха кегий нах бара къайлах-къулах цуьнга бIаьрг бетташ. Амма дешарна  тIейоьлла йоллучу йоIана школа, книгаш бен гуш хIумма дацара. Кегийрхой гуллучу хийистехь а, ловзаргахь я синкъерамехь цкъа а гуш яцара иза, ша цхьана уллерчу гергарчу наха нускал далийна меттиг ца хилахь.20160204_173230

 Юьртахь массарна дика вевзаш вара цуьнан да Ахмадов Хьамид. Вайнах махках бахале лаккхара дешаран учреждени чекхъяьккхина, кхоччуш гIишлошъярхочун говзалла караерзийна, хьаналчу напгIица доьзал хене боккхуш воллуш  вара Хьамид. Алссам бераш дара цуьнан бертахьчу доьзалехь. Делахь а, цаьрга массаьрга дешийтира дас. Соьлжа-ГIалахь юккъера школа чекхъяьккхина яьлча, Хьавана лаьий хиъча, иза мехкадаьтта доккху говзанчаш кечбечу институте деша яхийтира цо. Цу хенахь дукхахболу вайнехан мехкарий деша хьехархойн институте боьлхура. Цундела юьхьанца мелла а тамашийна хетара  Ахмадова Хьава мехкадаьттан институте деша яхар. 1974-чу шарахь  цо кхиамца чекхъяьккхира, цу муьрехь СССР-хь, тоьллачех цхьаъ ларалуш  йолу институт. Къона говзанча Соьлжа-ГIаларчу химкомбинате балха хьажийра инженеран дарже. Дийца даьккхинчуьра аьлча, нохчи могIарера белхало а наггахь химзаводе балха ца оьцу хан яра иза. Ахмадова Хьава «очистка углеводородных газов, производство катализатора полиэтилена и радиционной  теломеризации этилена» цIе йолчу цехе, инженеран дарже дIахIоттийра. Нохчийн йоьIан Iаламат боккха кхиам бара иза, цкъачунна кхин лакхене ладуьйгIийла йоцуш. Амма шо далале йоьIан хьуьнар, кIорггера хаарш девзинчу Iилманчаша мехкадаьтта  даккхаран Соьлжа-ГIаларчу Iилманийн-талламан институте кхайкхина, балха дIайигира Ахмадова Хьава. Нийса хир дацара цуьнан кхиаран некъ атта хилла аьлча. 1975-чу шарахь дуьйна могIарерчу инженеран даржера дIайолаелла, цхьацца гIулч йоккхуш, 2000-гIа шо тIекхаччалц цхьана меттехь болх беш, йоккхачу лабараторийн куьйгалле кхочу  хьуьнаре зуда. Кхиаман массо тIегIа хьаналчу къинхьегамца доккху цо, шен са, дегI ца кхоош. 1994-чу шарахь дуьйна Ахмадова Хьавас хьехархочун болх бо Соьлжа-ГIаларчу мехкадаьтта даккхаран говзанчаш кечбечу институтехь. И данне дац Iилманехь беш хилла талламаш цо дIатесна бохург. Цуьнан хьекъал, хаарш, собар, доьналла тоьа и ши болх цхьаьна кхиамца дIакхехьа. Ма-дарра дийцича, ХХ-чу бIешеран чаккхенехь Хьавас  диссертаци тIечIагIъян кечамаш дIаболабо. Цу муьрехь кест-кеста зорбане юьйлу Ахмадова Хьаван Iилманан статьяш. Уьш хьекъалца, хааршца, йийцаре яьккхина тема йовзарца язйина хуьлу. Церан дукхахйолчеран мехалла хIинца а яйна яц. Хетарехь, цо хьалххе тIечIагIйина хир яра Iилманийн кандидатан диссертаци. Цунна мел оьшу кечамаш иза бина яьллера. Амма дагахь доцуш, вайн махкахь тIом болабелира. Нохчийчохь хьоькхуш Iожаллин дарц долуш Хьава цхьанхьа дехьа-сехьа яла ца гIоьртира. Цунна синтем хир бацара, гергарнаш цIахь битина, шен гIуллакх хьалха даьккхина араяьлча. Цул  сов, тIеман цIергахь богу Даймохк битина, стенга гIур яра?! Хьава иштта Iамийна ма яцара, шен оьздачу дас-нанас. Дерриге а нохчийн къомана ирча даьхкинчу тIеман деношкахь шен вежаршна, йишина гIортор  хилла чекхъелира Хьава. ТIеман луьра кхийсарш  нилха евлича балха ара-м елира иза.

2008-чу шарахь дара Ахмадова Хьавас технически Iилманийн кандидатан диссертаци тIечIагIйича. «Становление и развитие процесса виисбкрекинга тяжелого углеводородного сырья» яра цуьнан диссертацин тема.  Боккха кхиам бара нохчийн зудчо шен махкахь долчу маьIданийн таллам бина, Iилманан буха тIехь, цунах дош алар. Цкъа а дагахь ца хиллачу Iилманан кIоргене, кхиамийн лакхене нохчийн зуда кхачарна къеггина тоьшалла дара иза. Амма Хьава баьккхинчу толамах тоам бан дагахь яцара. Жимачохь дуьйна яра иза шена хьалха яккхий Iалашонаш хIиттош, уьш кхочушйина яллалц синтем боцуш. Технически Iилманийн кандидатан диссертаци тIечIагIъяр – иза цкъа мацах юьхьарлаьцначу Iалашонан юьхь бен яцара. Талламаш а, цаьрца боьзна Iилманан болх а кхин а дIабахьа дагахь яра Хьава. И талламаш цо цкъа а совцийна бацара. Иза хаддаза лехамашкахь яра. 30 шарахь сов Iилманехь болх бечу хенахь 400 сов публикаци йина цо. Иттех монографи язйина,  шен цIарах 4 патент ю. Ахмадова Хьава соавтор йолуш  мехкадаьттанца нефтехимица 86 таллам бина вайн махкахь. Кхин а дукха дара цо безаш бечу балхах а, цуьнан хьаналчу къинхьегамах а лаьцна дийца. Шен дерриге а дахар Iилманна дIаделла оцу оьздачу зудчо. Цунна къегина тоьшалла ду 2014-чу шеран 28-чу мартехь Ахмадова Хьавас тIечIагIйина технически  Iилманийн докторан диссертаци. «Становление и развитие отечественного процесса термического крекинга» яра цуьнан диссертацин тема.  Дуьненна вевза Iилманча, вайн лераме махкахо Хаджиев Саламбек вара Хьаван диссертацин Iилманан консультант.  Дукха хан яра Ахмадова Хьава цунна евза, йоьIан кхиамех иза воккхаве. Даима шен семачу тергонехь латтайора Саламбека  Iилманехь Хьавас йоху кхиамийн гIулчаш. Яхь йолчу муьлххачу нохчичо санна, даима дозалла дора Хьаван бIаьрлачу толамех. Технически Iилманийн  доктор, Соьлжерчу Ахмадов Хьамидан  йоI Хьава хьакъ ю вай массара а шех дозалла дан. Цуьнан хьанал къинхьегам тидаме эцна, Iедало  алссам совгIаташ дина Iилманчина. «Нохчийн Республикин Iилманан хьакъйолу гIуллакххо» сийлахь цIе лелош ю иза. 2006-чу шарахь вайн махкахь дIаяьхьначу «Тоьлла хьехархо» цIе йолчу конкурсехь толам баккхарна лауреатан диплом ду цунна делла. «За трудовое отличие» мидал елла. Оцу мехалчу совгIаташа тоьшалла до Ахмадова Хьаван корматалла лаккхарчу тIегIанехь хиларна. Iилманца доьзна цо шен  дахар. Ткъа и Iилма ша схьаяьллачу халкъана, махкана, беркатечу  хорша дерзийна цо, къоман яхь йолу йоI ша хиларе терра.

А. Газиева  

№18, еара, чиллин (февраль) беттан 18-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: